ТIекхочийла долу линкаш

Коррупцина дуьхьал митингашка нах кхайкхар питана ду боху Кремло


ТIедогIучу кIирандийнахь Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь Оьрсийчуьрча 100 гIалахь коррупцина дуьхьал митингаш дIаяхьа дагахь бу оппозицин векалш. Кремлан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс питана ду аьлла дIахьедар дина «цхьамогIа наха» бахархой митингашка кхайкхар, яздо «Iамеркан аз» портало, Интерфаксана тIе а тевжаш.

Оппозицехь волчу политикан Навальный Алексейн цIе цо ца яккхахь а, оппозицина хетарехь, юьйцург ю Москох гIалин юккъехь коррупцина дуьхьал хьажина дIаяхьа кечйина акци. Иза вовшахтоха бакъо ца елла Iедалша.

Шайн агIор Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь дIахьедар дина, низамашлардечу органаша шайна тIе жоьпалла оьцур дац, Iедалшца дага а ца бовлуш, Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь вовшахтоьхна митинг дIаяхьа гIоьртинчул тIаьхьа хин долчух аьлла.

Маршо Радионо бинчу хаамца, коррупцина дуьхьал хьажийна митингаш а, болабаларш а дIадахьа лерина ду 100 гIалахь.

Цу тайпа акцеш вовшахтохаран цхьа бахьана ду кху деношкахь коррупцица къийсаман латточу Навальныйн Фондо кечйина филм-таллам гучуялар.

Цу филмехь буьйцуш бу премьер-министро Медведев Дмитрийс гулбина, аам декларацехь гайтина боцу бахамаш, яздо «Iамеркан аз» портало.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG