ТIекхочийла долу линкаш

Мехкадаьттан мехаш охьадовларо кхин дIа а дайдеш ду оьрсийн сом  


Беттанашкахь дахделла  мехкадаьттин мехаш лахдовлар кхаари сарахь а, еари дийнахь а рогIерчу рекорде кхаьчна – тоьллачух Брент цIе йолчу мехкадаьттин чермин мах кху сохьтехь  33 долларе ца кхочу. Брентал кхачамна мелла а оьшуш, я механа  дорахох хуьлуш долу мехкадаьттийн тайпанех кхин а кIезгох доьху.

Дагадаийта догIу, Оьрсийчоьнна дуьхьал ши шо хьалха Малхбузено санкцеш яха йолийча, ткъа цу хенахь 130 доллар чермах доьхучура цу сурсатан мехаш охьадовла дуьйладеллачу муьрехь Оьрсийчоьнан экономикан министро Улюкаев Алексейс а, премьер-министро Медведев Дмитрийс а чIагIдора, хилла хIуммаъ а дац, мехкадаьттин мехаш 100 долларал охьадевр дац, вай доьхна хьийза бахьана а дац, бохуш.

Амма цул тIаьхьа даьллачу шина шаро а, хIинца тIаьхьарчу деношкахь лаьттачо а гойту, дуккхаъчу аналисташа дина хилла самукъне доцу шайхаллаш – керла шо доладеллачул тIаьхьа, Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, ГIажарийчоьнан а мехкадаьттанаш дуьненаюкъехь юха а дохка-эца долийча цу сурсатан мах кхин а лахлур бу бохуш – бакъхилар.

Цкъачунна, 2016-чу шеран хьалхарчу деношкахь ГIажарийчоьно дуьненаюкъарчу дохкаршка даьккхинчу мехкадаьттин барам иштта боккха бацахь а, амма цу сурсаташ мах божорехь шен дакъалаьцна цуо. Ткъа хенан йохалла цу пачхьалкхено, хIинцалца схьа эмбарго бахьана долуш шен коьрта сурсат дохка бакъо йоцуш Iийначу, - кхоччучу барамехь мехкадаьтта Малхбузехь а, доллучу дуьнентIехь а дохка долийча, цуо мехкадаьттин мехашна бен болу тIеIаткъам лара хала ду.

Шех „Iаьржа деши“ олучу сурсатан мехаш тIаьхьарчу шина дийнахь рогIерчу орчу эгарх уггаре а лазаме тIеIаткъам Китайний, Оьрсийчоьнний хуьлуш бу. Китайхь, масала, кхаари дийнахь мехкадаьттин мехаш охьадовла дуьйладелча, эга юьйлабелира меттигерчу фондийн биржийн индексаш а, дайдала доладелира цигара ахча юан а.

Оьрсийчохь мехкадаьттин мехаш охьадовларца кхин а чIогIох дайделла сом. Карарчу хенахь 1 долларан мах 75 соьмал сов бу, ткъа еврох 82 сом ло. Иштта а тIаьхьарчу кIиранашкахь рекордечу дайдаларе дирзинчу соьман мах бар лазаме хир ду Малхбузенан санкцеша а, Оьрсийчоьнан шен Шемахь а, Малхбалерчу Украинехь дIахьочу тIеман зенаша а гIелйинчу цу пачхьалкхан экономикана. Аналисташа цу хьокъехь деш долу шайхаллаш вуно гIайгIане ду.

Иштта, масала, вевзаш волчу оьрсийн экономикан Iилманчас Жуковский Владислава „Бизнес-онлайн“ цIе йолчу сайтана ша еллачу интервьюхь элира, хIинцалерниг санна кIорга а, еха а, цул совнаха шен тIаьхьалонаш муха хир ю цхьа а ала воьхьар воцуш ша-башха а экономикан кризис Оьрсийчоьнан керлачу историн тIаьхьарчу 25 шарчохь хилла а яц, аьлла.

„Путинан пресс-секретара Песковс чIагIдо, кризисо могIарерчу оьрсийн бахархошна тIеIаткъам беш бац, бохуш, Оьрсийчохь дерриге а дика ду, бохуш. Со теша, ПесковгIеран, УлюкаевгIеран, СилуановгIеран кризис хIинца а йола а ца елла бохучух. Рублевкехь- Куршавелехь бехачарна йолуш йолу са а, тIедогIу ахча а лах ца делла бохучух“, - элира цуо, амма дукхаъчу могIарерчу бахархошна шайн яIни тIехь вуно дика хаалуш ю кризисан тIаьхьалонаш бохург билгал а доккхуш.

Жуковскийна хетарехь, цхьа ши шо далале Оьрсийчоьнан бахархойх 80 процент къеллин дозанал дехьа бехаш хир бу. И бахьана долуш юкъерчу классо гIаттам боло сахьт дац аьлла хеташ ву аналист.

ГIаттам Оьрсийчохь хилахь тамаша хеташ ву, шен рогIехь, политологин Iилманча Чапханов Руслан. Бакъду, нагахь санна Оьрсийчоьнан урхаллина шайн къоман экономика мелла а дIанисйан лаахь, цуо ша тIамна а, тIеман хьашташна а дойъуш долу ахчанаш юхаоза деза аьлла тешна ву иза.

Чапханов Руслан: „Дуьненаюкъара экономикан коньюнктура карарчу хенахь муха ю аьлча, мехкадаьттин мехаш гергарчу хенахь кхин дIа а лахлур долуш я уьш цу барамехь лаьттар долуш ю. Делахь а, цхьаболчу эксперташа ма-дийцара, Оьрсийчохь могIарерчу бахархошлахь къелла 80 процентал совйаьлча, цара гIаттам бийр бу аьлла ца хета суна.

ХIунда аьлча, Москох а, Петарбух а, и санна йолу гIаланаш дIаяьхча, кхечу меттигашкахь цу махкахь къелла вуно лакхара ю иштта а. Экономикана тIеIаткъам мехкадаьттин мехш лахдаларо иштта а, вуьштта а йийр ю. Оьрсийчоьнан куьйгалло хIинца дукха хан йоцуш тIеэцна керла тIеман концепци, тIеман гIирсаш кхолларан секторна алсамох финансийн гIодар ду цу юккъехь лерина.

И хIума вайна Советан заманчуьра девзаш ду, цунах баьлла болу „пайда“ а истори дагайогIучарна дика бевза. Суна иза харц некъ хета, экономика кхин дIа а тIеман гIирсашна хьажийна хилар“.

Оьрсийчохь мел хала заманаш бахархошна тIехIиттарх, уьш гIовтар хилар ца теша кхин а цхьа могIа тергамхой. Иштта, перспективан талламийн дуьненаюкъарчу центран аналистана Жолуд Александрана хетарехь, мехкадаьттин мехаш охьа а бевлла, Iер-дахар холчу даьллера аьлла кесталгIа Оьрсийчохь политикан я юкъараллин хийцамаш хирг хиларе сатийсар эрна ду.

Советан пачхьалкхан историно ма-гайтара, Iер-дахаран кхачамаш гIийла бара аьлла Iедалшна дуьхьал бахархой гIовтар – иза Оьрсийчохь атта нислуш хIума дац, мелхо а, дахар халох мел хуьлу а Iедална муьтIахь хуьлу бахархой, царна куьйгалла дан политикан лидершна аттох а хуьлуш.

Шен рогIехь экономикан Iилманийн кандидат волчу Новак Андрейна хетарехь, нагахь санна Оьрсийчохь экономикан хьал бахьана долуш гIаттам я хийцамаш нислуш хилахь а, уьш могIарера нах гIовтарна хир бац. Оьсрийчоьнан президентана Путин Владимирна гергарчу гоунерчу элиташна а, олигархашна а мехкадатта дайдаларна хуьлуш долчу зенийн бахьанца цара шаьш вовшашлахь карчам барна кхерам бу аьлла хета цунна.

XS
SM
MD
LG