ТIекхочийла долу линкаш

Украинера оппозицин хьалханчаш тIеэцна Меркела


Германи -- Украинера оппозицин хьалханчаш тIеэцна Меркел Ангелас, Чил17, 2014

Германи -- Украинера оппозицин хьалханчаш тIеэцна Меркел Ангелас, Чил17, 2014

Оппозицин ши куьйгалхо, Кличко Виталий а, Яценюк Арсений а Меркел Ангелица оршот динахь цхьаьнакхеттачехь дийцаре динчу хеттарех коьрта шиъ дара, дуьхьалончашна полицино ницкъ бар магийна долчу Украинин лакхарчу Iедалхошна дуьхьал санкцеш ярий, ткъа иштта цу пачхьалкхана Германино ахчанца гIо дарий.

Нагахь санна, цу шина хаттарах шозлагIа дерг, - Украинина финансашца гIо дар, - мелла а къастийна даьлла лара йиш елахь, хIунда аьлча Меркелс шен пачхьалкхено Украинина демократин реформийн некъа тIехьбелшашгIорторхьама 610 миллион евро дала кийча ю аьлла дош делла хиларна, - хьалхарчу хаттарца долчун иштта башха атта йист яккха ка ца делира Кличкон а, Яценюкан а.

Оппозицин куьйгалхоша Меркелца шайн цхьаьнакхеттар чекхдаьлачул тIаьхьа журналисташка динчу дIахьедарца, цу хьокъехь гергарчу хенахь тайп-тайпана варианташ тергал йийр ю Европерчу куьйгалхоша. И варианташ, Кличкос дийцарехь, Украинина уггаре а гIолехь ерш а хир ю.

Шен рогIехь Украинерчу оппозицин куьйгалхошца цхьаьнакхеттар чекхдаьллачул тIаьхьа немцойн канцлера Меркел Ангелас цу пачхьалкхан куьйгалло цхьацца къепедацаршна бехке а бина, лийцина болчу Майданан жигархошна амнисти ян сацам бар къобалдира, иза „позитиве гIулч“ ю а олуш.

Меркельс иштта билгалдаьккхира, кхин дIа а керла урхалла кхуллуш Украинин Iедало къахьега дезаш хилар а, сихонца пачхьалкхан Конституцина реформа ян езаш хилар а. „Украинин къомо шен бакъонех пайда а оьцуш, шен лаам бовзийтар а, дIакхайкхор а Германин канцлеро къобалдеш ду.

Ткъа Германино а, Евроберто а кхин дIа къахьоьгур ду, Украинера политикан кризис дикчу агIор ерзорхьама“- элира немцойн урхаллин официала векало Зайберта.

Бакъду, Меркелас иштта билгалдаьккхира, ша хIуъу дина а, Украинин куьйгаллина дуьхьал санкцеш ян еза аьлла хеташ яц бохург. И хIума Украинера политикан кризис дIайерзорхьама ца дича ца долуш хIума а ца лору ша элира цуо.

Изза аьлла хеташ ву немцойн куьйгалхой Украинерчу дуьхьалонан боламан жигархошца дIадаьхьанчу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хилла волу, Меркелс куьйгалла дечу Кериста-демократийн партин векал волу Шоккенхофф Андреас а. Украинин куьйгаллина дуьхьал санкцеш яран гIуллакх кхин дIа а дикка талла дезаш ду элира цуо, цхьа сацам тIеэцале хьалха.

Оппозицин куьйгалхой Берлинехь Германин а, Евробертан а гIо лоьхуш лелачу муьрехь Оьрсийчоь, шен агIор, Украинин президентана белшашгIортор алсамдоккхуш ю. Кху кIиранахь Оьрсийчоьно Украинера еврооблигацеш оьцур йолуш ю 2 миллиард евро механа.

Карладаккха догIу, баханчу гIура баттахь Оьрсийчоьнан куьйгалло иштта Украинина 3 миллиард евро механа гIо дина хилар, ткъа гулахьчу хьесапехь Оьрсийчоьно цу пачхьалкхана лур ду аьлла долу кредиташ I5 миллиард евро меха ду. Дуккхаъчу тергамхошна хетарехь, Украинин президент Оьрсийчоьнна муьтIахь хиларан а, цуо Европехьа букъ берзоран а мах бу иза.

Иштта дуккха бу Малхбузехь Сочера Олимпийн ловзарш дIадирзинчул тIаьхьа Путинс юха а Украиница дера къамел дан долор ду, иза шен тIеIаткъамна кIела ялорхьама, аьлла хеташ болу тергамхой.

„Оьрсийчоь Украина а йоцуш, шена ма-хетта йоккха импери ца хилало, цундела а гIуртур ю иза хIуъу дина а, Украина дIа ца хеца“, - аьлла хеташ ву, масала, мацах цкъа Цхьанатоьхначу Штатийн президентан хьехамча хилла волу аналист Бжезинский Збигнев.
XS
SM
MD
LG