ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маж бале яьлла маж-дадошна а


Оьрсийчоь -- Маж йолчу Путинан совгIатан коч.
Оьрсийчоь -- Маж йолчу Путинан совгIатан коч.

Мажош лелочийн цхьаьнакхетараллера хипстерийн тобанера божарий исламхойх тарбелла лаца кечбелла хилла Швецера полисхой.

Бусулбачийн социалан машанашкара жигаралла тергалйича а, церан духарийн, хотIмийн кеп тидаме эцча а хетало умматан уггаре а коьртачу хаттарех дерг зудчуьн духаран, божарийн мажойн хаттар ду аьлла. Нагахь санна, и хьалхарниг хала а, атта а массо а - къаьстина вайнехачу- боьршачу нехан юкъара ойланца сацийна даьлла ларалуш делахь, „зуда дIахьулйала еза, цу тIехь тIадам“ аьлла, шозлагIчу хаттарехь, божарийн мажошца долчуьнца, шайна мелла а сацамийн маршо юьту махкахоша.

Цхьаболчара, олуш ма-хиллара, пурах урс хьокхуш йошу юхь, вукхара сонтачу кепара гуо а тобойтуш, хаза „кхаа денера маж“ шех олуш ерг лелайо, цхьана агIор динан бехкам кхочуш беш верг а хуьлуш, вукху агIор дуьненан кечвалар а лардеш. Бу иштта кхечу, кхозлагIчу, тобан векалш а - маж еха а, маьттаза а мел хуьлу дикох хеташ, боьршачу стеган иман юхь яьлла хиларан барамца дустуш берш. Цара ца магадо маж яшар я ур-атталла ларгар.

Ягарйина ца валлалчу интернет-аренашкахь юх-юха а умматан сихонца ца къастийча, ца нисдича ца долу хаттар санна дийцаре доккху мажа мел еха хила еза суннатехь боху хаттар а, иман галдаларан зил тIе кхачаран кхерам а боцуш маца ларга мегар ю иза боху хаттар а, ткъа иштта дозаллийца и мажош бахьана долуш шаьш Делан некъатIехь – „фисабилиллахI“- ловш йолу халонаш а.

Масала, социалан гIоьнна шайна сагIийна Iедало луш долу ахча схьаэца ваханчехь Iедалан цхьа белхахо шен маж гича кхераелла шега хьажар а джихадан гIулч лору ишттачара, ткъа метро чохь воьду-вогIуш шех кхин болу некъахой къехкар ша бусулба дин дуьненчохь даржоран кеп лору.

Бакъду, вайнехан кегирхошна юккъехь мажош лелор сел даржар церан иманаш лакхадовларца доьзна дац, бусулбачу атрибутикана мода совйаларца доьзна ду аьлла хета цхьаццаболчу тергамхошна. Австрерчу мухIажарийн лагершна Iуналла дечу цхьана фирмехь болх беш волчу Тарамов Адама дукхахена дуьйна схьа тергал еш ю вайнахалахь арахьара кеп-куц динан бехкамашца нисдахь а, амма Iадаташ, леламаш кегирхошна юккъехь хенаца ледарохчу кепе дерзар. Эхартан я хипстерийн мода ларйеш маж охьахецначарна а, я суннат ду бохуш иза лелош, амма оццул дукха долчу Элчанан, Дела салам хуьйла цунна, хазчу суннатех и цхьаъ бен доцург тергал а ца деш лелачарна а цхьатерра пайда хир бац аьлла хета цунна.

Тарамов Адам: „Пхийтта-ткъо шо хьалха, хьалхара тIом балале, кертахь цхьа сингаттам баьлча юьтур кегийчу наха маж. ТIаккха цхьа хан яьлча баккхихчара олура, хьайн юхь дIацIанйе, олий. Жимстаг шен дена а, нанна а, воккхаволчу вешина а хьалха ца хIуттура, юхь яьлла а йолуш. Ткъа хIинца пхийттара а валале маж охьахоьций лела кегийрнаш, къемата а ламаз деш ша вацахь а, иза суннат ду бохуш. Цхьа мода хета суна иза. И маж бахьана долуш цунна цхьа а къинош къематдийнахь дуьтур ду аьлла ца хета суна.

