ТIекхочийла долу линкаш

Подмосковьехь тIелатар дина Новая газетан журналистана Милашина Еленина


Оьрсийчоь -- Измайлов Вячеслав, Маршо Радион Москох студи, 21Деч2009

Оьрсийчоь -- Измайлов Вячеслав, Маршо Радион Москох студи, 21Деч2009

Еарин буса шен хIусаманна генадоццуш йиттина Новая газетан корреспондентана Милашина Еленина. Цунах лаьцна цо ша яздина шен интернетехь йолчу агIонна тIехь. Шен доттагIчуьнца цIа йогIуш йолчу шена тIелеттарг ши стаг вара бохуш яздо цо.


Еарин буса шен хIусаманна генадоццуш йиттина Новая газетан корреспондентана Милашина Еленина. Цунах лаьцна цо ша яздина шен интернетехь йолчу агIонна тIехь. Шен доттагIчуьнца цIа йогIуш йолчу шена тIелтатрг ши стаг вара бохуш яздо цо.

Дукха чIогIа йиттинчух тера ду журналистана цергаш а йохуш. Цуьнца хиллачу зудчуьнгара тоьрмиг баьккхина зуламхоша чошь ноутбук а йолуш. Шега ахча даьккхина бохуш яздо Милашинас.



Оьрсийчоь – