ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Медведевс харцдина ша цомгуш ву бохург


Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс харцдина ша цомгуш ву бохург. Цуьнах лаьцна дIахьедар динера хьалхо цу пачхьалкхан президенто Путин Владимира.

«Со цомгуш а ма вацара», - аьлла Медведевс ша цхьаьнакхеттачу бизнесхойх цхьаммо ша то валарна декъалвича, хаам бо «Интерфаксо».

Зазадоккху-беттан 14-чу дийнахь Iедалан декъашхошца хиллачу цхьаьнакхетарехь Путина хаам бира Медведев грипп кхетта ву аьлла.

«Дмитрий Анатольевич ца ларвелла», - элира пачхьалкхан куьйгалхочо.

Цул хьалха оппозиционеро Навальный Алексейс кхайкхам бинера шен агIончашка, Медведев коррупцех хьакхавелла мегаш хиларна иза балхара дIаваккха аьлла митингашка арадовла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG