ТIекхочийла долу линкаш

Социолог: Къилбаседа Кавказерчу хьолах богу нах


Оьрсийчоь -- "Левада-Центран" директор Гудков Лев, Москох,14Деч2008, Маршо Радионан бюрохь.

Оьрсийчоь -- "Левада-Центран" директор Гудков Лев, Москох,14Деч2008, Маршо Радионан бюрохь.

Левада-Центро рогΙера талламаш дΙабаьхьна Оьрсийчоьнан бахархошлахь, цара Къилбаседа Кавказера хьал муха зуьй толлуш. 68 процентна хетарехь, кхераме ду цигахь Ιер-дахар. Хеттаршна жоп деллачу хΙора итт стагах ворхΙ тешна ву, яккхийчу гΙаланашкахь теракташ хила тарло муьлххачу а хенахь бохучух. Оцу а, и санначу а талламийн жамΙаш мел герга ду бакъдолчунна дийцира Левада-Центран директора Гудков Лева.


1600 стагах , «муха мах хадабо аш Къилбаседа Кавказерчу хьолан», бохучу хаттарна «гΙоьртина» я «эккха кийчча ду», жоп делла эзар сов стага. 74 проценто и хьал кеста хийцалур а дац, боху. Оццул нах бу, ша я шен гергарниг терактехь вала а сахьт дац, аьлла хеташ.

Оьрсийчохь и тайпа талламаш бечу центрех цхьайолучарах, уьш Кремлах йозуш а, цунна болх беш а хиларе терра, чекх са го бахархошна. Амма ю Ιедалх йозуш а йоцуш, и маршо боккхачу къийсамехь яьккхинчу талламчийн тоба - кхечу дуьнена дΙавахначу шен хьалхарчу куьйгалхочун Левада Юрийн цΙе лелош йолу Левада-Центр. Ялх шо ду цуьнан коьртехь социолог, политолог Гудков Лев волу.

МР: Социалехь хΙун бух болуш, муьлха политикан хьажарш долуш бу аш хеттарш дан схьакъастош болу сила йолчу Оьрсийчоьнан дог-ойла гойту нах?

Гудков: «Оха леррина къаста ца бо нах, социологин талламна коьрта ду и нах хаьржина цахилар. Бахархошца къестамаш а боцуш къамел даро ма гойту юккъера ойла, массарна я дукхахболчарна хетарг».

МР: Ткъа географи?

Гудков: «47 регион я 130 гергга хеттарш ден меттиг ю географи. Къаьмнех дерг аьлча, шатайпанарчу алгоритмаца пачхьалкхера гΙаланаш, юьрташ билгалйоху компьютеро, юьхьара эцна гΙаланаш, масала, каппашка йоькъу, цкъацкъа харжамхойн тептарш тΙера схьа а оьцу – иштта къастабо нах».

МР: Къилбаседа Кавказерчу хьолах лаьцна Оьрсийчоьнан бахархошка хеттарш дар даима а модехь, политикаша, журналисташа тидаме оьцуш ма дуй...

Гудков: «Оха и хеттамаш Нохчийчохь хьалхара тΙом болабелча а, и болабалале а, цигахь хьал талха доьлча дуьйна а бо. Иза нехан юкъара ойла ма юй. Олийла дац нах дуьззина и хьал девзаш бу а, амма церан бала кхочуш ю-кх и тематика. Иза, шакепара, бахархойн дагара хаа аьтто луш барометр ю».

МР: Кавказера хьал толлуш, аш шайн анкетехь хиттина нахе, цигара хьал гΙоьртина лаьтта аьлла хета шуна я чΙоггΙа телхина долуш лору аш, бохучу шина хаттарехь. Шинхьа а делла жоьпаш цхьаьна а тоьхна, нахана Кавказера хьал ирча го, олийла ду, дуй?

