ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аштаркхнехь полисхошна тIелатар динчу нохчочун гергаргниш толлуш бу


Russia, Astrakhan - Locator Map
Russia, Astrakhan - Locator Map

Кху Оханан-беттан 4-чуй, 6-чуй деношкахь тIаьхьий-хьалхий шозза, шиъ вен а вуьйш, кхаанна чевнаш а еш, низамхошна тIелатар дичахьана а ладегIамехь бехаш бу Идал хица Iуьллучу Аштаркхан кIоштехь беха вайнах. Цунна бахьана ду зуламхойн тобанна юкъахь Кукулаев Рамзанний,Солтамурадов Рамзанний шиъ нохчо хилар.И хьалхарниг, 21 шо долу Кукулаев дукха хена дуьйна а шен деца, ненаца Аштаркхнехь вехаш а, цигахь кхиъна а ву. Нохчий юкъахь болчу цу тобана полисхошна герзаца тIелатар дина хилар чIагIдо цигахь болх-некъ карийна бехачу вайнаха. Цу хьокъехь масийттанца а къамел дича гучудаьлларг хIара ду. Цкъачунна шайга бохуш хIума цахиларх, цигахь нисделлачу вер-ваккхарх а, и бахьнехь кхоллабеллачу ладегIамах а дуьйцуш ву Аштаркх гIалахь жижиг духкучу декъехь болх беш волу жима стаг Мохьмад.

Мохьмад: “Цкъачунна тхойга схьабохуш хIума-м дац. Ярташкахь хIун ду-м ца хаьа, кху гIалахь долчу тхойга –м ца аьлла, кхана хиндергга-м хаац. Нохчийн кIант шиъ хилла,цхьаъ цIерий,шолгIаниг кхузахь оха бапбайка олучу меттехь Iаш хилла. Цуьнан гергарнаш а бу кхуззахь. Суна вевзаш вацара. Сингаттам баьккхи цо шен цIерачарна а.”

Бабаевн цIарахчу урамах а ваьлла, Волгоград аIгор боьдучу некъаца, Аштаркхан гIалин йистехь шиъ вен а вуьйш, полисхошна динчу тIелатар доьзна вонна а, диканна а цкъачунна шайга бохуш хIумма а дац боху, цу меттигна дукха гена йоцуш Нариманован кIоштехь, Реча олучу эвлахь ехачу Луизас.

Луиза: “Кхин нохчашка схьааьлла хIума-м дац. Да лаьцна дIавигна боху. Дукха хена дуьйна а кхузахь Iаш бу уьш. Бехке хилла-м боху массара а. Сийсара юха а тIелетта хилла. Сийссарехь герз дIасадетташ, вийна и нохчо, бисинарш,ведда кхоъ Iуьйранна байина. И кхо полисхо гIагI диллина бедарш бахьнехь бисначух тера ду дийна.Уьш дарабанан цIийнехь бу боху. Оцу Бабайка олучу куьпахь,цхьа гобаьккхина эрз баьлла тесна лаьттачу цIа чохь левчкъина Iаш хилла-кх уьш. ДIабаьхначеран декъий схьаделла ца делла ала-м хаац суна…”

Аштаркх гIалина ткъех чакхарма гергахь, 30 шарахь сов даьхний кхиош къахьоьгуш ву Сайтаев Ихван. Шайна вуно чIогIа халонга даьлла боху цо юкъахь нохчий болчу зуламхоша бехк боцу цIийIанор. Цуо дийцарехь цуьнан хIусамехь мосуьйттаза хилла а ву Кукулаев Рамзанан да Куьйра.

Ихван: “Цу вийначуьнан кIентан да ву суна вевзаш. Вайгахь хилла а ву мосуьйттаза. ЧIогIа бакъхьа стаг ву. Вайнаха а, кхечара а массара а къобалла-м муххале а ца до, мелхо а цхьабосса наьIалт кхайкхош хIума ду цара динарг. Цхьа а бух а, бохь а боцуш зулам ма ду иза. Хаза бертахь, цхьамма а бохуш хIума а доцуш, дехаш ма дара тхо кхузахь. Герз бахьана долуш цара вийна ши кIант а дика вуьйцу бахархоша. Ши тапча ю-кх цаьргара яьккхинарг. ХIинцца кхоьллина доьзалш а бу кегий нах ма бу уьш а. Таксахо вен а гIоьртина уьш. ТIаьхьо гучудаьлла и дийна хилар. Да верг, ваша верг дIавуьгур ву дера! Делахь а бартхаттам бар доцург царна ца богIу ницкъ бийр бу аьлла ца хета тхуна кхузахь. Вон цIе-м яккхийти цара».

Аштаркх гIалахь нисделлачу вер-ваккхарх дийцина Ихван а, кхиберш а ала хIуьттуш бац ши нохчо декъашхо а волуш, цIий Iанош герзаца тохарш дина тоба, Шема пачхьалкхехь къизалла гойтуш чекхйолучу ДаIишан куьйга кIел хилла я ца хилла. Цигахь бехачу берриш бохург санна вайнаха оцу куьг бехкечеран хьокъехь олуш дерг цхьаъ ду- царна шаьш лоьхург карийна, Iедало бехк боцуш тIеIаткъам бен болчу церан гергарчеран ду-кх къа.

XS
SM
MD
LG