ТIекхочийла долу линкаш

"Магас" валлалц набахтехь латто сацам бина кхело


Оьрсийчоь -- Тазиев Iела Ростох т1еман кхелан хьалха, 15ГIад2013

Оьрсийчоь -- Тазиев Iела Ростох т1еман кхелан хьалха, 15ГIад2013

Валлалц набахтехь кхаба кхачийна «Кавказ»-Имаратан куьйгалхо Умаров Доккин гонехь тIеман амир лаьттинчу Тазиев Iелина Ростоврчу Къилбаседа Кавказан тIеман кхело.

Къилбаседа Кавказерчу тIеман суьдехь кхел кхайкх йолийна «Магас» цIе лелош хиллачу ГIалгIайчура тIемалочунна Тазиев Iелийна. Цунна бехке дуьллуш ду дуккха а луьра зуламаш дар, шайна юкъахь иттаннаш нах байар а долуш. Хаамийн агенталлаш дийцарехь кхел текст лаьтташ ю 330 агIонах. Кхин дIа дуьйцу Шамаев Руслана.

Ростох Къилбаседа Кавказерчу кхелехь суьдан кхеташо дIайолаялале кхерамазаллан гIулчаш ехира Iедалша кхел хуьлучу меттигана гонаха. Тазиев Iелин а, цуьнан адвокатан а дехарца "Магасан" гIуллакх дийцаре дан долийна къевлинчу рожехь. Суьдан векало бинчу хаамца пачхьалкхан цIарах бехкбиллархочо дийхира суьдхошка и велла дIаваллалц набахте хьажавахьара аьлла.

Цу юккъехула «Коммерсант» газето хьалхо хаам бира, прокуроро дехнарг "Магасана" луьрча хьелашкахь колонехь даккха 25 шо тохар ду аьлла. Цу газето чIагIдарехь, 2010-чу шарахь ша схьалаьцначул тIаьхьа Тазиев Iела реза хилира талламхоша бохург а дина царца цхьана болх бан. Цул сов, "Магаса" прокурорца барт бира таллам бале ша динарг дийца.

Интерфакс-агенталло чIагIдарехь, "Магаса" дIайийцина йолчу информацино гIо дира ницкъаллин структурашна Къилбаседа Кавказехь тIемалошна дуьхьал цхьамогIа кхиаме операцеш дIаяхьа а, ткъа иштта дина долу дуккха а зуламаш Iора даха а. Амма иза леррина бех ван дина ду Iедалша аьлла хета цу регионера хьал дика девзуш болчу эксперташна.

Хьалхо Тазиев Iелин адвокат волчу Кучин Романа цу хьокъехь дIахьедар дира, "Магас" шех къинхетам баре сатесна ву, амма талламхошца цо цхьа барт бина бохург бакъ дац аьлла.

Низамаш лардечу органаша чIагIдарехь, Тазиев Iела юххера накъост хилла «Кавказ Имарат» кхоьллинчу Умаров Доккин. Талламхоша кечдинчу кехаташца, 1999-чу шеран гурахь Соьлж-ГIалахь иза дIакхетта хилла Урданера Нохчийчу тIом бан веанчу Абу Аль-Валидан тобанах.

Инарлан прокуратуро дийцарехь, 2007-чу шарахь ГIадужу-баттахь Умаров Доккас тIеман тоба кхуллу, «Кавказан Имарат» цIе а йолуш. Цу тобан Iалашо хуьлу, Кълбаседа Кавказ Оьрсийчоьнах дIа а къастийна, цу территори тIехь йозуш йоцу шарI лела пачхьалкх кхоллар.

Цу тайпа пачхьалкх кхолла Умаровн а, цуьнан накъостийн дезара и территори ницкъаца Оьрсийчоьнера дIаяккха. И кхочуш дича хуьлуш дара нуцкъала Оьрсийчоьнан конституцин кеп йохор а, цу территори тIехь Оьрсийчоьнан низмаш длелор сацор а, иштта дIа кхин а.

Умаров Доккин сацамца "Кавказ Имарата"н тIеман ницкъийн тIеман амир хIоттийра Тазиев Iела. Цуьнан декхар дара тIеман операцеш кечъяр а, уьш кхочуш яр а, тIеман операцешкахь дакъалаца нах кечбар а, ткъа ишта цу гIуллакхана оьшуш долу ахча-бохка латтор а, аьлла ду Оьрсийчоьнан инарлан прокуратуран кехаташ тIехь.
Каваказан Имаратан Iалашонка кхача Тезиевс кхоьллина масийтта тIемалойн тоба.

2010-чу шарахь ша дIалацале талламхоша дийцарехь, цу стага дуккха а зуламаш дина. Иштта 2004-чу шарахь, цо дакъа а лоцуш, тIемалоша тIелатар дира Несар-гIалийна. Цигахь вийра 77 стаг, царах 55 меттигерчу ницкъаллин структурийн белхахой а, эскархой а бара. Кхин а 100 гергга стаг чевнаш йина вара.

Байинчарна юкъахь вара ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран декхарш кхочуш деш волу Костоев Абукар а, цуьнан когаметта Катиев Зяудин а, Несаран прокурор Бузуртанов Мухарбек а.

Герз латто меттигаш дIалацар бахьана долуш тIелатар динчара шайца дIаяьхьира I эзар 200 масатоп а, тапча а, кхин долу герз а, 70 эзар патарма а. ТIемалоша герз диттина а, ягийна а хIаллакйинера гIишлош а, машенаш а, кхин болу гIирс а.

Кхин а 5 шо даьлча 2009-чу шеран Мангал-беттан 22-чу дийнахь ГIалгIайчоьнан президентана Евкуров Юнус-Бекана тIелатар дира Дзортов Рустан коьртехь волчу тобано. Талламхоша дийцарехь, и къело кечйинарг вара Тазиев Iела.

Цул сов, "Магасана" бехке дуьллуш ду кхин а ши тIелатар дар - 2009-чу шарахь 25 стаг а вуьш, 140 стагана чевнаш а еш Несарарчу милицин декъана а, 2007-чу шарахь Невинномыскехь некъахойн автобусна а. Цу чохь эккхийтар а дина вийра 3 стаг.

ХIара материал кечйинчул тIаьхьа хаам кхечира, валлалц набахтехь кхаба кхачийна «Кавказ»-Имаратан куьйгалхо Умаров Доккин гонехь тIеман амир лаьттинчу Тазиев Iелина Ростоврчу Къилбаседа Кавказан тIеман кхело аьлла.
XS
SM
MD
LG