ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Литвиненко Вер Толлуш Британерчу Iедалша Лохуш ву Ковтун


Оьрсийчоь-- Бизнесхо Ковтун Дмитрий зорбанан конференцехь Москох, 31Стиг2007
Оьрсийчоь-- Бизнесхо Ковтун Дмитрий зорбанан конференцехь Москох, 31Стиг2007

Британерачу прокуратурано язйиначу ордерца Ковтун Дмитрий мичхьа а велахь а, иза волчу пачхьалкхахь лаца везаш ву. Литвиненко вийна пхи шо сов хан яьллачул тIаьхьа дуьненаюкъарчу ницкъашца лаха волийна волу оьрсийн бизнесхо Ковтун хIетахь Германехь вехаш вара шен доьзалца.



Полоний 210 цIе йолчу дIаьвшаца вевзаш волу Путин Владимиран дуьхьалонча Литвиненко вийначултIаьхьа гучуделира Ковтун Дмитрий Луговой Андрейца цхьана Литвиненкоца иза веле жимма хьалха Лондонехь цхьанакхетта хилла хилар.

ХIетахь Литвиненко верна декъа хилла бохучу шеконашца немцойн Iедалхоша талла болийра Ковтунан леламаш а, цуьнан зIенаш а.

ХIамбургехь Ковтунан хIусамнана хилла зуда ехачу хIусамехь лехамаш дIабаьхьанчу полицина цу чохь полонийн ларш карийра. Ткъа иштта Ковтунан стунненан хIусамехь а, Ковтуна Германехь лелийначу машен чохь а карийна изза ларш.

Ша Ковтун и хIума гIарадалале ведда Оьрсийчу дIавахана хIетахь дуьйна кхин Германе веана вац, хаамийн гIирсашкахула ша мичча а хенахь Германе тоьшаллаш дан ван кийча ву аьлла дIахьедар дар бен. Ткъа немцойн прокуратуро бехк-талламан гIуллакх схьадиллинера Ковтунан дуьхьала. Амма цултIаьхьа дукха хан ялале и гIуллакх тийна-таьIна дIакъевлира.

Цхьаболчу талламхошна хетарехь масех бутт баьлча оьрсийн хIетахьлера президент Путин Владимир Германе варца доьзна хила там бара меттигерачу прокуратурано и гIуллакх юхадаккхар.

ХIинца эххар а Британерачу Iедалхоша юхалиста долийна Литвиненко верца доьзна долу гIуллакх. Цара дуьненаюкъарчу лахаме велла Ковтун Дмитрий. Ша Ковтуна журналисташка бинчу хаамца, Британерачу прокуратуро иза лацаре а, цуьнан экстрадици яре а кхайкхам бина оьрсийн Iедалшка.

Нагахь санна ша цхьанха Европехь гучувалахь ша оцу сохьта лоцур волуш а, Британина дIалур волуш а ву, бохуш, вара иза шен оьрсийн журналисташца хиллачу къамелехь.

Бакъду, Ковтун Оьрсийчохь мел ву иза я лацарна а, я Британе дIаваларна а кхерам бац. ХIунда аьлча, цулхьалха Британерчу Iедалша Литвиненко верна бехке а вина, дIавоьхуш волу Луговой Андрей а дIа ца велира Оьрсийнчоьнан Iедалша.

Оьрсийчоьнан конституцица кхечу пачхьалкхашна Оьрсийчоьнан бахархой дIабалар дихкина ду, аьлла. Британхоша зуламхо лоруш волу Луговой Литвиненко вийначултIаьхьа Оьрсийчохь жоьпалле-м муххале а ца озийра, цо мелхо а, цул тIаьхьа кхиамен карьера йина. Карарчу хенахь иза Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат ву.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG