ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчура биллина цхьа нах бен ца лела ХьаьжцIа


СаIуда Iараби -- Боснера 47 шо долу Хаджич Сенад, Макка гIаш кхаьчна Хьаьждан, 23ГIа2012

СаIуда Iараби -- Боснера 47 шо долу Хаджич Сенад, Макка гIаш кхаьчна Хьаьждан, 23ГIа2012

Нохчийчура хΙора шарахь а ХьаьжцΙа лелачу нехан цΙерш цхьаъ ю. Кхушара а дара изза хьал. Мисканийн и фарз кхочуш дан шайн дахарехь цкъа а аьтто ца болучохь, беккъа цхьа нах хIора а шарахь Макка-Медина лелар харцо ю, боху къамелаш дукха хан ю нохчашлахь лела.



Динан дайша дийцаре даьккхина бусалба динехь уггаре коьртачех цхьаъ ларало фарз - ХьаьжицIа эхар. Цуьнан бахьана ду цкъа а цкъа а цига бахана боцу бахархой тIаьхьа а буьтуш, юх-юха а ХьаьжицIа оьхуш берш дукха хилар, вуьшта аьлча, цхьа нах хилар.

Нохчийчохь цуьрриг а чолхе хIума дац пхоьазза а, ворхIазза а, лаахь, уьттазза а Хьаьжа дихкина нах каро. Цу декъехь лелориг гуш лаьтташехь харцо ю бохуш, вайнехан юкъараллехь, дукхахдолчу декъана, могIарерчу, гIийла бохкучу наха шайлахь шуьйра дийцаре деш хIума а дара иза.

Дийцаре дора бусалбан динехь фарз долчу оцу хIуманна тIехь а хьарамлонаш лелайо бохуш. Харцо лелаш а йоцуш санна, иттех шарахь, кхоьссина йисна хIума санна, тидамза латтийтина и ира хаттар юьхьарлаца дагадеъна мехкан муфтиятна. Леррина говзанчийн тоба а кхоьллина, цара бахархошлахь зераш дан долийна, мила, мосазза ХьаьжицIа вахана нохчех.

«Иза аттачех хаттар дац.Тхан Iалашо ю цкъа а ца бахнарш алсамбаха, юх-юха
оьхурш цIахь а буьтуш. Меттигаш ца тоар бахьанехь, хIора шарна а бухабуьсуш бу бIеннаш нах. Дукха хьолехь и харцонаш кхуллурш Iедалдай бу, шайн гергарнаш, беза-бевзарш хьалха а тоьттуш». Ишта къамел дира Маршо Радиоца шен цIе йоккхийла ца лиинчу цхьана кIоштарчу Iеламстага.

Ткъа могIарерчу бахархошна хетачух аьлча, царна товш хIума ду, мила, моссаза вахана къаста а дина, мехах а, маьхаза а дIасайоькъучу меттигашна тIехь нийсо лелор. Амма, цхьаболчарна хетарехь, озабезамаш а боцуш и фарз гIуллакх нийсонан хорша дерзо атта хир дац. Соьлжа кIоштера яхархо Марем ю дуьйцуш.

Марем: «Мисканиг, гIийланиг вахийтар бакъахьа хета сунна-м. Маьхаза воьдуш велахь хIета а. Мисканиг цара кIезиг-м воккху хьалха. Мел дукха дийцича а, шайн озабезамаш ца беш уьш Iа-м ца Iа. ХIинццалц схьа а хилла ду-кх и хIуманаш».

Маршо Радио: Iедалехь болучара шайн гергарнаш, бевза-безарш оьхуьйту ХьаьжицIа бохург хьуна мел бух болуш хета?

Марем: «И долуш ду-кх. Шайниг цара хьалхавоккхуш ву. Муфтиято и дора аьлла, хийцам хир бу аьлла сунна-м ца хета».

Цхьаболу бахархой а, тергамхой а тешна бу, нагахь СаIудийн Iарабехь, мила, стенгара веъна хьовсуш, Хьаьжойн чот яр доладахь, цунах цхьаъ хир ду, аьлла. Вуьшта, боху цара, кху цIахь нийсо лелор ю бохург аьттехьа а дац.
XS
SM
MD
LG