ТIекхочийла долу линкаш

Черкасов Александр: Нийса дерг юх-юха а дийца деза


Къилбаседа Кавказ-- Дагестан, 01ГIад2012

Къилбаседа Кавказ-- Дагестан, 01ГIад2012

Дуьненаюкъарчу кризисийн тобано Къилбаседа Кавказехь лаьцна Iора дьаккхина шен рогIера рапорт. Иза кхолагIа дакъа ду цу тобано бинчу талламан. Цуьнан цIе ю «Къилбаседа Кавказ: Интеграцин халона: пачхьалкхан урхалла, харжамаш, бакъо коьрта хилар». Кху беттан 7-чу дийнахь Москох хилира и рапорт довзийтар.

Дуьненаюкъара кризисийн тоба (The International Crisis Group) олуш йолу вовшахтохаралла кхоьллина 1995-чу шарахь. Карарчу хенахь цуьнан куьйгалхо ю Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан адамийн бакъонашкахула Лаккхара комиссар хилла Арбур Луиза. ХIора шарахь 90 гергга рапорт арахоьцу цу организацино, карарчу хенахь кху дуьнентIехь йолчу 50 сов конфликтехь хуьлуш дерг дуьйцуш.

РогIера шен рапорт Iора даьккхина цу тобано баханчу баттахь. Цуьнан цIе ю «Къилбаседа Кавказ: Интеграцин халонаш: пачхьалкхан урхалла, харжамаш, бакъо коьрта хилар». Ткъа кху беттан 7-чу дийнахь Москох хилира и рапорт довзийтар.

Дуьненаюкъарчу кризисийн тобано дийцарехь, Къилбаседа Кавказераниг уггаре а кIиза тIеман дов ду Европехь. Рапортаца а догIуш, 2022-чу шарахь цу конфликтехь вийна 700 стаг, 525 – чевнаш йина ву. Ткъа кху шеран хьалхарчу 6 баттахь цигахь вийна лаххара а 242 стаг, 253 – чевнаш йина ву.

Адамашна тIехь ницкъ бар уггара лакхара ду Дагестанехь. ШолагIчу меттехь. Нохчийчоь, тIаккха – ГIалгIайчоь. Бакъонашларъярхоша шайн рапортехь билгалдоккху 2012-чу шарахь ГIалгIайчохь хьал алсам телхина хилар.

Къилбаседа Кавказехь долу хьал карзах даьлла хиларан бахьана ду территорешна гонах долу девнаш дIадерзийна ца хилар а, административан дозанаш а, латтанаш а, ресурсаш а къийсар а, къаьмнийн юкъаметтигаш галйовлуш хилар а, дин бух тIехь цакхетамаш хилар а, Iедална политика нийсо лелон ца хаар а, низамаш коьрта хилар дохор а.

Дуьненаюкъарчу кризисийн тобанна хетарехь, цу регионера бахархой хедаш бу ОЬрсийчоьнан пачхьалкхах. Цуьнан бахьана ду и регион Оьрсийчоьнан Федерацин кхечу регионашца дIаийна ца хилар.

Рапортан авторшна хетарехь, 1999-чу шарахь Путин Владимир Iедале веача цо болх бира Советан Пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа автономешна кхаьчна йолу маршонаш дIайохуш. Эххаре а цо кхоьллира центран карахь тIех дукха бакъонаш йолу пачхьалкх.

Дуккха а Къилбаседа Кавказера бахархой Москох долчу федералан Iедалша сацамаш тIеоьцуш шаьш юьстах дуьсу аьлла хеташ бу. 2011-чу шарахь парламентан харжамаш дIахьош а, 2012-чу шарахь президентан харжамаш болуш а Iедалша лелийначу харцонаша пачхалкхан легитималла лахйина бахархойн бIаьргашкахь.

2013-чу шарахь Пачхьалкхан Дума реза ца хилира цхьацца меттигашкахь губернаторш бахархошка харжийта. И бакъо цара дIаелира меттигерчу депутаташна. Цу тайпа регионашна юкъахь ю Къилбаседа Кавказан 7 субъект а. 2004-чу шарахь дуьйна и бакъо яра Оьрсийчоьнан президентехь.

Цу кепара, дукхах болчу бахархой аьтто бац демократин кепехь Iедалшна Iаткъам бан а, политикан дахарехь дакъалаца а,-бохуш яздо Дуьненаюкъарчу кризисийн тобано.

Цо билгалдоккху 20 шарахь ницкъаллийн структураш лелийначу харцонаша бакъо тоьлур ю бохучух нехан тешам байина хилар. Бакъонашларъярхоша дуккха а меттигаш гучуяьхна нуьцкъала адамаш дIадигина а, уьш хьийзийна а, дайина а. Амма цу нахана а, байинчеран гергарчерна а бакъо ца карайо махкахь, аьлла ду рапорт тIехь.

И дерриг а цхьаьнатоьхча адамийн тешам бов Iедалан институташка болу. Дуккха а Къилбаседа Кавказерчу бахархошна, коьртачу декъана бусулба нахана хетарехь, низамаша а, Iедалан кепаша а шайх тешам байина. И бахьана долуш уьш тIегIерта бусулба низамашна а, Iадаташна а. Цара шайна аьхна йолу дахаран кепаш кхуллу къаьсттина Къилбаседа Кавказан малхбалерчу республикашкахь бохуш, жамI до кризисийн тобано.

Рапорта тIехь хьехарш а дина кризисийн тобано Оьрсийчоьнан Iедалшна а, Къилбаседа Кавказерчу республикийн куьйгалхошна а, Оьрсийчоьнан къоман террорана дуьхьал йолчу комитетана а, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думанна а, Къилбаседа Кавказерчу мехкашкарчу диндайшна а, Европан Кхеташонна а.

Иштта, бакъонашларъярхошна хетарехь, Оьрсийчоьнан Iедалша леррина программа кхолла еза Къилбаседа Кавказе Оьрсийчоьнца интеграци яйта. Регионерчу Iедалша тIамца доьзна доцу некъаш лаха деза, тIемалошна дуьхьал лаьтташ. Пачхьалкхан Думо амнисти кечъян еза Къилбаседа Кавказерчу тIемалошна.

Цул сов, Оьрсийчоьнан Iедалша хийца еза махкара политикан система, демократин кепаш юкъаялор Iалашонца, ткъа Европан Кхеташоно сацо ца деза Къилбаседа Кавказехь йолчу конфликташна мониторинг яр, алсам тидам тIебахийта беза цунна, Оьрсийчоьнна тIеIаткъам бан беза Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бина сацамаш кхочуш байта.


Москох рапорт довзутьйтуш хиллачу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара вевзаш волу бакъонашларъярхо «Мемориал» цIе йолчу бакъонашларйон центран куьйгалхо Черкасов Александр. Черкасов Нохчийчохь тIемаш дуьйладелч хьана масийтта шо Нохчийчохь а, луларчу ГIалгIайчохь а даьккхина ву. Тахана а ву иза и регион къаьсттина шен тидламехь латтош.

Черкасов Александрца къаьмел дира Маршо Радионо Дуьненаюкъарчу кризисийн тобано кечдинчу рапортах лаьцна. Цу вовшахтохаралло толлург Къилбаседа Кавказ ялахь а, дуьйцург Оьрсийчохь массанхьа а хуьлуш ду бохуш дуьйцу Черкасовс.


Черкасов Александр

Черкасов Александр

Черкасов Александр: «Рапортан цу декъехь дуьйцург ду, ма дарра аьлча массанхьа а хуьлуш дерг. Харжамаш? ХIун харжамаш буьйцу аша? Меттигехь шаьш Iедал лелор... Меттигашкахь хIун Iедал лелор ду?.. Бюджет цхьанаметте гулъяр иштта ду. Дукхах долу регионашкара рицкъ цкъа дуьххьара федералан центро дIаоьцу. Цул тIаьхьа трансфертаийн кепехь цхьана декъана юхало.

Ткъа Кавказера хьал жима-тIама кхечу тайпана хила а мега, иза мелла а алсам дотацеш луш йолу меттиг ю, кхечарца юьстича, амма тIех сов хийцаделла хьал дац.

Харжамаш а, уьш дIахьош бозбунчаллаш лелор а. Амма кхузхь а бехк ма билла суна ... ТIаьхьарчу шина шарахь адам харжамаш шен Iуналлехь латто гIерташ долун дела цунна гIоле хаа вайн харжамаш харжамаш боций а, цуьнан жамIаш цхьана меттехь яздеш хилар а.

Къилбаседа Кавказ кхузахь а алсам гуш хила а мега. Аса бохург ду, цхьана харжаман куьпа кхажтаса баьхкинчу нехан терахь 0 процентана улле гIерташ хуьлу, ткъа дIаязйина 100 процент хуьлу. Иза мелла а гуш хуьлу Оьрсийчура ваханчу тергамхочунна. Иза хуьлу кхечу стеган бIаьргахь хIума ган атта долун дела шен бIаьргахь йолчул а. Маьлхха а Москохана а гонахарчу метте гIо шу, цигахь а и проценташ ехкина хила мега».

Бакъо тIеяккхар аьлча, нийсо каро аьтто ца хилар ерриг а Оьрсийчохь ду боху Черкасов Александрс

Черкасов Александр: «Бакъо коьрта хилар?! Суьдашкахь нийсо каро аьтто ца хилар схьаэцча, иза ерриг а Оьрсийчохь долу сурт ду. Цу рапортан кху декъехь дуьйцург ерриг а Оьрсийчоьнан территори тIехь хилар ду гуш дерг. Юккъехула аьлча, цо мохк боьхна дIабаларна тIе буьгуш бу. Цхьа Къилбаседа Кавказ дIаяла мегар аьлла кхерам беана ца Iа цу кхачамбацарша.

Айша ойла яйша! Цхьана Томскехь, я Къилба Сахалинскехь ала тарло «тоьар ду Москох кхаба» аьлла. Дийца а дуьйцу цигахь иза, цхьаболчу вайн толур боцучу наха «тоьар ду Кавказ кхаба бохуш ма-хиллара».

Регионерчу Iедалша тIамца доьзна доцу некъаш лаха деза, тIемалошна дуьхьал лаьтташ аьлла, хьехар дина «Дуьненаюкъарчу кризисийн тобано». Бакъонашларъярхо Гисаев Ахьмад Мемориалан цIарах болх бина ву Нохчийчохь. Цуьнга хаьттира Маршо Радионо, хIун дан деза аьлла хета хьуна, баккъалла а Къилбаседа Кавказера тIеман дов сацо а, цигахь машар дIахIотто а аьлла.

Гисаев Ахьмад:


Гисаев Ахьмад -- Президентан хIусамах йисина мармаран экъа а карахь.

Гисаев Ахьмад -- Президентан хIусамах йисина мармаран экъа а карахь.


















Тахана Оьрсийчоь цу новкъа ера ю аьлла сатуьйсийла ца хиларх кхета Гисаев Ахьмад а, кхин болу а Къилбаседа Кавказера хьал шайн тидамехь латтош болу бакъонашларъярхой.

Амма Черкасов Александрна хетарехь, Оьрсийчохь тахана хIумма а далур дац бохург цхьана агIор нийса дац.

Черкасов Александр: «Оцу хаттарна дацаре жоп лур ду аьлла ойла кхоллаяла еза аьлла хетало. Амма, таьхьарчу шераша гайтина ма-хиллара, дерриг а оццул гIаддайна а дац. Цу рапорт тIехь далийна ду хьалха хиллачу шина рапортаца доьзна долу хьехарш а, дов лаьттачу хьолан этникан а, динан а аспектех лаьцна долу.

Амма, масала, террорана дуьхьал ю олуш йолу операцеш дIахьош лелочуьнца доьзнарг схьаэцча, цигахь Iедалшна хьехар дина кIоршаме ницкъах пайда эцар а дитий, кIедачу ницкъах пайда эцарна тIе довла аьлла. Цу гIуллакхо аьтто бан мегара динан тобанашна, терроризмаца къийсам дIахьош ду бохуш, репрессеш яр сацон. Цо аьтто бан мегара хьаннашкара а, лаьмнашкара а, лечкъина бехачура а арабовла луьра зуламаш дина боцучу нахана.

Цо аьтто бан мегара машаран дахаре юхаберза лууш болу нах цу меттигашка ца лехка. И хьехамаш бича дика хир дара аьлла сатийса бина бу аьлла хета а там бу. Делахь а, тIаьхьарчу хенахь вайна гира мел лаххара а Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а цу тайпа кепаш юкъаяьхна хилар. ТIемалой машаран дахарехь дIанисбар Iалашонца кхоьллина комисси яра Дагестанехь болх беш.

Карарчу хенахь иза дIасахецна ю. ГIалгIайчохъь а яра болх беш цу тайпа комисси. Иза цхьа ша тайпа Iехадалар ду, Оьрсийчохь хIумма а далур дац бохург.

Бакъду. Сочехь Олимпиада тIекхочуш ницкъаллийн структурашкара жамIаш доьхуш ду. ТIемалошца къийсам латтош буьрса кепаш лелор доьху цаьрга пачхьалкхан куьйгалхоша. Цу хьелашкахь дерриг а во хир ду ала атта ду.

Амма тхуна а ма ца моттара тхо Дагестанера а, ГIалгIайчура а Iедалшца болх бан дуьйлалуш, цигахь нах карор бу аьлла тхайна гIо дан лууш а, къедачу ницкъан кепаша, генна ойла йича, эвсара хиларх кхеташ болу а. ХIунда аьлча цу тайпа къедачу кепаша бух боха бо тIемалойн тобанийн, аьтто дIабоккху цу тобанашка керла нах бахаран».

Бакъонашларъярхо Гисаев Ахьмад ца теша, Дуьненаюкъарчу кризисийн тобано ма-хьеххара, Европан Кхеташонан Оьрсийчоьнан Iедалшна Iаткъам бан аьтто бу бохучух.

Гисаев Ахьмад:





Черкасов Александра дагадоуьйту Европан Кхеташо Оьрсийчоьнан Iедалша лара езаш йолу мехала институт хилар. Масал а даладо цо, цу институто Iаткъам а бина, Оьрсийчоьнан Iедал меттахдаьлла.

Черкасов Александр: «Европан Кхеташо, аьлча а, цуьнан вуно мехала йолу орган Европан Адамийн Бакъонакахула йолу Кхел цхьаъ бен яц Оьрсийчоьнна, кхечу Европан кхеташонна юкъайолгIучу пачхьалкхашна санна, илла-билла кхочуш бан безаш болу сацамаш беш йолчу дуьненаюкъара низамца йолу институт.

Нагахь цхьана пачхьалкхо и сацам тергал а ца беш буьтуш меттиг ягIахь, тIаккха гIуллакх шен караэца дезаш ю Европан Кхеташонан кхочушдаран орган йолу министрийн комитет. Цо шена хетарг ала дезаш ду. Ала деза, Европан Кхеташонан арахьарчу гIуллакхийн министрийн комитет, ша дипломатин орган хиларе терра, дипломатийн кепашца лелаш хилар.

Цундела Оьрсийчоьно, 2000-чу шарахь Iай Котар-юьрта бомбанаш а йиттина, нах байар талла аьлла шега дина дехар терго а ца еш дитича, комитето и бахьана долуш шен кхеташо дIаяьхьира. Цо сацам тIеийцира Оьрсийчоьно эххаре а дан деза и гIуллакх талла оьшуш дерг аьлла.

Ткъа хIун хилара?! Хинца Оьрсийчоь, гарехь, эвсара гIулчаш йохуш ю кехат тIехь хIумма а ца хиллера аьлла сурт хIотто. Соьлж-ГIалахь суьдашкахь, тIеман прокуратура ю Оьрсийчоьнан эскархоша динарг низаман бух тIехь дара аьлла толам баккха гIерташ.

Амма, ма дарра аьлча, Страсбургехь бинчу сацамаша Iаткъам бо цхьацца адамийн кхолламашна. Иштта лачкъийна болчу нехан кхоллам толлуш сихха Страсбурго сацам бар бахьана долуш цхьаболу нах маьрша баха аьтто баьлла.

Кхелаша сацамаш беш а хIинца пайдехьа даьлла Европерчу Адамийн Бакъонашкахула йолчу Кхело бина сацамаш. ХIинца махкарчу кхелаша а сацамаш бо эшам хиллачу нахана компенсаци яларан хьокъехь. Церан барамаш а бу Страсбургерчу кхело хIитточу барамашца буста таро йолуш.

Дера, лаа ма лаара кхин а эвсара гIирсаш хуьлийла хIоьттинчу хьолана Iаткъам бан. Амма Страсбургерчу кхелал а эвсаралла йолуш кхин орган яц вайн. Яц Оьрсийчоьно лоруш йолчу Европан Кхеташонал а лоруш йолу институт. Олуш ма-хиллара, герб тIехь йолу кехат ца хиларна, могIарерчу кехат тIехь яздо оха.

Цундела, суна хетарехь, оццул гIаддайна а дац дерриг а. Наггахь нийса долу хIуманаш юх-юха а дийца а, хьехо а деза. ТIаккха федералан тIегIантIехь кара ца бахь а, меттигерчу Iедалехь нах карор бу и хьехарш кхочуш дан кийча болу.

Эххаре а тIаьхьа, цигахь, Кавказехь, оьшш бу машар. Цигара нах ма бу цу соцуш боцучу тIамехь бехаш. Уьш гIоле кхеташ бу. Уьш цигахь командировкехь бац. Уьш цигахь даиман а хир бу".
XS
SM
MD
LG