ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жимачу Малалин майра дахар


Iамерка, Нью-Йорк -- Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Инарлин Ассамблеяхь Урданан паччахьан зуда АбдуллахI Рания ю Малала Юсуфзайна адамийн бакъонаш ларъярехула долу совгIат дIалуш.
Iамерка, Нью-Йорк -- Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Инарлин Ассамблеяхь Урданан паччахьан зуда АбдуллахI Рания ю Малала Юсуфзайна адамийн бакъонаш ларъярехула долу совгIат дIалуш.

Пакистанехь зудаберийн деша аьтто хилийта а, зударийн бакъонаш ларъяйта а гIертарца дерриг а дуьненна евзаш ю Малала Юсуфзай. Шо хьалха тIалибаш герз диттира цунна, школера цIа йогIуш. Шен дахарх лаьцна Малала Юсуфзайс дийцира Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь.

2009-гIа шо долалуш Пакистанера талибаш тIемаш беш бара Исламабадана къилбаседехьара Сват цIе йолу тогIи шайн карахь латто гIерташ. Цу наха цигарчу бахархошна дихкинчу хIуманашна юкъахь дара зудабераш школе лелар.

Цу синтем боцучу хенахь 11-шо долу Малала Юсуфзай ехаш яра цу меттиган коьртачу гIалахь Мингорехь. Иза лелаш йолу школа дIачIаьгIнера, амма иза къийса йолалелира шен деша йолу бакъо.

Журналист волчу Какар Iабдул-Ханан дехарца Малалас, шена псевдоним а эцна, ВВС-ехь корпорацина хьажийна урду маттахь дневник лелон йолийра тIалибашна къеллахь долчу шайн дахарх лаьцна. Цуьнан блог ингалс матте яккха йолийча шуьйра евзаш йолу йоI хилира цуьнах.

Карарчу хенахь Ингалс-махкахь Бирмингемехь ехачу Малалас Маршо Радион корреспондентана Хай Iабдулана интервью елира, шен дахарх лаьцна.

Малала: «Сайн чохь хиина Iаш яра со, тхан дас соьга хьайн дневник телефонехула лело аьтто хир бу хьан олуш. Аса элира, иза доккха хIума хир дара суна аьлла. Сан аьтто хир бара Сватехь бехачу дешархошна хIоьттинчу хьолах лаьцна хетарг дийца.... Со лор хила лууш ю».

ВВС-ехь Малалас дневник лелор дIадирзича, New York Times дийцира тIалибаш зудаберашка доьшуьйтуш ца хиларх а, зударийн бакъонаш талхош хиларх а лаьцна. 2011-чу шарахь хиира ВСС-на хуьлуш дерг дуьйцуш хилларг Малала хилла хилар. Цуьнцана кхерам а беара цуьнан дахаре.

Малала: «2012-гIа шо долалуш духхьара кхерамаш тийсира суна. Сан да-нана синтем байна дара, шайн берашна цхьаъ дан мегара аьлла. ЧIогIа кхераделла дара и шиъ, амма цара соьга ца хаийтира хIумма а. Уьш со ларъян гIерташ бара. Сан дас элира соьга, ларъяла еза аьлла».

2012-чу шеран ГIадужу-беттан 9-чу дийнахь бохам иккхира. Мингора-гIалахь цхьана буткъачу урамехь Малала шен накъосташца школера цIа йогIуш , тIалибо тIелатар дира цунна. Иза хилале хьалха даго хьехнера шена цхьаъ хила мега аьлла, бохуш дуьйцу Малалас.

Малала: «Иза хилале хьалха суна дагатеснера цу урамехула школера цIа йогIуш, я цIера школе йоьдуш цхьана стага, я тIалибо герз тоха мегара суна аьлла. Иза хилахь аса эр ду цуьнга, схьавола герз тоха суна, амма аса доьхург ду сайга дешийтар, хьан берашка а дешийтар.

Оццу хенахь аса ойла йора, аса мача тухур ю цунна бохуш. ТIаккха аса элира сайга, ахьа цунна мача тухуш хилча, хIун башхалла ю хьуна а, тIалибашна а юкъахь, аьлла».

Малалина герз туьйхира иза школерчу дешархошца школерчу машенна тIехь йолуш. Цхьа дендарг коьртах, важа лагах кхетнера цунна. Яй чевнаш йинера кхин а шина йоIана.

Малала: «ТIеххьара суна дагадогIург ду вашис Османа школан машен латор. Цул тIаьхьа хилларг дага ца догIу суна».

БукъдаьIкана уллехь сецна дендарг дIайоккхуш вуно хала операцеш йира Малалина. Цуьнан хье бистича, сакхт ца хилийт коьртан даьIахк дIаяккха дийзира лоьрийн.

Сватехь сихха оьшуш долу гIо динчул тIаьхьа Малала дIайигира цкъа дуьххьара Пешеварерчу, цул т1аьхьа Исламабадерчу эскархойн хIоспитале. Шена герз тоьхначул тIаьхьа уггаре а хьалха сихха кхетамчу ян гIерташ яра ша бохуш дуьйцу цо.

Малала: «Пхеа дийнахь сов кхетамчу ян гIиртира со. Оцу хеначохь сайга, хьо елла бохура аса. Амма хьо елла хилча, хьо коша чохь хIунда яц, хьоьга хаттарш деш дерш маликаш хIунда дац, бохуш хеттара аса сайга. Со наб еш яцара. Со кхетам чохь яцара, амма ойланаш ялора соьга. ЧIогIа хала дара сан дагна, метта ян гIерта».

Пакистанехь а, дерриг а дуьненахь а адамаш Малалина гIортор еш дара. Зударий а, мехкарий а шайн бакъонаш къуьйсуш болчу ОвхIанистанехь а, Непалехь а дийнахь а, буса а Деле доьхуш доIанаш дора, иза тоялийта ахьа бохуш.

