ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МкКейн реза вац Трампан Шемарчу политикана


Шема -- кIантана дарбадеш ду Идлибна хетарехь химин тIелатар динчул тIаьхьа, Идлиб, Охан-бутт 4, 2017
Шема -- кIантана дарбадеш ду Идлибна хетарехь химин тIелатар динчул тIаьхьа, Идлиб, Охан-бутт 4, 2017

Шинарин дийнахь Шемахь динчу газан тIелатаро иттанашкахь маьрша нах байинчул тIаьхьа, сенатор МкКейн Джоно президентна Трампна а, пачхьалкхан секретарна Тиллерсон Рексна а Iоттабаккхам бира, Цхьаьнатоьхна Штаташ юкъа ца гIортар “эхье агIо ю Iаьмеркан исторехь”, аьлла дIа а хьедира.

Ассад “исторехь хиллачех уггар къизачу диктаторех цхьаъ ву” аьлла, Мккейно иза Шеман куьйгаллехь витар Цхьаьнатоьхначу Штатийн дерриге дуьненахь демократи яржо декхарна дуьхьал ду элира.

“Нацийн Германи а, Пол Пот а хиллачул тIаьхьа, цу кепара тIеман зуламаш дина данне а дац,” аьлла тIетуьхира Мккейно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG