ТIекхочийла долу линкаш

Меркел Ангела - керла шира канцлер


Германи -- Ангела Маркелина хIинцца хиина шен партино бундестаган харжамашкахь толам баьккхинийла, Берлин, 23Гез2013.

Германи -- Ангела Маркелина хIинцца хиина шен партино бундестаган харжамашкахь толам баьккхинийла, Берлин, 23Гез2013.

КIирандийнахь Германехь дIабаьхьначу харжамашкахь юха а толам баьккхина Меркель Ангелас куьйгалла дечу Керста -Демократин партино. Цундела кхидIа а Меркель юьсур ю немцойн канцлер.




41 процент сов бу махкахошкара Меркел Ангелина кхаьчна кхаьжнаш. Цунна тIаьхьахIоьттина йогIу социал-демократин парти - 27 процент кхаьжнаш кхаьчна цунна.

Кхузахь билгалдаккха догIу, Меркелца канцлеран дарж къовсуш хиллачу социалистийн куьйгалхочун Штайнбрюк Пьеран оцу жамIо мехкан да хила болу сатийсамаш башийна дIабаьхьна хилар – канцлер кхин дIа а Меркел хир ю, тIехула тIе, кху тIаьхьарчу ткъеха шарахь цо куьйгалла дечу партин цкъа а ца хиллачу кепара дикачу жамIашца а хуьлуш.

Харжамашкахь тоьллачийн могIаршлахь ю иштта Аьрро парти а, шен 8 процент сов аьзнашца, иштта Баьццара парти а, изза бархI процент сов кхаьжнаш кхаьчна йолу.

Ткъа уггаре а кху тIаьхьарчу немцойн харжамийн догмовлахойх лара богIу бархI шарахь Меркелан Кериста-демократийн партица цхьаьна коалицехь Германин урхаллехь хилла йолу Маьршачу демократийн парти. Уьш ур-аталла парламенте чекх а ца бевлла. Цундела шайгара масех министран дарж а, вице-канцлеран дарж а охьадила дезар ду церан керлачу министрийн кабинетехь.

Кху шарахьлерачу харжамашка экономикан кризис бахьана долуш а, политикашна гонахара скандалаш бахьана долуш а, юкъараллехь яьржаш йолу догмовлалла бахьана долуш а меттигера нах харжамашка баха сиха цахиларна саготта бара немцойн тергамхой. Амма и кхерам бух боцуш нисбелира - 71,5 процент нах бахара харжамийн каппашка.

Царна юкъахь хIинцалц цкъа а ца хиллачу кепара дукха нохчий а бара. Уьш Европе дIакхелхина масех шо бен ца хиларна дукха бацахь а.

Ишттачарех ву немцойн МайнтIерачу Франкфуртехь веха волу Ахмадов Сайхан. Ши шо хьалха немцойн паспорт схьаэцна волу иза дуьххьара ваханера Германин канцлер хоржуш дакъалаца. Дукха буй Германехь харжамашка баха бакъо йолу нохчий, аьлла хаьттира цуьнга Маршо Радионо.

Ахмадов: „Германехь харжамашкахь дакъалаца бакъо йолу нах массо а шарахь алсам бовлуш бу, хIунда аьлча, нах тIеоьхуш а бу кхуза, вуьшта хьалхо схьабаьхкинчара кехаташ схьа а оьцуш, кхажтасса бакъо каракхочуш а бу. Цундела дIабаханчу харжамашкахьчул а дуккха нохчий бара кху харжамашкахь дакъалаца йиш йолуш. Эзарнашкахь бацахь а, масех бIе стаг вара майра ала йиш хир ю“.

Ткъа хьанна тоссура те Германехь бехачу нохчийн мухIажарша кхаж?

Ахмадов: "Нохчийн мухIажарш кхаж тоссуш бу", аьлча, иза нийса хир дац. ХIунда аьлча, мухIажарш бара уьш шаьш схьабаьхкинчу хенахь. Ткъа хIинца уьш, массеран йолу бакъонаш а йолуш, кху пачхьалкхан бахархой бу. Кхаж хьанна тоссура вайнаха аьлча, дукхахболучара, суна бевзачара, социал-демократашна а, Баьццарчу Партина а тосура. Церан политика мелла а тхаьшна герга хеташ ду тхо.

Ткъа Меркелна вайнчара кхаж ца тассаран бахьана, суна хетарехь, кху тIаьхьарчу хенахь кхузарчу юкъараллехь долу хьал мелла а вочу агIор хийцаделла аьлла хеташ ду тхо. Мацах цкъа яханчу хенахь кху махкахь хиллачу кепара цхьацца радикалан хьежамаш карлабуьйлуш санна хета тхуна, кхечанхьара тIебаьхкинчаьрца а, хийрачаьрца а йолу юкъаметтигаш а гамлуш санна хета. Ткъа и хIума иштта хиларна бехке Iедалан куьйгалла ду. Цара иза магош дацахь, иза иштта даьржаш хир дацара юкъараллехь“.

Франкфуртан вахархочо Ахмадов Сайханна ма дийццара, тIаьххьарчу шерашкахь мелла а хийцабелла богIу немцойн юкъараллехь а, политикехь а тIебаьхкинчаьрца а, хийрачаьрца а болу хьежамаш. Амма иза, харжамийн жамIаша ма-гайттара, мел кIезиг а, гергарчу деа шарахь иштта лаьттар долчух тера ду.
XS
SM
MD
LG