ТIекхочийла долу линкаш

Кремлана уллехь кавказхойн хелхар дина оьрсийн мехкарша


Кремлана уллехь кавказхойн хелхар деш бу оьрсийн мехкарий.

Кремлана уллехь кавказхойн хелхар деш бу оьрсийн мехкарий.

Москохахь ЦIечу майданехь, къаьмнашна юккъахь барте кхойкхуш, кавказхойн хелхар дина оьрсийн юккъаралхоша. Интернетехь вовшахкхеттачу тобано дина иза. Полицимно цаьргахь хилла йолу плакат дIаяьккхина, царах оьрсийн цхьа кIант а дIалаьцнера. Шай и акци тIаьххьара яц аьлла тидам оцу тобанна декъашхоша.

Нисса 45 секунд бен ца ийшира, Москох ЦIечу майданехь кавказхойн хелхар дан йолаелла оьрсийн ши йоI, цигахь волчу полисхочуьнна ган. Сихачу боларца тIе а вахана, цу шингара, плакат схаьяьккхира цо. Амма, шовкъе яхана йолу и шиъ саца а дагахь яцара. Полисхочунна гонаш а бохуш, цунна хьалха бохь а бугIуш, ког шаршийра кавказхойн хелхерехула, къаьмнийн барт чIагIбан дагахь йолчу цу шиммо.

Пачхьалкхехь, нах болчу меттехь низамашца магийна доцу и хелхар, дехкар дика хIума ца хилар а, цу тIера ксенофоби яьржаш ю аьлла хета оцу шина йоIан. Лексина Маринас, ша и хелхар дан араяьлар, кхолладеллачу хьолан шен йолу доьхьалан акци ю аьлла гайтар ду элира, Маршо радиога йистхуьлуш.

Лексина Марина: «Суна доьххьара иза доьхьалонан акции яра. Суна кавказхойн хелхар дан хууш дац, амма, наггахь, сан «оьрсийн амало» доьху иза. ХIунда аьлча, и хелхар чIогIа хаз ду. Суна хаа, дукхачарна кху пачхьалкхехь хеташ далахь а, динца цхьа а уьйра йолуш дац иза. Амма, тамашийна ду, нехан коьрта чохь, и ши хIума мел дIаийна.

Суна иза цхьанна а тайпа кхеташ дац. Цхьа жимма ойла ма йиннехь, ша дерг шен-шен метте дIахутту. Нахана иза хаз ца хета. Цхьаммо бохург юха олу цара, буьрса хуьлу уьш. Суна ца хаа иза хIунда ду иштта. Цундела, со кавказхойн хелхар дан тахана араяьлар гайта лаар дар, цу юккъахь цхьа а тайпа во хIума доцийла, иза, юкъметтиган уьйра дIатаса лаар бен доцийла а».

Кавказхойн хелхар дан оьрсийн ши йоI, пачхьалкхан коьртачу майдане яьллера, карахь «суна деза кавказхойн хелхар» аьлла йоза долу плакат а долуш. Иза дукха сиха цу шингара дIадаьккхира полисхочо. Цу аьллачу дешнаша а цецъяьккхина шаьшшиъ, бохуш кхин дIа а дуьйцу Лексина Маринас.

Лексина Марина: « Нах гонахь дукха бацара. Тайп-тайпана тIеоьцура наха. Масла, берашна хазахетар иза. Уьш доьлуш дара. Баккхий берш, дукхачу хьолехь ца кхийтира. Цигахь хIоллам бара. Наха суьрташ догIуш дара цу меттехь.

Тхо цунна уллехь дара. Тхоьга дIахила а олура. Цул тIаьхьа полисхо тIевеара. Иза воцуш муха хира дара иза. Цунна кхийтира, иза жимма акции юьйла. Цо хаьттира соьга, хIунда лелош ду аш иза. Даздарш ду, самукъадаьлла ду, оха аьлча, ткъа хIара хIун ю аьлла, плакатан тIе хьаьжира иза.

Сан телефон чохь локхуш яра хелхаран эшар. Плакат соьгара дIаяьккхира. Полисхочо соьга хаьттира: «Шу оьрсийн хилчу, шун кавказхойн хелхар хIунда деш бу»,- аьлла. Шу хIун оьрсийн бу? Боккха кегар бу коьрта чохь. Оцу хIумно, чIогIа цец а воккху, иза халонга а долу».

Интернетехь кхайкхам а бина, социала машанехула кавказхойн хелхар дукха дезарш гулбинарг ю москохара журналист Кириленко Анастасия. Шай акцийн Iалашонех лаьцна иштта дуьйцу цо.

Кириленко Анастасия: «И акци доьххьара пайдехь ю оьрсишна а, церан кхетаман хьолана а. нагахь санна, кавказхойн хелхар мел деш верг, террорхо ву аьлла хеташ далахь, дукхачу воне кхочура ду вай, Оьрсийчоьнан имперехь. Иза хилийта ца лаьара.

Цундела, тхайга далуш дерг до. Иза ксенофобии хилла Iаш а яц. Дукхачу оьрсашна «кавказхойн хелхар» оллушехь, хIумма а оьшуш дац. Иза, низам дохор санна лору цара. Суна хетарехь, дуккха а бахьанаш ду цуьнан. Оьрсий, къовлабелла бу. Мелла ца хилча, хелха а ца бовлу. Кхузахь дуккха а факташ ю, гулъелла. Царна доьхьала къийсам латто беза».





Москохахь цIечу майданехь, хелхар дина масех стаг бен вацара. Царна юккъахь оьрсийн цхьа кIант а вара. Иза хелхар деш хилла аьлла, полицино дIалаьцнера. Дукха хье а ца луш иза мокъвалийтира.

Гарехь, оцу хелхарехь кавказхойх цхьаъ хиллехьарий иза иштта доьрзура а дацара. Дукха хан йоцуш, Ставрополь кIоштехь, урамехь хелхар дина аьлла, набахтехь яьккха цхьа шо хан а тоьхна чувоьллина ГIалгIайн махкара вахархо.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG