ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мигранташ-божарий тIеэцарна доза тоха дагахь ю Германи


Германи - Берлинера мухIажирашкахула йолу офис.
Германи - Берлинера мухIажирашкахула йолу офис.

Ши шо хьалха бусалбачу мехкашкара а, Африкерчу пачхьалкхашкара а мухIажарш бIеннаш эзарнашкахь Европе схьаиха буьйлабелча цхьаццаболчу аьтто-популистийн хьежамаш болчу политикаша тидам бина дийцаре даьккхира, цу мухIажаршна юккъехь дукхахберш къона боьрша нах бу бохург.

Нагахь санна и нах боккъал а тIамах а, бохамех а бевдда белахь, цара уггаре а хьалха зударий, бераш довдийта дезара, шаьш кIелхьара бовла а ца гIерташ бохург дара цара хIетахь боьршачу мухIажаршна бехке дуьллуш дерг.

Бакъдолш, даханчу масех шарахь Германехь тховкIело ехначу нахах, меттигерчу статистикан хьукмато далочу терахьашца, 70 герга процент боьрша нах бу, доккхачу декъехь 30 шарел къонох а болуш. Шаьш мухIажарша, къаьстина Шемара бевдда баьхкинчу, и хIума иштта туду – цкъа хьалха Туркойчу, цул тIаьхьа хIурдахула цкъа хьалха Греце, ткъа цул тIаьхьа кIиранашкахь гIаш я легале доцуш нах дIасалелочу контрабандхошца Германе я кхечу царна кхача луучу махка кхачар инзаре хала а, кхераме а хIума ду, зударшна вуно хала ду и некъ юхьаралаца а, лан а.

Цундела цкъа хьалха божарий новкъа бовлу, Европехь шайна тховкIело еллачул тIаьхьа шайн доьзалш – зударий а, бераш а доьзал вовшахтохаран программица паргIат кеманца тIаьхьабахкор бу олий.

Амма нагахь санна мухIажарийн тулгIе Европе чухьаьддачу муьрехь цу тIеоьхучарна юккъехь къона божарий совтIех хилар емал деш берш аьтто-популисташ бен ца хиллехь, карарчу хенахь и хIума Iедалан урхаллерчу политикаша а тидаме эцна.

Къаьстина, шо хьалха немцойн Коьлнехь эзарнаш мигранташа тобанашка а гулбелла, зударшца эвхьазбийлинчул тIаьхьа а, ткъа иштта дела денна аьлча санна немцойн а, автсрихойн а газеташкахь криминалан хроника мухIажаршна юккъерчу зуламхоша дечу талорех юьза йолаелчул тIаьхьа а бевзаш болчу немцойн политикаша кхайкхамаш бо, мигранташлахь гендеран квоташ юккъеяха еза бохуш.

И бохург ду, Германехь тIеоьцучу зударий, божарий терахь квотица билгалдаьккхина хила деза, оц-оцал зударий, оц-оццал божарий бен махка чу ца вуьтуьйтуш йолчу бохург.

Немцойн канцлер Меркел Ангелас куьйгалла дечу Кериста-Демократийн партин цIарах Бундестаган депутат волу Вегнер Кай ву квоташ юккъеяха еза аьлла хетачех цхьаъ. Цо Бундестаге дийцаршка диллинчу леринчу документехь билгалдаьккхина ду, тIейогIучу хенахь Германе цхьатерра терахь зударийн а, божарийн а бен чубита мегар дац, аьлла, хIунда аьлча хIинцалца цхьа мигранташ-божарийн терахь пропорционале доцуш лакхар хилла дена. „Ткъа и бахьана долуш юкъараллехь оьгIазлонаш а, агресси а алсамйала там бу“, - аьлла тешна ву иза. Масалина Инди а, Китай а ялайо цо.

Божарий дукха гулбеллачу меттехь я боьрша бераш доьзалшкахь алсам девллачу меттигашкахь агресси а, тIемаш а, оьгIазло а алсам йолу бохург хIинца немцойн политико дуьххьара юккъеяккхина яц. Къаьмнаш а, геноцидаш а толлуш волчу цIеяхханчу Iилманчано ХIайнсон Гуннарс и божаберийн алсамаллий, агрессий, тIомий цхьаьнадоьзна ду боху теори юккъеяьккхина пхийттех шо ду.

Венерчу университетан профессор Крамер Йоханна а ю дуккхаъчу шерашкахь миграци а, гендер а, агресси а толлуш. Цунна хетарехь, коьрта проблема Германе а, Европе а схьаоьхуш болу нах доккхачу декъехь нийса бIостанерчу културан гонашкара хилар ду. Уьш кхечу хийрачу меттигашкара хилла ца Iаш, доккхачу декъехь уьш тIехула тIе шаьш схьабевллачу мехкашкахь а провинцехь баьхна, гIалийн дахарийн кепаш ца евзаш хилар а ду.

Крамер Йохана: „Суна хетарехь, вай кхета деза, и нах абсолют кхечу културан гонашкара схьаоьхуш хиларх. ТIаьхьарчу бIешарахь Германехь хиллачу хийцамийн истори царна евзаш ца хиларх а. Уьш, аьр вай, масала, Къилбаседа Африкера баьхкина ца Iаш, цигахь а цхьанхьа вуно архаикалле юккъаметтигаш лелачу провинцешкара схьаоьхуш хилар а.

Уьш керлачу процессех чекхбовла безаш хуьлу – сан рол хIун ю кху керлачу хьелашкахь бохучу. И шайн рол ца карийча божарий тIаккха агрессе боьрзу, зударшна дуьхьал а. Вайна и саннарг хIинца кхузахь мухIажаршца гина ца Iаш, масала, Индехь а го, цигахь божарша тобанашкахь зударшна ницкъ бечу хенахь цара гойтуш ерг шайн гIорасизалла а, оьгIазло а ю бохучух шаьш Индера интеллектуалаш а бу“.

Бакъду, немцойн политикашна юккъе яха лууш йолчу гендерийн квотех пайда бер бац аьлла хета профессор Крамерна, цунна метта, и мухIажарш Европе схьакхаьчначу хьалхарчу дийнахь дуьйна царна Iамон дезаш ду кхузахь хIун ламасташ лела а, хIун низамаш ду а аьлла тешна ю иза. Цул совнаха, адам боьрша я стен ду бохучу бахьанца цуьнан тховкIелонах долу дехар тIе ца оьцуш Iе бакъо ца ло Евробертан низамаша.

XS
SM
MD
LG