ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махкал арабевлча, мала а ца оьшуш, самукъадолу нохчийн


Керла шо герга мел кхочу а дозанехь машенашна зераш дар марсадаьккхина низамхоша. Аттачу балхах муьлш мичара а бу а хуур доцуш, тайп-тайпана тIеман барзакъ дуьйхинчу ницкъаллин структурийн декъашхоша кху масех дийнахь тергонехь латтош ду лула-куларчу кIошташкара чудогIу некъаш.

Дерг аьлча, цара, дозанашкахь сеца а еш, массо Iуьрг-бIаьрг толлуш, капот биста кхаччалц схьа а йоьллуьйтуш, зераш деш ду чу мел йогIучу машенашна. Лохуш дерг герз, тур-тапча а я хIоъ молха дац. Бахархой Керла Шо тIелаца кечам беш буй а хууш, шакарца, маьхьарца лохуш дерш маларш ду.

Шен чохь Керла Шо даздан масех шиша шампански дохьуш вогIург а, коньяк эцна вогIург, къаркъа дохьуш вогIургга м хIети а, вети а, цо цхьа доккха зулам дичаха-а, лан даккха санна хьовзуш ву дозанехь.

Цу хьокъехь даре до бахархоша шаьш. Цара чIагIдарехь ишта къардайна хьийзаш бу полисхой Шелковск кIоштехула ДегIастанара схьабогIучу новкъахь а, Ставропол махкахула Новр кIоште богIучу федералан некъахь а, ХIирийн мехкан дозанехь Теркйист кIоштехь а.

Шу бакъ дац,аш низам талхадо бохуш девнаш дийлина меттигаш а ю, дуьхьало йинчарна тIеIаткъам бина масалш а ду. Новр кIоштера вахархо, Салман ву хIара къамел дийриг.

Салман: «ХIоккху деношкахь машенаш чIогIа сецош ю. нахана зенаш а,зераш а ду деш. ГIуданаш а диттина. Маларш дIа а даьхна. Суьрташ а дохур ду, гIар а доккхур ду аьлла, кхерам тесча, наха токхамаш а дера бо. Нахала бовла ма ца лаьа юьртахошна. Низамаца мел догIуш дацахь и лел-ам до полицин белхоша. Нах йиш йоьхна бу-кх».

Ша дозанехь бечу балхах цхьа-ши дош алий а алахь баьхна дехарш дича, хала вистхилира шен цIе йоккхийла ца лиъна цигга Новр кIошта Ищери юьртана гергахь, мохк маларх ларбеш, само еш, гIароллехь лаьттина низамхо .

Низамхо: «ХIаъ, тхо тхайн болх ца бича довла ма ца довлу. Дозанехь болзх бе аьлла омра ма ду тхуна дина. Маларш а схьадаха, хьарцахьа леларг саца а ве аьлла дIахIиттийна ма ду тхо. Стаг лоцуш, чувуллуш хIума ца леладо оха. Хьаькамашна дIагайта малар-хIума схьа-м йоккху оха».

Шаьш дуьйцург билггал бакъ хилар дуйца тIе а чIагIдеш, цхьаболчара къаро йора, маларх йоьттина йогIу машенаш тIех а юьйлуьтуш, уггаре хьалха дозанехь сецош, маларш дIадохуш берш, дохка а ца дохьуш, шайна мала ши-кхо шиша малар дохьуш богIу могIарера нах бу бохуш. Цара лелориг кIоршаме низам талхор лоручех ву Теркйист кIоштара социалан декъан белхо Хьамзат.

Хьамзат: «Исламан пачхьалкх ю аьлла дIакхайкхо дезар-кх дозанехь, низам а талхош, и харцонаш лелош хилча. Оьрсийчоьне а дIаала деза шун низамаш кхузахь лелаш дац аьлла. Суна чIогIа нийса ца хетта кхара лелориг. Кху Нохчийчуьра араваьлча, мала а ца оьшуш «хIахI» олий самукъа а, самалха а долу-кх».

ХIуъчара дийцарехь дозанехь зераш деш нехан садуъчара хьесапе ца оьцу, могIарерчу бахархоша, уьш низаме боьхуш беш болу леткъамаш а, шаьш Оьрсийчоьнан низам талхадар а. Цара хазош дерг,некъахоша дийцарехь, цхьаъ ду: оха кхочуш дийриг тхайна дина буьйр ду, и нийса дуй даций тхан бала бац.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG