ТIекхочийла долу линкаш

Пономарев: Митингашна Кечлуш 800 Нохчийн Полицин Белхахо ДIатарвина Москох


Нохчийчоь -- Соьлж-гIалин юккъехь рейд ян вовшахкхеташ бу нохчийн полицин белхахой, 25Охан2011

Нохчийчоь -- Соьлж-гIалин юккъехь рейд ян вовшахкхеташ бу нохчийн полицин белхахой, 25Охан2011

Нохчийн низамхой Москох бигина, аьлла, хаам дуьххьара баьржира цхьа бутт сов хьалха. Иза гIардаькхинарг яра евзаш йолу блогер Рынска Божена. Дуьхьалонан акцешкахь дакъа лаьцна, аьлла, полицин декъе дIайигинчу цуьнга цигарчу полисхоша бина хилла и хаам.


ХIетахь а дара дуьйцуш 600-800 нохчийн полисхочуьнах лаьцна. Нохчийн Iедалш оцу хенахь а бакъ ца дира иза. Меттигерачу телевизионехь вистхуьлуш, республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана и хаам бух боцуш бу элира, амма тидам бира нагахь санна и хIума хилча а цецвала оьшуш хIума дац иза аьлла.

Полисхой Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахой бу, уьш оьшшучу дIабига бакъо ю, аьлла.

Бутт хьалха хилла йолу информации билггала хьангара ю хууш дацара. Ткъа хIинца иза гIара яьккхинчу Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато Пономарев Ильяс Москох Нохчичуьра хьажийна мас стаг ву а, уьш муьлхачу дакъошкара белхахой бу а дуьйцу.

Ишшта, цуьнгахь болчу хаамца, 800 стаг ву Москох петарш чохь дIатарвина. Царна куьйгалла деш берш тоьллачарех долчу «Ритц» цIе йолчу хьешийн цIа чохь бехаш бу, бохуш, дуьйцу оппозицин боламан юкъарчу депутато. Амма шайн агIора нохчийн Iедалша харцбина и хаам.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерачу цхьана лаккхарчу даржехь волчу белхахочо, шен цIе ца яккхар а доьхуш, хаам бира Маршо Радион корреспонденте шай урхаллера полисхой Москох бахана бац, аьлла. Лечкъа а ца деш дийца мегаш дац иза, аьлла , шега хаьттича, цу эпсаро элира шай белхан чоьхьарчу низамашца журналисташца уьйраш латтор дихкина ду шайна, аьлла..

Официала кепара Iедалера цуьнах лаьцна кхин комментарии эца гIуллакх ца хилира. Амма, юкъараллин жигархой цу хьокъехь шайн ойла йолуш бу. Царах ву Сулейман.

Сулейман: Эскаре а ца буьгуш болу вайнах, цига хIунда буьгуш бу? Вайна диканна бьугуш бац уьш! Вайн кегий нах Iовдал хила ца беза.

Нохчийн юкъараллехь кхузара полисхой Москох бахийтина боху хаам, къобал беш дукха нах карор бац. Массо а кхоьрург цхьаъ ду. Хьоладай летачу хенахь х1ума кхеташ хуьлуш 1едал ду мискачу нахана. Ишшта дуьхьал бара нах нохчийн эскархой Къилба-ХIирийчу гуьржашца т1ом бан бохуьйтуш а.

Цуьнах лаьцна дуьйцуш тидаме эца мегар ду Къилбаседа Кавказан проблемашкахула политикан эксперт волчу Кутаев Русланна хетарг. Оьрсийн къомана хиича дика хир ду боху цо, нохчийн низамхойн говзалла муха ю.

Кутаев Руслан: Нохчийн къоманна цуьнах хIумма а хир дац. Тахана нохчийн ницкъаллийн стурктурашкара берш шаьш хилар а, нохчийн къам ша хилар а гучудера ду.

Къилба-ХIирийчу тIом бан яхана йолу нохчийн эскархойх «Малхбале» цIе йолу тIеман тоба цигара цIа йирзича дIасахийцира. Цу юкъар масех эпсар цхацца тамашийначу хьелашкахь вийра.

Церан командир лаьттина волчу Ямадаев Сулимин генарчу Дубайхь валар хилира. Ткъа керла турпалхой боьвр бу-бац Москох бигинчарах, нагахь санна уьш цига билггала бигина балахь, гойтура ду гена йоцчу замано.
XS
SM
MD
LG