ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемашкахь доьза байначу нахана тIаьхьа хIунда ца кхуьуьйту Нохчийчура бахархой?


Нохчийчоь - оьрсийн салти ву цхьанаметта дIадоьхкинчу иттаннашка декъешка хьоьжуш
Нохчийчоь - оьрсийн салти ву цхьанаметта дIадоьхкинчу иттаннашка декъешка хьоьжуш

ТIемашкахь хIаллакбинчу нехан декъий дIадоьхкина меттигаш билгалъяхар а, цу кешнаш чура нах хьена-муьлш бу къастор а Нохчийчохь уггар лазамечу хаттарех ду. И тайпа кешнаш маса ду а, стенгахь ду а билггал хууш цхьа а вац тахана. Иштта хууш дац маса маьрша стаг велла хьалхарчу а шолгIачу а тIемашкахь? Гергарчу барамашкахь бен хьесапдеш дац цунна – ши бе эзар сов ву алар бен. Маса стаг вайна доьза? Пхе эзарна тIера ворх эзарна тIекхаччалц бу, бохуш дуьйцу Iедалша а, бакъонашларъярхоша а.

Маьршачу нахана хетарехь, Нохчийчохь, маьI-маьIIехь, лаьттан кийрахь долу декъий ахка доладахь, и ирча терахь маситтаза алсамдер ду. Массо бахархошна а хууш, Нохчийчохь эзарнашкахь маьрша нах дIабоьхкина масех йоккха меттиг ю. Шортта тешаш а бу, шайна гинарг дийца а, таллам дIахьoш, доккха дакъа лаца а кийча.

Проблема цхьаъ ю – декъий схьа а аьхкина, уьш къастон аьтто луш йолу лаборатори яц Нохчийчохь. Иза ца йиллийта, дуьхьал девлла оьрсийн Iедалш. Нохчийн республикина 700-800 чаккхарма гена йолчу Ростовехь хила еза боху Москохо.

ХIунда ца юьллуьйту Нохчийчохь декъий талла аьтто беш йолу лаборатори?

Ишта хир ду Маршо Радион хΙокху кΙиранан хаттар.

Хетачух лаций телефон тоха тхоьга. Горгали а баийтина охаьйилла а мегар ду телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене. ПрахIе зΙе тухуш: код +420, ноьмар 7240I9832.

СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65.

Иштта имейл даийта а мега Маршо Радионе: nc@rferl.org
XS
SM
MD
LG