ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуда ялон сихвеллачехь...


Советан пачхьалкх -- ТIеэцначу Иммунодефицитан вирус хьакхаелла цlий толлуш бу Вирусологи толлучу Ивановский институтехь болу говзанчаш, 12Гlу1987
Советан пачхьалкх -- ТIеэцначу Иммунодефицитан вирус хьакхаелла цlий толлуш бу Вирусологи толлучу Ивановский институтехь болу говзанчаш, 12Гlу1987

Нохчийчура Iедалша юкъадаккхарца, там-мах беш лоьрех чекхдала дезаш ду керал доьзал кхуллуш долу жимастаггий, зудаберрий. Шайна и гIоли доллушехь, ахча а делла, лоьрашка тоьшаллин документ эцар атта хета цхьаболчу бахархошна. Иштта цхьа меттиг гучуяьлла Нохчийчохь.

Официала гIарадаьккхина ма-хиллара мехкан куьйгалхо цхьаьнакхетта Нохчийчоьнан ТIеэцначу Иммунодефицитан цамгарца къийсам латочу центран лоьрашца. Хаамийн гIирсаша кхайкхийна ма-хиллара, бахьана Iаламат доккха а, мехала а ду - цигарчу лоьро, бина талламаш а боцуш, ур-аттал зуда ялош волу стаг шена бIаьрга гина а воцуш, цунна кхераме цамгар яц, могуш ву аьлла, тоьшалла далар. И ледарло ялийтина лор балхара дIаяьккхина.

Цул сов Кадыров Рамзана и гIуллакх буххера дуьйна зер тIедиллина министран гIоьнчана Алаудинов Аптина. Мехкан куьйгалхочо телевизионехь Iорадаьккхина ма-хиллара,цу кепара бух боцуш харц еллачу тоьшалло цхьаннан я дийнна доьзалан дахар хIаллакдан тарло. «Нохчийчохь ТIеэцначу Иммунодефицитан цамгарца ас забарш йойтур яц» бохуш билгалдоккху Кадыровс.

Iедалан хьостано хааме даккхарца «маре йоьдучу йоIана а, зуда ялочу кIантана а Нохчийчохь и вон цамгар ю-яц хьовсуш, зераш дан долийначу шина шарчохь ткъа сов стагехь гучуяьлла ТIеэцначу Иммунодефицитан цамгар». И дIахьедар билггал бух болуш ду я дац хууш дац.

Бакъду, махкахь лаахь а ца лаахь и тайпа тоьшаллаш дахийтар цхьабосса кхетош хIума дац бахархоша. Цхьаболчара иза вайнахалахь оьшуш доцу, хьашт доцуш юкъадаьккхина керланиг лору. Кхечеран нийсса бIостанехьа хьажам бу. Хууш ма-хиллара Нохчийчохь лоьрашкара и тайпа документ ца хилча молланашна магийна дац йоI, кIант вовшашна кхачош махбар.

Цу динан дайшкара мах бина аьлла, тоьшалла хилчий бен еш яц кегийрхошна Iедалан хьукхматехь регистраци а.

Цу кепара, Оьрсийчоьнан низамаца морзахе нислуш болу бехкамаш Нохчийчохь цхьаъ, шиъ хилла ца Iа. Уьш тергалло Iер-дахаран, массо а бохург санна, тIегIанахь а, хьелашкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG