ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политковскаян цIарах совгIат делла Малалина


Политковская Аннин цIарах долу совгIат луш церемони хилла Лондонехь. Иза делла 16-тта шо долчу Пакистанерчу йоIана Юсуфзай Малалина. 2012-чу шарахь цунна тIелатар динера тIалибаша. Цара юьхтIе герз тоьхнера цунна, амма йоI дийна йисира.

Малалас къуьйсург дара Пакистанехь божарийн санна йоIарийн а деша бакъо хилар. Малала Юсуфзай шен 11-тта шо долуш дуьйна Би Би Си-на дуьйцуш яра, Сват олучу кIоштIахь шайн дахарх лаьцна.

ТIалибаша лелочу харцонех лаьцна а дийцинера цо. Карарчу хенахь иза доьшуш ю Британерчу Бирмингемехь. Политковская цIарах совгIат кхоьллинарг ю «Reach all women in war» «ТIом боьдуш хIора зудчунна тIекхачар» цIе йолу Iедалех йозуш йоцу вовшахтохаралла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG