ТIекхочийла долу линкаш

13.15 хенаца Ирчи Казакан урамерчу базарх яьлла цIе дIаяйъина. Деа сахьтехь сов яьгначу цIаро хIаллакйина базар ерриг а санна, хаамбо "Кавказ.Реалиин" корреспонденто.

Кхочучу информацица, карарчу муьрехь цIеяйархой хиш детташ, йоьхна конструкцеш дIасайохуш бу. Лазийна стагга а вац, дIахьедина цара.

Муьлхачу бахьанийца цIеялла цкъачунна ца хиина. Тахана санитаран де дара базарахь, цунделла ца хилла гергахь нах а.

Амма гонах тоъал хи латтош хьоста яцарна, хала яйина цIе, луларчу Гамидовн урамера кхехьа дехна хи.

XS
SM
MD
LG