ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Кавказера хьал дика ду аьлла хеташ дукха нах бу Оьрсийчохь


Нохчийчоь --Соьлж-ГIала, Дечк19, 2015

Нохчийчоь --Соьлж-ГIала, Дечк19, 2015

Оьрсийчура йозуш йоцучу талламан тобано, Левада-Центро бинчу талламца Къилбаседа Кавказера хьал тоделла аьлла хеташ бу ах сов Оьрсийчура бахархой. Кхин а алсам респонденташ бу Кадыров Рамзанах теша мегар ду аьлла хеташ.

Левада-Центро Къилбаседа Кавказера хьолаца боьзна шен таллам дIабаьхьна Оьрсийчурча масийтта регионехь Зазадоккху-беттан 20-23 деношкахь. Цу юкъаозийна хилла 1600 стаг. Цу талламца а догIуш, 54 процент бахархоша мах хадийна цу регионера хьал гIоза-декъал а, тийна а ду аьлла.

ХIара шо долалуш Дечкен-баттахь иштта ойла йолуш вара 44 процент респондент. Къилбаседа Кавказера хьал гIоьртина ду аьлла хеташ бу 30 процент Левада-Центран талламехь дакъалаьцна болу нах.

Ткъа вуно во а, эккха мегаш а хьал ду цу регионехь аьлла хеташ бац 3 процент респонденташ а бен. 13 процент дала жоп доцуш бисина.

ТIейогIучу заманах лаьцна аьлча, 22 процент нах тешна бу гергарчу цхьана шарахь Къилбаседа Кавказера хьал кхин а толур ду аьлла. 10 процентана хета иза чолхечу дера ду аьлла. Ткъа 54 процент бахархошна хетарехь, Къилбаседа Кавказера хьал кхин хийцалур дац. 14 процент нах дала жоп доцуш бисина.

Левада-Центро бинчу талламан цхьа дакъа хьажийна ду Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Цуьнан жамIаш а ду Кадыров реза хир волуш.

Иштта 55 процент респонденташа дIахьедар дина Кадыров Рамзанах теша мегар ду аьлла. Цу тайппа таллам беш цу кепара ойла йолучу нехан терахь 2006-чу шарахь дара 33 процент. 21 процент талламехь дакъалаьцначу нахана хета Кадыровх теша мегар дац аьлла. Кхин а 24 процент респонденташ дала жоп а доцуш бисина.

Кхин а масийтта терахь. Левада-Центро бинчу талламца, Кадыров Рамзан лоруш а, цуьнан цIе яьккхича дикачу агIор ойла кхоллалуш а бу 35 процент цу талламехь дакъалаьцна нах.

21-на процентан Кадыровх ала цхьа а вониг дац. 25 процент юккъера ойланаш йолуш бу цуьнах. Дала жоп доцуш бисина 8 процент респонденташ. Ткъа Кадыров Рамзанах цхьа а ала диканиг доцуш болу нах бац 7 процент а бен.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо хIинцале а дикачу агIора мах хадийна Левада-Центро бинчу цу талламан. Ша чIогIа реза хиларца тIеэцна, шех лаьцна бинчу талламан жамIаш, аьлла яздина Кадыровс шен Instagram-ра агIонехь.

Бадалов Руслан бакъонашларъярхо ву. Цуьнга хаьттира оха стенца доьзна ду Оьрсийчурча бахархошна хетарг аьлла.

Бадалов Руслан:

Баъконашларъярхочо Байсаев Iусамас а билгалдоккху Къилбаседа Кавазера хьал мелла а хийцаделла хилар. Бойучу нехан терахь лахделла, амма иза дац адамийн бакъонаш ларъярца доьзна хьал цу регионехь тоделла бохург аьлла хета цунна.

Байсаев Iусама:

Кхин цхьа хIума а ду. Левада-Центран белхахоша хетарехь, цара бинчу талламанна Iаткъам бинарг ду Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша юьхьарлаьцнарг. Украинера хиламаш бу Оьрсийчурча Iедалшна коьрта хетарш. Цундела Къилбаседа Кавказ жимма юьстах йисина кху тIаьхьарчу хенахь. Ткъа, хууш ма-хиллара, Оьрсийчоьнан юкъаралла чIогIа йозуш ю телевизионехула дуьйцучух.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG