ТIекхочийла долу линкаш

Къонах стаг Маркелов


Оьрсийчоь -- Дукха а гIаланашкахь дагалаьцна 5 шо хьалха дийна Маркелов Станислав а, Бабурова Анастасия а. Хабаровск. Дечк19, 2014

Оьрсийчоь -- Дукха а гIаланашкахь дагалаьцна 5 шо хьалха дийна Маркелов Станислав а, Бабурова Анастасия а. Хабаровск. Дечк19, 2014

Кху беттан 19-чу дийнахь 5 шо кхаьчча адвокат Маркелов Станислав а, журналист Бабурова Анастасия а дийна. Уьш дагалоцуш Москох а, кхин йолчу гIаланашкахь а антифашистийн акциш дIаяхьира нийсо а, маршо а мехала хетачу юкъараллин жигархоша. Маркелов Станислав вара тIеман зуламхошна Буданов Юрийна а, Лапин Саргейна а таIзар дойтуш жигара дакъалаьцнарг.

Маркелов Станислав а, «Новая газетан» корреспондент Бабурова Анастасия а дийра 2009-чу шарахь Дечкен-беттан 19-чу дийнахь Москох зорбан конференцера арадаьлла урамехула доьдуш. И шиъ дагалоцуш акцеш хилира дуккха а гIаланашкахь. Цу акцийн цIе яра фашизмана дуьхьал аьлла. Оьрсийчохь корта ойучу фашисташна а, нацисташна а дуьхьал вара Маркелов Станислав.

Москох хиллачу маршехь дакъалоцуш волчу Оьрсийчура вевзаш волчу бакъонашларъярхочо Черкасов Александр иштта элира цу стагах лаьцна ша Маршо Радион Оьрсийн сервисан корреспондентана еллачу интервьюхь.

Черкасов Александр: «Иза хазанеха санна дика стаг вара. Иза вайн исторехь вуьсур ву, Нохчийчохь тIеман зуламаш дина ши стаг чуволлийтина, догIушг долу таIзар дайта хьуьнар хилла стаг санна.

Царах цхьаъ полковник Буданов вара, вайна шен хIуьнаршца дика везаш волу, ткъа важа вара Нохчийчохь стаг тIепаза вайарна чувоьллина волу Нижневартовскера милцо Оьрсийчоьнан эпсар Лапин Сергей.

Iедало кхиаме система кхоьллинера шен векалшна, шен Iожаллин эскадронашна бекхам ца байта аьтто беш. Амма Маркелов Стаса таIзар дайтира тIеман зуламхошна".

Москох хиллачу антифашистийн маршехь дакъалоцуш яра Наталья цIе йолу къона йоI. Маркелов Станислав санна болу нах турпалхой бу. Церан гIуллакхаш дицдан мегар дац элира цо Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь.

Наталья: «Сан цIе Наталья ю. ХIара сан махкахочуьнан саннна декъар ду аса къийсам латтон идейш къуьйсуш хилла турпалхой биц ца бар. ХIунда аьлча тхох муьлхха а вен там бу мичча хенахь а, тхох муьлхха а чуваолла а там бу миччахенахь. Тхо цхьана хила деза кху дахарехь".

Ксния цIе йолу къона йоI а яра Москох хиллачу акцехь дакъхалоцуш. Цо ша ураме араяларан бахьа иштта дийцира.

Ксения: "Со кхуза еана, нацистийн карах беллачу нехан кхоллам сайн дагах кхетарна. Сайн декхар ду аьлла хетара суна кхуза яр".

Маркелов Станислав нийсонехьа вара. Цо шена хетарг хьул а ца деш дIаалара журналисташка а, суьдхошка а, Iедалан векалшка а. Цхьана кхелера араваьлча ша юьхьарлаьцначу некъах иштта элира цо.

Маркелов Станислав: «Массерела а чIогIа лууш вара со вердикт, ткъа цул тIаьхьа кхелан сацам нийсонца хилийта. Ткъа со, теша сох, лууш вацара бехк боцу нах зуламхойн гIаьнта ховшо. Нагахь и нах бехке бац аьлла со тешаш хиллехь, аса сайга далург дерриг а дийр дара, уьш бехказа бохуш вердикт хилийта».

Буданов Юрий набахтера дIахецча суьдхошна хууш ца хиллера, иза шаьш бинчу сацамца аравалийтина хилар. Цунна иштта комментарий йира Маркелов Станислава, ша суьдера араваьлча.

Маркелов Станислав: «Гой шуна, цхьана стага дийнахь шена хетарг мосуьйттоза хуьйцуш хилча, хаттар кхоллало лортIехь вуй те хIара стаг олий. Кхузахь дийнахь мосийттоза шена хетарг хуьйцурш судхой бу. Сан аьтто бац уьш лортIехь бац аьлла хаттар хIотто. Амма хаттар кхоллало: цу суьдо ша беш буй-те шен сацам, я цо дIакхайкхош бу кхечера сацамаш? Цара журналисташка дийцина ма хиллара, царна шайна а ца хаара шайн сацамца Буданов маьрша ваьккхина хилар".

Юрист Маркелов Станислав вуьш цуьнан дара 34 шо. Шен дахарехь даиман а фашисташна а, нацисташна а дуьхьал лаьтташ вара иза.

2011-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь, кхело хан а тоьхна, велла дIаваллалц чувоьллира и Маркелов Станислав, Бабурова Анастасия а дийна волу Тихонов Никита. Цуьнан зудчунна Хасис Евгенияна туьйхира 18 шо.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG