ТIекхочийла долу линкаш

Хийцаделла нохчийн юкъараллехь зуда ялорца а, маре яхарца а, цу хиламна кечам барца а доьзна долу гIиллакхаш а, Iадаташ а.

ХIинцачул ткъех шо хьалха зуда ялийча, иза цхьанхьа гергарчу нахех я доттагI волчехь йоссош Iадат дара нохчашлахь лелаш. Зуда йоссош берш уггаре а тешаме а, хьомсара а нах хуьлура, хIунда аьлча нислора, зуда цуьнан гергарнаш реза боцуш я царна ца хоуьйтуш ядийна, я ша къайлаха араяьлла ялийна.

ТIаккха цуьнан нах хиллачух кхетта, орцах бевлча, хила тарлора уьш иза дIаяккха гIорта я цара и зуда шайна тIейоссийначу хIусамдайшкара жоп дехар. Амма иза хилла а ца Iаш, зуда шайна тIейоссийначара мелла а зенаш дан дезаш а хуьлура, хан йайъа а, шайна цунах мел хало хилахь а, дагара ца гойтуш, нускалан хьашташка хьовса а.

Амма дукха хан ю нохчашлахь хьенехагIаьрга зуда йоссийна аьлла ца хеза. Стенца доьзна ду-те и хIума, хIун бахьанаш ду-те и шира оьзда Iадат вайнахана юккъера дIадаран бахьана? Хетарех, иза заманан чехкалла лакхаяларца доьзна хила мега бохуш дуьйцу вуонехь-диканехь лелаш волчу Соьлжа-гIаларчу Хасбулатов Iумара.

Хьалха зуда йоссийча, юха иза гучуйаккхале кIира долура, цу юкъана шинна а агIонан гергара нах вовшашца зIене бовла, там-мах, урдунна луш дерг а, той дарна болу кечамаш а – массо а хIума дерзадора. Ткъа ша нускал, керлачу гергарчу наханца эвхьаза а йоцуш, ша йоссийначеран кхерчахь Iара.

Хасбулатов Iумар: „Суна схьахетарехь, хIара дуьне а, Iалам а хийцаделла хIинца. Нахана деза а дезаш, гIиллакхца а, оьзденгаллийца а долуш Iадат дара иза, нахана юккъехь эвхьазло ца хилийтархьама лелош. Кегийчу наха и зудбер хаза шайна уггаре а гергарчу нехан хIусмехь досса а дой, цуьнан нахана тIе нах бохуьйтура, иштта хIара гергарло хилла вайна юккъехь олий.

Дехьа а, сехьа а аьлла а, дийцина а даллалца, той дарна кечам бина а баллалца и йоI, шен цIахь санна эвхьаза, новкъа -нацкъар хIума а доцуш, ша йоссийначийн хIусамехь Iен йиш яра. ХIинца санна машенаш ма яцара хIетахь дукха, кхечу юрта дIахаийта вахар цхьа кечам безаш хIума дара. И ша йоссийначеран хIусам цунна цхьа ша-тайпа массо а хIума дIадирзина даллалца иза эвхьазлонах ларйеш йолу гарант санна яра“.

Iумарас дийцарехь, вайн заманахь адамаш вуно чехка даха девлла, церан хан яц, нускал цхьана кIиранахь цхьанхьа доссийна латтон, иза сихха гучудоккху, ткъа нускал доссон хIусам хьалха уггаре а гергарчу доттагIан я йиша-вешин кхерч хиллехь, тахана нускал ресторанехь доссош ду. Ткъа ресторан даима хилла вайнахалахь мелла а эвхьазлонца цхьаьна йоьзна.

Цундела дуй-те, тIаьхьарчу хенахь нохчийн синкъерамашкахь, дукхахьолахь оццу ресторанашкахь дIахьочу, хелха долучу зудаберана тIе а юьдуш, божарша кара ахчанаш теIор, ткъа важа, буьйнахь къуьйлуш ахчанаш а долуш, кхин дIа а хелхарехь шершар? Хасбулатов Iумарс дага луьйцу, хьалха заманчохь марел динчу йоIа-кIантана синкъераме гулбеллачара ахчанаш тоссуш хилар, амма ца кхийдадора уьш хелха буьйлучаьрга, синкъерамехь тхьамдалла дIахьочуьнга лора, хьенех я минех йоккхур яра ас олий.

Хасбулатов Iумар: „Вай дIадохадале хилла ду я Казахстанехь юккъе даьлла ду ца хаа суна билгала ала, амма цу хенахь йоI-кIант вовшах кхетча, синкъераме гулбеллачара цаьрца гIолоцура, ахча тассарца. Синкъерамехь коьрте хаавой цхьа инарла ву олий, къонах хуьлура, тхьамда а хуьлура къепе ларйеш.

ТIаккха халхавала луучу кIанта инарле я тхьамде хоттура, хьенех я минех йоккхур яра ша олий, цу хIуманна шена пурба „оьцура“ цуо, ахча а тоссий. „Инарлас“ а, тхьамдано синкъераман кеп ларйора, хаза хьехар-дилар а дора кегийчарна, забаре хIумнаш а дуьйцура, муьста хIумнаш а дуьйцура. ХIинца санна ахчанаш ирах кхуьйсуш я каратеIош дацара хIетахь. ХIинца кегийчарна уьш хIун ду а ца хаа“.

Хасбулатов Iумарс дуьйцурш дIаевллачу заманийн Iадаташ ду, ткха вайн заманахь вайн вешан бIаьргашна ган а гуш, тергал дан а йиш йолуш, хийцалуш ду марелаш лелоран я царна кечамаш баран Iадаташ. Иштта, масала, йоI маре яха кечйар хIинца дийначу хазаллин индустрияне дирзина нохчашлахь. Цу индустрияхь болх беш ю ша шех визажист олуш йолу Сайханова Зарема, нохчийн маттахь яьлча юхь тIе басарш хьекхархо. Цуо дуьйцу, маре доьдучу зудберан юхь-кедиг кечйарх лаьцна.

Сайханова Зарема: „ХIинца тIаьхьарчу шерашкахь шуьйра даьржина Нохчийчохь, йоI маре йоьдуш визажисте кечйайтар. Хьалха иштта дацара, амма хIинца чIогIа моде баьлла и болх. Иза санехь буйла а хууш, дукха бу зударшна юккъехь шаьш визажисташ ду бохуш берш. Ткъа зудберашна муьлх-муьлхачу визажистана тIедаха ца лаьа, цIеяххана а кхечара дика юьйцуш йолчунна тIе бен“.

Нускал кечдале

Нускал кечдале

Сайханова Зарема щен балхах дуьйцуш ладоьгIча хетало, иза цхьана генарчу дуьнентIехь, цхьана Голливудехь я мел кIезга а Рублевка некъаца бехачаьрца болх беш йолуш санна.

Ткъа суна хаа луург, аьр вай, хир со, ХьенехагIера заббари цIе йолу йоI ЧIожи-кIотарахь ехаш йолу, сайначул кечйала сатессина.

Нускал кечдинчул тIаьхьа

Нускал кечдинчул тIаьхьа

Ас мичахь муха лаха еза цу сайн ЧIожи-кIотарахь хьо санна йолу визажист? Заремас дуьйцу, муха мичахь.

Сайханова Зарема: „Инстаграмм чохь шортта зудабераш хуьлу, шаьш моделаш бу бохуш, масех эзар стаг церан агIонашка хьоьжуш. ТIаккха визажисташ и зудабераш мехаза кечдо, басарш хьокхуш. Юха цара шайн агIонашна тIехь цу визажистана реклама йо, хьенехо йина шена макияж олий. Ткъа церан агIонашка буьйлуш болчу мехкаршна а лаьа тIаккха, шаьш а оццу визажисте кечдайта. Уьш цуьнан кхечу белхашка хьовсу, царна юккъехь шайна хазахеташ йолу макияжан тайпа схьа а лохий, шений-шений ишттаниг йе олу.

Хаза нускал

Хаза нускал

Иштта дIасадаьржа визажистан сий. Макияжан тайп-тайпана мехаш бу, уггаре а аттачун, дийнахь лелочун, 1500 – 2000 сом мах бу. Суьйренан макияж деха цкъоцкъамаш а летош йо, цунах 2000 сов я алсамох доьху. Ткъа маре доьду нускал кечдерг 8000 – 10000 сом доьху, нагахь санна визажист нускал долче дIайодахь. Нагахь санна нускал ша визажистан салоне схьадогIуш хилахь 5-6 эзар сом доьху. Цул совнаха, цу нускалан доттагIий а, иза дIаэцна йоьдуш йолу цуьнан йиша я шича а ма хуьлу кечйала лууш, царна а йо тIаккха нускална йина а ца Iаш макияж“.

Лакхахь хьахийнарш хилла ца Iа нохчийн юкъараллехь зуда ялорца я маре яхарца доьзна хийцадделларш я керла юккъедевлла Iадаташ. Зуда ялон тохавеллачу кIантана а, цуьнан гергарчарна а евлла цхьацца керла моданаш. Амма иза цхьана кхечу къамелан тема ю, къаьстина ца дийцича, дийцина а вер воцуш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG