ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь хенаш тоьхна 15 бусулба политикан тутмакх лерина «Мемориало»


Оьрсийчоь -- "Ат-Такфир ва аль-Хиджра" тобанан декъашхой лецира полицино Москох. Лахь.27, 2013
Оьрсийчоь -- "Ат-Такфир ва аль-Хиджра" тобанан декъашхой лецира полицино Москох. Лахь.27, 2013

«Мемориал» адамийн бакъонашкахула йолчу центро политикан тутмакх лерина, Москох «Киргизия» кинотеатрехь теракт кечйеш хилла, аьлла, чувоьллина волу 15 бусулба стаг. Бакъонашларъярхоша дIахьедина, тутмакхаш дIа а хеций, и харц гIуллакх кхоьллина болу полисхой жоьпе озабе, аьлла.

15 бусулба стаг лаьцнера полицино 2013-чу шарахь Москох хIостелехь (маьнга бен кхин гIоленаш йоцу цхьаьнаIойла). Уьш Оьрсийчохь йихкина йолчу "Ат-Такфир валь-Хиджра" терроран организацин декъашхой бу, аьлла, дIакхайкхийра Оьрсийчоьнан МВД-но.

2016-чу шарахь Охан-баттахь 11 шаран тIера 13 шаре кхаччалц хенаш туьйхира цу нахана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG