ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яздархошна гонорар яла декхаре бу...хьехархой


Нохчийчоь - 10 тептарахь хIоттийна йолу Нохчийн Фолклор
Нохчийчоь - 10 тептарахь хIоттийна йолу Нохчийн Фолклор

Хьехархо шен чоьтах декхаре ву школера библиотека юза. Ишттаниг хезча гΙаттаме бевр бара Европан муьлххачу а пачхьалкхера хьехархой а, кхиболу бахархой а. Ткъа, алссам баланаш лайна волчу Нохчийчуьрчу хьехархошна дан мегаш ду билиотекаш шайн чоьтах юза аьлла омра. Бегаше а доцуш, и кампани ю Ιедало махкахь дΙахьош.




Школашкахь дешархой а, хьехархой а дукха-кIезиг хиларе хьаьжжина, эша ма-ийшши пайда эцийта, нохчийн маттахь язйина исбаьхьаллин ирташ тIехь йолу жарганаш кхачийна ишколашкарчу библиотекашка. Масала, 30-35 хьехархо бен воцчу жимачу ишколе еънарш 16-17 эзар соьман меха киншкаш ю. Нагахь школа дешархой а, хьехархой а дукха а болуш йоккха елахь, кхачийна жарганаш а ю алсам.

Бакъдерг аьлча, уьш мехаза а ца луш, царех шайн ахчанаш сецадарна цхьаболу хьехархой реза бац. Цара кхеторехь, иза Нохчийчохь бен хила йиш хIума ду, лаахь а, ца лаахь а, киншкаш эцийтар.

Хьехархойн гонехь оццул резабацарийн гIовгIа яьккхинарг хIу жайнеш-жарганаш ю хьажа со кхечира цхьана школе, Яха цIе йолу зуда коьртехь йолчу жаргате. Цигахь тхойшиннан къамел ишта хилира.

Маршо Радио: ...Сацахьа латта. Рашидов Шаид. Поэзин гулар. Школе а еана, тIе ца дожийча дIаоьцур йоцуш яра хIорш?

Яха: "Деладахь ца хаьа суна-м".

Маршо Радио: Хьажал, "Орфографин дошам" ю, Джамалханов Зайнди. "Айдамиров Абузар. Дахар а,кхолларалла а». Айдамирова Машар язйина. ХIара а ю. «Иллеш, шира дийцарш, назманаш, кицанаш, хIетал-металш». ХIара-м дика хир ю-хьуна. ХIоттийнарг Джамлханов Зайнди, Хатуев Iабдул-Хьамид, Уциев Абу. Iаламат мехала хIума ю хIара, гарехь. Лаахь а, ца лаахь хIорш эцар тIедожийна-кх хьехархошна?

Яха: «Эша ма- ийшши куьйга кIел хир ю-кх аьлла, тIедожийна. Школа йоккха хилча, цуьнан йоккхалле хьаьжжина, дIаоьцуьйту киншкаш. ХIара керла Iедал дIахIоьттичхьана дуьйна оьцуьйту иштта. Кхушара дуьххьара дац. Суна-м нохчийн маттахь киншкаш дукха мел хили а хаза хетта. Стена аьлча, бераша нохчийн маттахь туьйранаш а, дийцарш а тIехь дерш юх-юха а йоьшу».

Школашка еъначу киншкех шайн ахча сецорна цхьаболу хьехархой чIогIа «яппарш» еш а болуш, Яхас царна хуьлучу зенах ишта элира.

Яха: «16 эзар сом аьлча дукха хета. Хьехархошна декъа воьлча, 300-400 сом бен ца кхочу цхьанна. Хьехархочунна шена а доккха накъосталла ма ду кху чохь исбаьхьаллин литература хилар».

Схьагучу суьртехь, кестлагIа сацор долчух тера дац кхузахь школашка а, кхечу доьшийлашка а оцу кепара исбаьхьаьллин ирташ тIехь долу жарганаш кхачор а, уьш хьехархошка «шайн лаамехь» эцийтар а.
XS
SM
MD
LG