ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун хилла Тимбуктура дезачу жайнех?


Мали -- мах боцу, деза язорш ду Тимбуктун библиотекехь гайта дехкина, 1997
Мали -- мах боцу, деза язорш ду Тимбуктун библиотекехь гайта дехкина, 1997

ХIокху дуьнентIехь йолчех уггар дукха исламан динах лаьцна жайнаш гулделла меттиг яра бIеннаш шерашкахь Тимбукту-гIала. Амма тахана кхерам баьржина и мах боцу йозанаш шаьш бовдуш, исламисташ ду шаьш бохучу, тIемалоша хIаллакдина хиларна. Маршо радион корреспонденто Фруд Бежана къамел дира цу хьокъехь Кейп Таунан университетехь Тимбуктун йозанийн проекташкахула эксперт волчу Нобили Мауроца. Цершиннан къамел гочдина Умарова Аминас.


Маршо радио: Исламах лаьцна яздинчу йозанийн коллекци хIаллакьйина бохучух лаьцна тIаьххьара хаам муьлханиг бу?

Нобили Мауро: (Йохийна) боху хаам тIечIагIбина бац. Тимбуктура догIуш долу суьрташ гина тхуна, амма 8 де дIадели тхайн Тимбуктура зIенаш тхуна кара ца ен. Ур-атталла, йохийна ю бохучу Ахьмад Баба институтера талламхой а Бамакохь бу. Царца къамел дан аьтто баьлла тхан, амма царна а ца хаьа Тимбуктухь боккъалла а хилачух лаьцна.

Тхуна гина, бакъдерг аьлча, цхьадолчу, хIаллакдинчу документийн суьрташ. Амма цхьаьнне а – цигахь (библиотекехь) болх беш хиллачарах – чу а вахана, динчу зене а хьаьжна а, хIун-ду, мила-ду, аладелла дац. Ур-атталла SkyNews телевизионо гайтинчу видеон тIехь а, Ахьмад Баба институтехь болх беш ву аьлла, журналистаца гайтина стаг а, цу чухула туристаш лелийна гид ву. Цигара кхочу хаамаш нийсса бIостанехьа бу.

ХьастагIа вай дешна, цхьадолу деза жайнаш дагийна ду, аьлла. Ткъа меттигерчу Iуьйранан хаамашкахь иза харцдо. Оцу центрера дIадаьхьна боху уьш. Цу хIуманна тIаьхьакхиа хала ду.

Мали -- Ахьмад Баба центрехь дагийна деза йозанаш меттахIиттон гIерташ бу нах, 29Деч2013
Мали -- Ахьмад Баба центрехь дагийна деза йозанаш меттахIиттон гIерташ бу нах, 29Деч2013
Маршо радио: Деза жайнаш хIаллакдина бохург, боккха бохам санна буьйцу дукхах болчара.
Тимбуктухь йолчу центрехь дерш хIун жайнаш дара? Мел маьIна долуш ду уьш?

Нобили Мауро: Нагахь санна и деза жайнаш хIаллакдина хилар тIечIагIдахь, Африкан Малхбузенан истори тIепаза яйна бохург хир ду. Ахьмад Баба институтехь долу, я мел лаххара а хилла долу 20,000 деза йоза, уггар тIаьхьара динчу хьесапца, ша йолчу Тимбуктухь долчу дезачу йозанийн пхиалгIа дакъа ду. Цундела, и хаам тIечIагIбахь, дера иза боккха бохам ма бу.

Царах масех йозийн бен дац, уьш яздина долу хан хууш. Царах дуккха а, ма-оьшшу – кехат а, йоза яздеш лелийна шекъа а теллина ца хиларе терра, уьш маца яздина ду хаа атта дац. Амма наха чIагIдарехь и йозанаш 14-гIа, 15-гIа бIешерашкара а, ур-атталла, 13-чу бIешерера а ду. Наггахь, тIехь хан хIоттийнарш, уьш 17-гIа, 18-гIа а бIешерашкара ду.

Мали -- Тимбуктура исламан центрехь долу деза йозанаш, 02Сти2010
Мали -- Тимбуктура исламан центрехь долу деза йозанаш, 02Сти2010
Массо тайпа йозанаш ду Ахьмад Баба институтехь – меттигерчу исторех лаьцна, дуьненан исторех лаьцна. Исламан литературин хазна а ю цигахь. Бакъонаш, низамаш долу йозанаш, йохка-эцаран документаш, иштта, мехкийн куьйгалхоша дIа-схьа яздина кехаташ а ду. Бес-бесара документаш бу. Хьуна дага мел йогIун йолчу документацин тайпа ду цигахь.

