ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

 Дубайра къовсадаларшка ца йитина Кадыровн говраш


Дубайра говрийн божал.
Дубайра говрийн божал.

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан говрийн мах бу 6 миллион доллар. Кадыровна дуьхьал санкцеш кхайкхор бахьана долуш масийтта шо ду уьш Чехерчу божалахь латтон, хаам бо novostiua.net сайто.

Цо дагадоуьйту 2014-чу шарахь Евроберто санкцеш юкъаяьхна хилар Нохчийчоьнан лидерна дуьхьал. И бахьана долуш, масийтта шо ду цуьнан хIу дика долу ши айгIар а, хохкуш йолу кхо говр а Чехера араяккха аьтто боцуш цигахь латтон.

Говрашлелорхочо Шавуевс дийцарехь, Кадыров ахча дарах синтем байна вац. Цунна ца товш дерг ду «таIзар ловш» говраш хилар, яздо novostiua.net ​сайто.

Дубайхь говраш хохкуш (Зазадоккху-беттан 25-чу дийнахь) юкъадиллина ду 30 миллион доллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG