ТIекхочийла долу линкаш

Хьан говр тоьллачех юй?


Нохчийн меттан де даздечу дийнахь Кадыров Рамзан ву оьрсийн "Волга" машенахь, Соьлж-гIала, 25Оха2010

Нохчийн меттан де даздечу дийнахь Кадыров Рамзан ву оьрсийн "Волга" машенахь, Соьлж-гIала, 25Оха2010

Дукха хан йоццуш, Къилбаседа Кавказерчу стоьлан дайн тIех дукха машенаш ю Iедалан чоьтах лелош, аьлла, Оьрсийчоьнан Финансийн Министраллин куьйгалхочо Силуанов Антона Iедалан кхеташонехь динчу дIахьедарна жоп делла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. «Дуккха шерашкахь шира машенашна тIехь лела стоьлан дай. Цундела уьш дукха йолу сурт ду,» аьлла. Оццу хенахь, Къилбаседа Кавказера хьал тидамехь латточу экспертийн хьесапехь, цигарчу Iедалдайшна гIенах ца гина, Москох а, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара хьаькамаша шайн хьашташна дойъу бюджетера ахчанаш.

Къилбаседа Федералан Го кхиоран Iедалан комиссин кхеташонехь вистхуьлуш Оьрсийчоьнан Финансийн министро Силуанов Антона дийцира, цу кIоштехь бэджетан экономи ян еза, иза Iедалан белхахойн чотах ян а еза, бохуш.

Силуановн хьесапехь, Къилбаседа Кавказехь Iаламат дукха бу стоьлан дай, ткъа церан белхан эвсаралла лахара ю. Иштта, царца цхьаьна дукха сиха стамлуш ю, цара Iедалан чотах лелочу машенийн парк. «Ткъа чемпион, кхеташ ма-хиллара, Нохчийн Республика ю,» аьллера министро.

Цунна жоп луш, Нохчийчоьнан премьер-министрца Эдельгериев Абубакарца хиллачу цхьаьнакхетарехь республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцира, стоьлан дайн балансехь машенаш тIех дукха хиларца Нохчийчоь хIунда къаьста.

«Еххачу хенахь» шира машенаш Iедалн чотера дIайойъуш ца хилла Нохчийчохь. Цундела ду, нохчийн Iедалан белхахошна тIе язъйинчу машенийн терахь оццул лекха."

Финансийн министро Силуанов Антона бахарехь, Оьрсийчохь долу хьал дуьстича, нохчийн стоьлан дайн машенаш 4,5 сов ю. Кхечу дешнашца аьлча, берриг Къилбаседа Федералан Го схьаэцча, цигахь Iедалхоша лелочу машенийн ах Нохчийчохь ю. И гIуллакх юьхьарлаьцна, Нохчийчоьнца йолчу агIора ахчанаш кхоош хIума дан бахьана дуйла хаийтира оьрсийн финансийн министро.
Цкъачунна хууш дац, Оьрсийчоьнан Iедалан дан дагахь долчух лаьцна.

Оьрсийн хаамийн гIирсаша дуьйцу Оьрсийчоьнан Федерацин президентан гIуллакхаш дIакхоьхьучу хьакаьмна тIе а тевжаш, Iедалан машенаш хийцар хIора а кIоштехь башха ду, бохуш. Ткъа «Газета.ру» агенталлица къамел динчу эксперто дийцина, Советан пачхьалкх йолчу хенахь, хьаькамаша лелийна хилла машенаш дIа ца йохкара, шайл а лахара болчу Iедалан белхахошка дIалора. ХIора урхаллин шен билгалъяьккхина хан, Iедалан машен хийцаран. Кхаа-пхеа шарахь лелийначул тIаьхьа я 400,000 чаккхарма некъ бина машен юхку, цуьнан метта керланиг оьцу, бохуш. Цо дийцарехь, юкъара кеп юьллийла дац. Оьрсийчура тайп-тайпана кIошташкахь тайп-тайпана хенан хIоттам а, башха некъаш а бу.

Цул сов, Оьрсийчоьнан Федерацин президентан гIуллакхаш дIакхоьхьучу хьакаьмо дийцина, машен муьлха тайпа хила еза бохург а, иза оьцучу кIошто ша къастаош ду хьаькаман дарже хьаьжжина, бохуш.

Хаттар кхоллало, маса машен ю Нохчийчохь Iедалан чотах лелош? Цу хаттарна жоп доцуш ду.

Амма, интернетехь лехча вуно дукха карор ду, Кадыров Рамзан тIехь лелош йолчу бIеннаш машенийн суьрташ а, видеош а. Youtube тIехь хьажа таро йолчу видеошна тIехь гуш ду, некъан шоралла мел ю, дуьхьал йогIу машенаш къехкош, республикан куьйгалхочуьн машенийн ковра йогIуш.
Кадыровн гараж чохь Mercedes-Benz S 600 Pullman Guard машен а ю. И тайпа машен ю оьрсийн президент Путин Владимир лелош ерг а. Ткъа Кадыровн гIарол, лукс ларалучу Porsche Cayenne а, Mercedes Gelandewagen а машенаш лелош ду.

Бакъду, Кадыровн долахь йолу машенаш ша-ерриш а яц Оьрсийчоьнан бюджетера ахчанех эцна. Цхьаерш иза винчу денца декъал веш я, кхечу билгалчу хиламашна тIе а йоьгIна, елла ю.
Оьрсийн хаамийн гIирсаша даладо, Нохчийчохь езачу машенашка болчу безамах лаьцна Iедалан лоьмаршца а, чиркахашца а лелачу машенех лаьцна хаамаш вовшахтуху проектан авторан Галинович Дмитрийн дешнаш.

Галиновичана хетарехь, хьалха заманахь Нохчийчохь говранца вустуш хилла къонах. Цуьнан тоьллачех говр елахь, иза лоруш хилла. ХIинца а гIиллакх дехаш ду боху цуо. Хьо тоьлин чохь Iаш велахь а, ахьа хоьхкуш ерг «Мерседес» машен елахь, Къилбаседа Кавказехь стаг лору, бохуш дийцина цо Газета.ру агенталле.

Хаац, и тайпа ойла нийса хеташ маса кавказхо карор ву. Амма Къилбаседа Кавказера хьал тидамехь латточу шайх, кавказхойх лаьттачу эксепрташа кхин дуьйцу.


Вачагаев Майрбек - историк, эксперт

Вачагаев Майрбек - историк, эксперт

​Францехь вехачу историкана Вачагаев Майрбекана хетарехь, Къилбаседа Кавказехь бюджетан ахчана къола до, Москохана муьтIахь болчу, амма, шайн къаьмнашна тIехь ницкъ латточу Iедалдайша.

Делахь а, коьртаниг иза дац. Дика шена тидам озон дезаш дерг, Оьрсийчура хьаькамаша лечкъочу ахчанийн барам, инзара лекхара бу. Цундела, шайна реза йоцчу электоратан тидам юха-юха а Къилбаседа Кавказана тIебохуьйту Москохарчу Iедалша, бохуш дийцира Вачагевс.

Вачагаев: «Кхузахь цхаьъ садаIа воьдучу хенахь коьрта хаттар хIун ду аьлча "гIазакхий боцу курорт юй шун?" олий хотту. Цу хьола тIе даьлла ду дуьнентIехь долу адам. Дуьне мел ду дIасабаьржина бу уьш.

Суна хIокху Францехь схьагучу суьртаца Ниццехь, Каннашкахь, Марселехь ша верриг гIазакхий ву. Уьш Кавказера бевдда баьхкина бац. Москохара, Питерерий бу. Изза Испани гIазакхех йоьттина ю. ХIурдаца йолу дукхах йолу меттигаш цара дIаэцна. Уьш Кавказера бевдда бахана бу цига? Дера бац. Шайн Россиера бахана бу.

Иза лачкъорхьамма дуьйцуш ду иза. ТIаккха могIарерчу нахана ца го СердюковгIар, Олимпикан комитето лечкъош долу ахчанаш ца го царна. Цара ца гойту кхузара Ниццехь, Каннашкахь, хIурдан йистехула маситта эзар (хьоладайша) гIазакхаша схьаэцна долу деза латтанаш. Францехь вехачу цхьаннега ца эцало уьш (деза хиларна). ГIайренаш цхьаьна схьа а эцна, бехаш нах бу уьш. ГIазакхий бу уьш. Уьш гучубевр бу, цара уьш ца дийцахь"
XS
SM
MD
LG