ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Левада-Центран таллам: Нохчийчоь бовъяккха еза


Оьрсийчоь -- Социологин талламийн юкъараллин Левада-Центран неIарера у, 24Оха2013
Оьрсийчоь -- Социологин талламийн юкъараллин Левада-Центран неIарера у, 24Оха2013

Нохчийчоь дΙакъастон догΙий Оьрсийчоьнах, аьлла, ша бахархошка бинчу статистикан хаттаман жамΙаш довзийтина Левада-Центро. Цара гайтарехь, оьрсашлахь вуно доккха дакъа ду шайна бале даьлла аьлла хета къам бовдоккхийла лууш. И шатайпа бакъдерг довзийтарна Левада-Центр хΙинца емалйо Нохчийчуьрчу администрацино.




Нохчийчоьнан хьокъехь «Левада-центро» бина хаттам вуно чIогIа новкъабеъна, аьлча а, ца безабелла куьйгаллехь болучарна. Иза гойту Кадыров Рамзанан пресс-секретаран Каримов Iаьлвин дIахьедаро.

Цу центро Iорадаьхначу терахьашца, Оьрсийчуьра 24% бахархой реза бу Нохчийчоь дIакъастийта, шакъаьстина пачхьалкх хилийта. Статисташа таллам бина чекхбаьллачу беттан 6-10-чуй деношкахь Оьрсийчоьнан 45 кIоштехь. Хеттаршна жоьпаш делларг 1601 вахархо ву. Царех виъ бIе стагна кхаъ хир бу нагахь Нохчийчоь дIакъастахь. 27% наха аьлла шайна бен дIа а дац, ткъа 12% хетарехь, Нохчийчоь Оьрсийчоьнах дIакъаьстина хьал ду хIинцале а.

Левада-Центро хааме даьхначу терахьех Каримов Iаьлвис ишта дIахьедар гIардаьккхина. "И тайпа хеттарш хIиттор а, суна гергахь, зуламе ду. Схьагарехь Левада-Центран Iалашо ю Нохчийчоь а, нохчий а тешаме бац боху сурт а кхоьллина, и сурт Оьрсийчоьнан бахархойн кхетаме дижон. Оьрсийчохь тхан мохк уггаре а синтеме, цхьаьнаэшшара кхуьучу мехкех цхьаъ бу. Кхузара суна моттане а ца моьтту Оьрсийчоьнан бахархошлахь 24%-на бакълена а Нохчийчоь Оьрсийчоьнна юкъахь гойла лууш бац аьлла».

Керимовнчунах тера дIахьедарш хазадо массо тIегIанийн Iедалдайша. Шакъаьстина дало хьашто а йоцуш, церан къамелийн чулацам, вовшех тера богIуш, гергара бу. ХIуьттаренна, Нохчийчохь токхе дахар долуш новкъа хеташ, леррина ийден зуламе хIуманаш лору цара Левада-Центро хааме даьхна терахьаш.

Делахь а кIезиг бац статистийн талламаш бух болуш лорурш. Нагахь ишта хилам тергалбелча, нохчийн маттана маршо яла а гергга-м дера дара аьлла хета дуккхаъчу нохчашна.
XS
SM
MD
LG