Гудков: «Оцу темин нехан мел бала бу хьаьжча, тоха а мега и ши жоп цхьаьна. Оцу шина хаттарна наха лучу жоьпийн динамика бут батте мел болу муха хийцало хьаьжча, дуккха а хΙуманаш гучудовлу вайна. Изза барометр санна ма бу оха бен болх, цхьа хаттар оха хенан йохалла юх-юха луш а нисло. Иза пачхьалкхана мехала хаттар хиларе терра ду-кх оха дийриг а».

МР: Статистикан центраш а ю-кх Оьрсийчохь кеп-кепара, Кремлана эшнна социологин терахьаш ло цара, олу нахалахь цхьаболучара. Левада-Центр мел хьоьжу Ιедалан бага?!

Гудков: «Цхьана а кепара ца хьоьжу. Тхан цхьа а зΙенаш а яц цуьнца. 2003-чу шарахь тхо хьаша Ιедал гΙорттарх, тхоьца цуьнан цхьа а уьйр яц, гергарло тхан а дац цуьнца. Ιедалхоша тхоьгара цхьа а болх а ца боьху, урхалла а ца до лакхара охьа, яц тхан ишттачех цхьа а зΙе!».

МР: Хеттамаш бар шашаха нисло шун я хьалххе кечйо аш бенболчу белхан чарх?

Гудков: «Шарахь, юкъара аьлча, 250 и тайпа талламаш бо оха. Цундела тхан Центрехь тайп-тайпана дакъош ду хеттамаш дΙахьош – йохк-эцарера хьелаш, культурах йолу ойланаш, хьан хΙун йоьшу, кхийолу а проблемаш толлу цара. Политиках дозу хеттарш кечдеш дакъа а ду. Дукха хьолахь тхаьш хΙиттадо оха хеттарш а».

МР: «Аш а, ВЦИОМо а, кхечу социологин центраша а цхьана пачхьалкхарчу бахархошка дешшехь талламна хеттарш, стенна нисло жамΙаш тΙех йоккха башхаллаш йолуш?

Гудков: « ВЦИОМах дерг аьлча, иза уггаре хьалха политтехнологийн хьукмат ю, цунах социологин талламаш бен центр ю а алалур дац соьга. Нехан дог-ойланна, иза гайтарехь, тхаьш дуккха а герга ду, аьлла хета суна. Цу тΙе, ахь динчу хаттаран хотΙе, маьΙанан басе хьаьжжина а ма ло наха жоьпаш. Ас тхайн талламех оьцу пайда, суна хаьа, мел богΙуш нисло бакъдолчуьнца кхечеран талламаш».

МР: Тхан ладогΙархоша тоьшаллаш а деш, Оьрсийчоьнан Дийнахь Соьлжа-ГΙала, гулам бестош, Нохчийчуьрчу школашкара бераш а, бюджетан хьукматашкара белхахой а, леххьош, ницкъаша бигира оцу бараме. Цул тΙаьхьа оьрсийн хаамийн гΙирсаша даржийра, нохчаша шаьш Москохна уггаре а мутΙахь къам дуйла гайтина оцу дийнахь, аьлла. И санна йолу моттаргΙанаш талла, Ιораяха охΙла дуй шу?

Гудков: «Тхан башхалла Оьрсийчуьрчу дерриг халкъан юкъара гΙайгΙанаш талларца ю. Доккха маьΙна долуш меттигашкара барамаш, хиламаш хилича а, хуьлда уьш Москох, тхо ца ларадо, халахеташ делахь а, дерриг тидамехь кхаба а, социологин талламаш кечбан а, дΙабахьа а.

Ахча хилча бен а ца дало иза. Масала, Москох нехан протестан дог-ойла зийра оха, иштта харж а еш. Амма даима а ца болу и аьтто. Карарчу хенахь Къилбаседа Кавказехь талламаш беш, хеттарш ду оха нахе деш, цигарчу пхеа республикехь, бахархойн хьал, дог-ойла, сатиймаш, кхерамаш, политикан хьелаш толлуш. Оцу талламан жамΙаш кийча хир ду аьхке чекхйоллуш».
XS
SM
MD
LG