Маршо радио: КъорIанан йозанаш дагорах лаьцна хIумма а хезний хьуна?

Нобили Мауро: Боккъалла а аьлча, Iовдала хIума хир дара иза. Цигахь хила тарло тIемалоша тIе ца дуьтучу Суфизмаца доьзна йозанаш. Амма бакъ хир долчух тера дац КIуръанан йозанаш я Ахьмад Бабахь йолчу литературех дукхах ерг, цара ягийна бохург. Суна а хууш, дуьххьара хилла ду хIара (тIемалой Тимбуктухь долчу деза йозанашна тIекхевдина бохург).

Ур-атталла, Тимбукту дIалаьцна хиллачу Ансар Динас а (Малирчу исламистийн фракцех дIакъаьстина волчу) гайтинера шаьш деза йозанаш лардеш долу суьрташ. Шаьш а саготту бохура цо, мах боцу йозанаш лардарна. Деза йозанаш лардархой санна гайта лууш бара уьш шаьш. Цхьа кIира хьалха-м дара иза ишта.

Маршо радио: Тимбуктухь и деза йозанаш бIеннаш шерашкахь лаьттинера. Мехаза йозанаш лардан Iалашонца меттигерчу Iедалша а, бахархоша а хIун дина?
Цхьацца хаамаш баьржина, деза йозанаш долахь латточу коллекционераша уьш дечиган тIорказашна чу а лечкъош, гIум-аренгахь а, хьеханашкахь а дIалечкъийна, бохуш.

Нобили Мауро: И институт Къилба Африкан Iедалийн институташца цхьанаболх бинчул тIаьхьа кхоьллина яра. Керла Ахьмад Баба институт дуьненаюкъарчу, мехала хIума ларъяран стандарташца йина а, белхахошца Iамораш дIадаьхьна а яра. Къилба Африкера нах Тимбукту богIура ларъяран хаарш лакхадаха. Амма цхьадолу йозанаш, наха шайн долахь латтош дерш, уьш вуно вуочу хьолехь ду. Йозанех шайх лаьцна аьлча, историн йозанийн феномен 1990-чу шерашкахь йолаелла.

Мали -- Тимбукту 1853 шарахь. Цигахь леллачу Германера суртдиллархочо Барт Генриха диллина сурт
Мали -- Тимбукту 1853 шарахь. Цигахь леллачу Германера суртдиллархочо Барт Генриха диллина сурт
Башха дукха тидам ца бора хIетталц Малхбузе Африкерчу литературина. Цунах кхолладелла сурт муха дара аьлча, Африкан йозанан култура йоцу хьесап дара. Африка, барткхоллараллин култура йолчу пачхьалкхех лаьтта сурт дара. Амма 1990-чу шарахь дуьйна дуккха ахча, проекташ, дерриг дуьнентIера алссам нах а Тимбуктуну тIебирзира.

Маршо радио: Тимбуктура деза йозанаш доцурш, Малийн тIемалоша Iалашоне лаьцна културин маьIна долуш кхин хIун ю? Африкан пачхьалкхашкахь исламан културин мехала хIума хIалакьйина кхин муьлха масалш ду?

Нобили Мауро: Тимбуктухь дукха Суфийн шира кешнаш дохийна цара. Мали гIаттамхоша лаьцчхьана дуьйна дукха еза, безачу нехан меттигаш йохийна цара. Динан цIарах лелачу экстремисташа изза проблемаш йина Сомалихь а. Каддафи вохийначул тIаьхьа Ливехь а зенаш дина. Тунисера деза кешнаш дохон а хьаьвсинера. Иштта, салафи-ойла йолу боламаш болчехь хуьлуш дерг ду-кх иза. И деза кешнаш хIаллакдарна кхерам болуш ду.

Ислам динехь маьIне меттиг лаьцначу нахана доьгIна ду уьш. Динехь, шаьш кешнаша йоккха меттиг ца лацахь а, уьш беза нах лоруш берш царна тIе оьху. Фундаменталисташца йоьзначу проблемех цхьаъ ю иза – Далла Iамал ярна метта оцу наха и безанаш базбеш хан йойуш ларар.
XS
SM
MD
LG