ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масхадов Верца Гарабаьккхира Путина Нохчийн Къоман Некъ


Оьрсийчоь -- Масхадов Аслан вийна 7 шо кхачар дагалоцуш Москохахь Чистопрудни майданахь жигархоша хIоттийначу гуламехь, 08Заз12
Оьрсийчоь -- Масхадов Аслан вийна 7 шо кхачар дагалоцуш Москохахь Чистопрудни майданахь жигархоша хIоттийначу гуламехь, 08Заз12

ВорхI шо кхечи Девкар-Эвлахь Нохчийчоьнан президент Масхадов Аслан вийна. Масситта бIешарахь маршо лехна къам юха а оцу новкъа даьллийла кхетадеш болу Европера а, Iаьмеркара а цхьаболу политикаш и веро цецбехира, дагахьбаллам кхоьллира кхечеран дегнаш чохь. Амма стеган а ала дацара, хьерабаьлла боьду тIом сацорехь Масхадовс ца лийхира оьрсашца барт. И вер а нисделира тешнабехкаца – цо шен агIонна кхайкхийна тIеман мораторий а йолуш. Ткъа Оьрсийчоьно къоман лидер верца дIахаийтира шена нохчашца машар леха хьашт доцийла, ша уьш тIамехь къарбан лерина юйла. Амма тIемаш-м бу хIинца а лаьтташ....


Масхадов Аслана 2005-чу шо долалучу Дечкен беттан 14-чу дийнахь омра дира, Ичкерин эскарша шаьш-шайггара, шайн агIор тIом сацабо, аьлла. ХIеттехь и омра дуьненна а довзийта таро яцарна, арахецна ши кIира даьлча, Чиллан беттан 3-чохь, интернетехула гIара а делира.

Президентан дош кхочушдеш, тIеман цхьадолчу декъан коьртехь хиллачу баьччас Басаев Шемала а сацийра шен бIаьхошца цхьаьна тIом.

Оцу юккъехула нисделира Девкар-Эвлахь, Масхадовн лехамех кхеташ волчу меттигерчу вахархочун декъа тIехь, цуьнан цIенна бухарчу чоьнаш чохь, кIайла а ваьлла машар лохуш, массанхьа а дIаса кехаташ хьежош Iен нохчийн президент оьрсаша шаьш дIаяьхьначу леринчу операцехь вер.

Оцу дийнан башхалла чоьта а оьцуш, Кремлан Нохчийчуьрчу векала Кадыров Рамзана ша а, Москохарчу Iедало а нохчийн зударшна дина совгIат ду элира Масхадов вер. Амма дацара наггахь волчу а могIарчу нохчочуьнгахь хазахетар. Массо а кхетара хIинцачул тIаьхьа Оьрсийчоьнна машар боху дош а дицлур дуйла.

ХIетахь нохчашна хIун меха вара Масхадов Аслан дагалоьцу Европехь Ичкерин Iедалан хьалханча лоруш волчу Закаев Ахьмада

Закаев: "Нохчашна оьшура иза шеко а йоцуш, цуьнца дозура тIом сацор, цунна оьрсашца мотт а карийна, ша хIаллакдечуьра кIелхьара даларе сатуьйсура халкъо.

Амма и вийра, и вийнарг толамах хьагна волу Путин вара. Ткъа Масхадов верца кхачабелира бертахь
тIом чекхбаккха бисина некъ. И вийча бен а ца баьржира тIом ерриг а Кавказехула. ХIинца а дIабодуш бу иза, гуш чаккхе а яц"

Шен Къомо хьовха, дуьнентIерачу дуккха а наха лоруш хиллачу нохчийн хьалханчин Масхадов Асланан дакъа а къайладаьккхира Оьрсийчоьно. Ца лерира я дин а, я гIиллакх-оьздангалло муьлххачу а адамна хьоьхург а. Эзарнийн кхечу махкахойн а декъий санна, Масхадовн дакъа а доьза дайъар тахана а Iеткъа дукха нахана. Цунах шена хетарг а дуьйцу Закаев Ахьмада кест-кеста.

Закаев: "Цхьана а динехь, я дин доцчийн а гIиллакхехь ца хилла и саннарг. Иза оцу пачхьалкхан боьхалла, къизалла ю. Сан шеко яц Путинан режим юхур ю бохучуьнца. И кестта хир ду. ТIаккха къомо дIа а вуллур ву, дIа а верзор ву Масхадов а, дуккха а кхиболу вайн къонахий а. Дерриг къам а хир ду оцу тезеташкахь".

Масхадов Аслан ворхI шо хьалха вер дагалоцуш гуламаш хилла кху деношкахь дуккха а меттигашкахь. Хилла и тайпа гулам Москохахь а. Амма иза дIасалаьхкина Iедало.Бацара иза нохчаша хIоттийна а. Оьрсийн сий лардан, ца дожийта гIерташ хьийзачу гоно, оьрсаша, хIоттийна бара.

Чистопрудный майданахь, Грибоедовн хIолламна хьалхахь гулъелира ТIамна духьало латторан юкъаралла. Цуьнан векалша, оьрсаша, дуьйцура нохчочо Закаев Ахьмада Маршо Радионе дийццинарг.

Иштта, нохчийн лидер дагалоцуш вара кху деношкахь дукхахболчу нохчашна вевзаш а воцу Украинера поэт, гоьваьлла маршонан къийсамча Грач Иван а.
Цо иштта элира тхоьга шена кху дийнах хетарг.

Грач: «Нохчийн къомо хIета а, вета а боккхур бу толам. ДуьнентIехь цхьаъ нохчо бен ца висахь а, хуур ду дуьненна и къам доьналла долуш, турпала къам дуйла. Цо масал ло маршо лоьхучу массо а къаьмнашна».

Украинерчу байтанчас Грач Ивана ша Масхадов Аслан вийначу дийнахь цунна лерина кхоьллинчу байтан дакъа а довзийтира.

Йоккха, дера, къиза пачхьалкх, ножан бIарал жима халкъ.
БIар дIакхалла аьтто баьлла, хIинца хьоьгу цо шен зовкх.
Дуй и хьуьнар, буй и толам? Аьтто-м кханнехь бодур бай!
Харданг ятIош, шен чIир эца бIарах зIуьйдиг ер ма яй!
Делан кхело кхин чот лоьру, карор цунна хьо а, со а.
МостагI нохчийн ножах лета - кхозур цу тIехь кхана ша.

(Величезна скажена iмперiя I маленький, мов жолудь, народ.
Як радiє тепер фанаберiя, Що взяла вона жолудя в рот!
Що ковтнула. Старалися iроди... Ще везе їм, везе до пори.
Буйний жолудю з помстою вироди I зi шлунка її роздери.
В демiурга своя бухгалтерiя, Дожене ще тебе i мене.
Ще на дубi чеченськiм iмперiя Шабатуру свою розiпне).
XS
SM
MD
LG