ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчохь санна, Ιедалан рицкъа ца дуу хьаькамаша Европехь


Нохчийчоь -- Интернетехула, Кадыров Рамзанан ду аьлла, даьржина цIийнан сурт.

Нохчийчоь -- Интернетехула, Кадыров Рамзанан ду аьлла, даьржина цIийнан сурт.

Францехь хΙинцца паччахь ваьлла, аьлча а, президент хаьржина волу Олланд Франсуа реза ца хилла шена йогΙуш йолчу Ιедалан хΙусамашка, ваха охьаха а. Цо шена а, шен доьзална а чΙогΙа тов, бохура, Парижера шайн долара петар. Немцойн канцлер Меркель Ангела ша йоьду туькана кхача а, бедарш а эца. Ткъа Австрера министраш вилспеташкахь боьлху балха.


Цхьана денна хилла а, президент хила везара-кх, аьлла сатийсам хIора а беран хилла хир бу, аьлла хета. Шена луург эца йиш хир ма яра, шена луург лело, шена ма тов сакъера, таронах таро ян а ца гIерташ, я кхоаме хила а ца дезаш. Наг-нагахь и сатийсам, дахарехь тамашаш нислуш хиларх терра, кхочуш а хуьлу, бераллехь ца хиллахь а.

ТIаккха цхьаццаболчу президенташа, шаьш кегий долчу хенахь шаьш мел хьегна, амма шайн цкъа а хила йиш ю аьлла ца хетта долу ловзарш леладо. Цхьаммо кема айдо, танк чохь хахкало, хи буха волий, ширачу заманахьлера кхаба хьалайоккху.

Вукхо инзаре йоккха гIап ютту шена, тоьллачу дойх лаьтташ йолу рема оьцу, киношчохь жима волуш шена хаза хетта-хетта волу артист оьцу, цхьана -шинна денна шен самукъадаккха, я дийна цхьа дуьнентIехь цкъа мацах, ша жима волчу хенахь, тоьлла хиллачу футболхойн тоба ялайо шеца, цкъа карчийна а, буьрка карчорхьама.

Амма и санна болу бераллера сатийсамаш, президентан дарже ма кхаьчча, кхочуш бан я Оьрсийчохь вина хила веза, я - оьрсийн олаллийна кIелахь болчу цхьана махкахь. Я - гуттар а „бананийн республикаш“ шайх олучу Африкерчу цхьана пачхьалкхахь.

Европехь президентан дарже валарх я министралле кхачарх и кхочушдалур дац. Я, аьлча а, кхочушдан дагадогIур дац. Кхузахь президент я министр – иза муьлххачу, могIарерчу болхбархочо Iедална луш йолчу ясакхах алапа а оьцуш, цу болхбархойн чоьтах кхобуш волу белхахо ву. Цуьнга хьажжина хуьлу цуьнан леламаш а, цуьнга хьаьжжина могIарерчу наха цуьнгара доьхуш долу жоьпалла а. Шаьш хьакамаш а цуьнга хьаьжжина ларло, шайгара сонта амалш ца гайта гIерташ.

Дукха хан йоццуш Германе дарба еанчу цхьана нохчийн зудчунна Берлинера коьртачех цхьа урам, Унтер ден Линден, машенаш дIасалеларна дIакъевлина карийнера, гIашлой бен дIаса ца лоьлуьйтуш. МаьI-маьIнехь и къепе ларъян дIахIиттина полисхой а болуш.

„Ва-а, Меркелан кортеж хир ю хьуна кхузахь тIехйолуш, хьажийтахь вайша“, - аьллера цо шена уллерчу гочдархочуьнга, немцойн канцлерх бIаьрг кхета мегар-кх шена бохучу сатийсамца. Мел цецъялла хиллера иза, некъ дIакъовлар канцлер дIасалеларца доьзна дац, и бахьана долуш некъ Германехь цкъа а къовлуш бац, цу дийнахь Берлинехь марафон ян арабевлла эзарнаш нах хиларна къевлина бу и некъ, аьлла шена хезча!

Дела денна аьлча санна, сахьташкахь „хьенехан кортеж ю тIехъяла езаш“, „минехан девешин йоIан марден ваша ву схьакхача везаш“, я царех террачу бахьанашца Соьлжа-гIалахь некъаш къийла Iеминчарна дан а ду кхета хала, сила йолчу пачхьалкхан куьйгалхо йоьду-йогIуш некъ ца къовлу бохучух.

Австрерчу Грац-гIалахь лоьран болх беш йолчу Лайлаа Маршо Радионе дийцира, ша цу махкахь йоккхучу хенахь, цкъа а цхьанна а хьакаман машенийн кортежаш дIасахехкалуш шена ца гина бохуш.

Лайлаъ: „Кортеж-м цкъа а ца гинера суна. Министарех дерг аьлча, кхузахь цхьаъ министр ву я могIарера къинхьегамхо ву къаьстар а дац. Цкъа стохка лоьрийн конференце яхнера со. Кхоьссина догIучу догIанехула, тIе цхьа оба санна йолу киленкин хIума а оьллина, вилспетахь хаьхкина схьавеара тхан могашаллин министр, хаза вист а хилла, шен вилспетахь дIа а вахара. Я кортеж а, я ха а кхеран хуьлу олуш суна хезза а-м дац. ХIорш, министрш а тIаьхьа, метро чохь дIасалела, шайн машенашкахь а ца лелаш“.

Бакъдолуш, пачхьалкхан лаккхарчу гIентийн дай вислпеташца лелар кест-кеста го Европехь. Иштта цхьанна а дага ца догIу, меттигерчу президентийн я канцлерийн суьрташ я урамашкахь а, я хIусамашкахь а дIадетта.

„Ванах, шу кхузахь президент ван а вац, цхьанхьа цуьнан сурт ма дац гуш?“, - аьлла, хаьттинера Брюсселе еънчу цхьана кхечу нохчийчо меттигехь ехачу шен гергарчу стаге. Цунна кхета хала дара, нагахь санна цхьана Европерчу пачхьалкхан куьйгалхочунна шен я шен гергарчийн суьрташца меттигерчу гIалийн урамаш хаздан дагадеача, иза я, мел тIаьхьа а, рогIерчу харжмашкахь шен даржах вухур вара, я цуьнга цуьнан гоно а, меттигерчу бахархоша а дукха сиха дIахоуьйтур дара, ша хьенан чоьтах вехаш ву.

Австрерачу Грац-гIалин коьртачу лоьрийн цIийнахь болх беш йолчу Лайлаа шена цхьаннен а кабинет чохь гина дац, бохуш, дуьйцу меттигерчу хьаькамийн суьрташ пенах кхозуш.

Лайлаъ: „Сайн балха тIехь хилла ца Iаш, кхечу тайп-тайпанчу белхан меттигашкахь дукха хилла со. Амма цкъа а цхьанхьаа хьалатоьхна президентан сурт суна гина дац. Тхан тхайн-м муххале а дацара иза. Тхан балха тIехь хIора а белхалочо шен стоьла тIехь дIахIиттийна шен берийн суьрташ ду-кх“.

Маршо Радионо, шу махкарчу канцлеран берийн а, цуьнан йиша-вешин а сибаташ девзий хьуна, аьлла, хаьттича, гIеххьачул йоьхнера Лайлаъ.

Лайлаъ: „Делдахь, хIинцалц схьа цкъаа гина-м дац. Я сайна уьш ган деза аьлла хеташ а ма яц. Канцлеран йиша-вешин хьовха, ур-атталла цуьнан шен юхь-сибат муха ду а-м ца хаьа суна“.

Масех шо хьалха доллучу дуьнентIехь а шуьйра даьржира немцойн канцлеран Меркель Ангелин цхьа сурт. Сочехь хIетахьлерачу оьрсийн президентаца Медведев Дмитрийца саммитехь дакъа а лаьцна, Германе юхакхаьчна йолу иза, аэропортера йоьдуш лаьтташехь цхьан Берлинерачу сурсатийн туькана дIахьаьвзинера, суьйранна шен чохь пхьор кечдан хIума эца.

Саммитехь официалан суьрташ дохучу хенахь, шена тIехь хилла йолу можа пиджак а йолуш, кассехь лаьттачу цуьнан цхьана меттигерчу вахархочо сурт даькхинера. Нагахь санна, Германехь интернет лелорхоша и сурт иштта цхьа могIарера хIума долуш санна тIеэцнехь, Оьрсийчуьрчу интернетлелорхоша баккхий къийсамаш дIабаьхьира, иза иштта хила йиш яц, и сурт фотомонтаж ю, бохуш.

Цу къийсамаша гойту, могIарерчу бахархошна шайн президент я канцлер ша шен куьйгашца туькана сурсаташ эца яхана хила йиш яц, аьлла хетачу пачхаьлкашкахь куьйгалхой нехан рицкъа шайн доладаккхарехь комаьрша хилар а башха тамашийна доцийла.

Бакъдолчуьн дуьхьа ала догIу, Европехь а нисло, пачхьалкхан чоьтах ког хецна баха лууш болу президенташ. Францин президент хилла волчу Саркози Николяс, масала, ца кхоадора шен а, шен доьзалан а хьашташна ясакхъялархойн рицкъ. Иза президент волчу муьрехь, Елисейн майданахь иза Iаш хилла волу хIусам кхабарна йолу пачхьалкхан харжаш кхозза сов лакхаевллера. Цундела цунна францхоша рогIерчу харжамашкахь цунна кхин шайн кхаьжнаш а, цаьрца цхьана кхин дIа Iедалан рицкъ даа бакъо а ца елира.
XS
SM
MD
LG