Кху Европерчу божарша а лелайо и маж, мода йолун дена. Вайнехан кегийчу наха а дукхахьолехь оццу модина лелош ю иза, цара иза бусулба динца бакъдахь а. Пайхамаран суннат ду боьрша стаг зудчух къаьсташ хилийтархьама, цуьнан юхь тIехь чо хила безар, амма иза доцург кхин а вуно дукха ду суннаташ а, бехкамаш а бусулба динехь. Уьш кхочуш а ца деш, маж охьахецар эхартана пайденна ду аьлла ца хета суна“.

Цхьаццаболчу бусулбачу кегирхойн, къаьстина вайнанах болчеран, вуно самукъадолу, церан дешнашца аьлча, „копаршна“ бусулбачийн мажойх долуш долчу куьйланах лаьцна дуьйцуш. Амма хьастагIа Швецехь хиллачуо гойту, Европехь куьйла бусулбачийн мажойх даьлла ца Iаш, хипстерийнчарех дала йиш юйла, ткъа маж охьахецар иманан ша-башха „барометр“ хилла ца Iаш, иштта модин тIаьххьарлерачу маьхьарех цIогIа дуйла а.

Швецерчу Йончепинг гIалахь шайн рогIерачу цхьаьнакхетаре гулбеллера меттигерачу „Мажлелочийн клубан“ декъашхой. И нохчийн матте гергарчу хьесапехь „Зуламе Маждадаш“ санна гочдан йиш йолчу клубан декъашхой нохчийн кегирхошна юккъехь мажтлелорна мода яржале дуккха а хьалхехь дуьйна мажош лелор култе а дерзийна, иза ца лелориг шайна юккъе а ца вуьтуш, ткъа маж лелийна ца Iаш, цунна Iуналла дар а исбаьхьалле а дерзийна лелаш болу Малхбузера божарий бу. Баттахь цкъа рогIерчу цхьаьна Европин пачхьалкхахь вовшахкхеташ болчу церан кху шарахь Швецехь гулбала кхаж баьллера.

ТIаккха хаза тийна-таьIна Iаламе а бевлла, цигахь шайн кIайн йозанашца кхелина болу Iаьржа байракх дIа а тоьхна, дахнарг-деанарг дуьйцуш, йий а молуш, Iачу маждадашна цIеххьана гуо бинера шина полисхойн машено. Кхин дIа хилларг меттигерчу журналисташка дийцира маждадийн клубан декъашхочуо Франссон Андреаса. „Байракх хьалха сарташ даха дагахь дIахIиттинера тхо, 30 стаг вара тхо.

ЦIеххьана дIахьежча полисхойн бу-кх тхун тIебогIуш. ДIаладоьгIча, тхо Iачу меттехула тIехволуш хилла мотоциклехь цхьа стаг, цуо оццул дукха мажош йолу кегий нах цхьаьнагулбелла гича, „Исламан пачхьалкхе“ олучу тобанера радикалхой бу моьттуш, полисхошка телефон тоьхна хиллера...“ Кхеташ ма-хиллара, оцу сохьта Iедалхой „харцисламхой“ болчу кхаьчнера, ткъа цигахь царна гинарг исламхошца юкъара хIума доцу сурт дара.

Бакъдерг аьлча, цхьа а хIума полисхоша гуобинчу зуламечу маждадийн суьпачу бусулбачаьрца цхьаьнадогIуш дацара олийла-м дац, хIунда аьлча цу божарийн категореша мажошца дусту шайн-шайна угарре а мехалох хетарг: цхьаболчара иман, вукхара боьршалла.

XS
SM
MD
LG