ТIекхочийла долу линкаш

Ца лаахь а, лууш санна дахара шаьш ГIирма дIалаьцна де даздан боху нохчаша


Нохчийчура бахархоша латкъамаш бо Оьрсийчоьно ГIирма дIалаьцна де даздан ца девлла дахара шаьш бохуш. Цунах лаьцна хаам бо РИА ФедералПресс олучу сайто.

ГIирма Оьрсийчоьнах «дIакхетта» 3 шо кхачар даздеш митинг хилира Зазадоккху-беттан 18-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь. Цу гIалан администрацино бинчу хаамца, цу акцехь дакъалоцуш вара масийтта эзар стаг. Митинг дIайирзича хилира концерт а, хелхарш а.

Амма цхьаболчу Нохчийчуьрча бахархоша дIахьедарш до, ца лаахь а, лууш санна дахара шаьш ГIирмана гIортор еш Iедалша вовшахтоьхначу цу митинге бохуш.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG