ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муха хета шуна «Исламан пачхьалкх» шех олу тIемалойн тобано еш йолу пропаганда?


Иракъ -- Шемарчу Палмирехь шира артифакташ йохош ву "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан декъашхо. Видео гойтуш даьккхина сурт.
Иракъ -- Шемарчу Палмирехь шира артифакташ йохош ву "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан декъашхо. Видео гойтуш даьккхина сурт.

"Исламан пачхьалкх" (ДАIИШ а олу цунах) тобано жигара яьккхина шен тобанан могIаршка кхойкхуш оьрсийн маттахь еш йолу пропаганда. Цуьнца доьзна ду оха кху кIиранах эфирехь дийцаре дан диллина долу хаттар.

Мел кхиаме ю аьлла хета шуна, Шеман а, Иракъан а латтанаш дIалаьцначу «Исламан пачхьалкх» олучу тобано еш йолу пропаганда?

Хаттар дийцаре деш дакъалаца луучунна тхан телефонаш.

Прагера телефон: +420 724019832

Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 926 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 420 724019832

Хетачух лаьцна яздан йиш ю тхан сайте а: radiomarsho. com.

XS
SM
MD
LG