Пакистанехь а, дерриг а дуьненахь а адамаш Малалина гIортор еш дара. Зударий а, мехкарий а шайн бакъонаш къуьйсуш болчу ОвхIанистанехь а, Непалехь а дийнахь а, буса а Деле иза йоьхуш доIанаш дора наха.

Малалина жимма гIоле хиллачул тIаьхьа иза кхин дIа дарба дан йигира Ингалс-махкарчу Бирмингеме. ХIинца цуьнан сингаттам боьзна бара шен доьзалан кхолламца.

Малала: «Лор тIевеача хIоразза аса дехара, къолум а, кехат а дохьуш, лор-йиша яийтахьара ахьа олий. Соьга хабар ца дийцалора, лагах йоьллина юткъа хIупэриг хилар бахьана долуш. Цу чухула садоьIуш яра со. Аса яздира лор-йишега, хьа лур ду ахча суна дарбадарна аьлла? Со йолчу ван кеманан билет эца таро яцара сан ден.

ТIаккха аса ойла йира, тхан дас юхалуг ахча даккха мега, я школа дIайохка мега цIера валар Iалашонца аьлла. ТIаккха суна дагадагIара тхан хIусам а, школа а тхан дас, ахча а луш, ханна лаьцна хилар а, и хIусамаш тхан йохка бакъо ца хилар а».

Пакистанан Iедалша шайна тIелецира Малалина дарба деш а, цуьнан доьзал Бирмингемехь ехачу йоьIах дIатухуш а йина харжаш меттахIоттор. Цуьнан дена болх а нисбира Iедалша Пакистанан Бирмингемеру консултвехь. Пакистанан президенто а хастийра йоI. Амма массо а вац иштта хеташ.

Малала дуьненна а йоьвзуш а хилар лан ца делира цхьаболчу нахе Пакистанехь. Малала яьхначу Мингора-гIаларчу базарахь цхьаболу нах тешна бу, цхьаммо а Малалина герз а ца тоьхна, иза адамийн бакъонашларъхярхо хилла шена цуьнах пайда бан, хаьл гулдан а бохучух.

Базарара хьалхара стаг: «Цунна совгIат делла ша бахьана долуш. Иза Пакистан пачхьалкхана делла дац. Сватерчу бахархошна цхьа а пайда ца хилла цуьнах. Цуьнан аьтто баьлла-кх Ингал-пачхьалкхе дIаяха, шен доьзалца а, кхечу чевнаш йиначу мехкарца а цхьана».

Адамех йоьттинчу базарахь атта ду цуьнан агIончаш каро.

Базарара шолгIа стаг: «Сватан йоI ю Малала, бакъ долу адам ду иза. Оццул бала Iовша хьакъ долуш яцара иза. Кхин а аса эр дара, Сватехь бехачу нахана а пайда хилла хилар цуьнах. ХIунда аьлча Европана а, дерриг а дуьненна а хаа хIинца Сват тахана хийцаелла хилар а, иза дIаяханчу хене юхайоьрзур ца хилар а. Цул сов, Малалас Исламан дуьхьал цхьа а хIума ца дийцина. Иза динца лелаш яра».

Шена луьш нах хиларо шен са ца гаттадо боху Малалас.

Малала: «Коьртаниг Малалина герз диттина, я ца диттина бохург дац. Малала гIо лоьхуш яц. Цунна луург цхьа хIума ду. Зудаберийн деша аьтто хилийтар а, зударийн бакъонаш ларъяр а. Ца оьшу гIортор ян Малалина. ГIортор яр оьшу зудаберашка дешийтарна а, зударийн бакъонаш ларъярна а».

Малала тоеллачул тIаьхьа цунна керла-керла совгIаташ луш ду, цо бинчу балхана. Кху шеран Товбецан-беттан 12-чу дийнахь, ша лазийначул тIаьхьа дуьххьара къамел дира цо дуккха а гулделлачу адамашна хьалха.
«Малалин де» аьлла де даздеш Нью-Йоркехь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан веклшна хьалха къамел дира Мананс. Ткъа Инарлин секретаро Бан Ки Муна элира, иза турпалхо ю аьлла.

Малала: «Малалин де» иза сан де дац. Тахана шайн бакъонаш къовсуш бист хила баьхьначу хIора а зудчуьнан, йоьIан, къентан а де ду».

Сватера бер хилар тIера дерриг а дуьненна евзаш йолу йоI хиларе кхаччалц Малалин дахарехь хилла бале хийцамаш хала хан яра. Амма ша хьегнарг эрна ду аьлла ца хета цунна.

Малала: «Суна хетарехь, хьо цхьана хIумане кхиа лууш валахь, цхьадолчух вала веза хьо. Сана Iалашо ю зудаберашна деша аьто хилийтар, ткъа иштта суна машар а беза. Цу новкъахь бералла тIехдаларх сайна доккха хIума хир ду аьлла ца хета суна».

Мингорехь юьхьанцарчу а, юккъерчу а школашкахь рогIера дешаран шо доладелла. Зудабераш а ду цига лелаш. И бакъо шайн хила езаш санна тIеоьцу цара. Амма иза ду Малалас шен дахарехь юьхьарлаьцначу хIуманех цхьаъ.

2013-чу шеран Дуьненаюкъара берийн совгIат делла йолу Малала тешаш ю ша юха а шен школерчу доттагIашна юккъе дIагIур хиларх. Иза сатесна ю ша а, зударийн а бакъонаш а кхерамазаллехь хир йолчу пачхьалкха юхаерза.
XS
SM
MD
LG