ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Литвиненко верах лаьцна документаш довзийтина Лондонан кхело


Иванов Виктор, 23Лахь2007
Иванов Виктор, 23Лахь2007

Лондонан сийлахь кхело зорбане даьхна ФСБ-н белхахо хилла Литвиненко Александр вер толлуш гулдина документаш. Царна юкъахь ю карарчу хенахь накотикашна тIехь Iуналла дечу Оьрсийчоьнан федералан сервисан куьйгалхочуьнан, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран уллера накъост лоручу Иванов Викторан досье.

Къайлах йолу Иванов Викторан доьсе Литвиненко Алекександран дехарца Британерчу TIton компанина кечйина хилла КГБ-н полковник хиллачу Швец Юрийс 2006-чу шеран Гезгмашин-баттахь. TIton-ан хиллачу куьйгалхочо Эттью Дина Лондонан сийлахь кхелехь динчу тоьшаллашца, и доьсе бахьана долуш вийна хила мегаш ву Литвиненко.

ХIунда аьлча Иванов сийсаз веш кечйина информаци бахьана долуш юкъахъялла хилла Ивановс хьалха тоьттуш хилла дуккха а миллиардаш мах болу пачхьалкхан контракт.

Досьена тIехь дуьйцуш ду Иванов Виктор юххера юкъаметтигаш лелош хилла хиларх лаьцна «Тамбовра зуламхойн тоба» олучу тобанан хьалханчаца Кумарин Владимирца.

Ивановс накъосталла а деш, Кумарина шен куьйгакъелла эцна хилла Петарбухера хIордан порт. Цул тIаьхьа цу портехула контрабандан сурсаташ санна Европе кхоьхьуш хилла Колумбера наркотикаш.

Досьен авторна хетарехь, Иванов Виктора «Тамбовра зуламан тобанца" лелош йолчу юкъаметтигашна урхалла деш хилла карарчу хенахь Оьрсийчоьнан президент волу Путин Владимир.

Досье ерзош хьехар ду делла, кхечу пачхьалкхашкарчу бизнесхошна цхьана а кепара Иванов Викторца цхьа а гIуллакх лело мегар дац аьлла.

Ша Ивановс и досье шех кхоьллина эладитт ду аьлла дIахьедар динера иза Лондонерчу кхелехь гучуьялча. Цунна хетарехь, цу кепара доьсе а кечйина, Путинна атака ян гIоьртина малхбузера политикан элиташ а, церан леррина сервисаш а.

Литвиненко Александр зарратан полоний олу дIовш малийна хилар бахьана долуш велира Лондонехь 2006-чу шарахь Лахьан-беттан 23-чу дийнахь. Британин полицина хетарехь, иза верна бехке ву Оьрсийчура ФСБ-н белхахо хилла, карарчу хенахь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат Луговой Андрей а, бизнесхо Ковтун Дмитрий а.

XS
SM
MD
LG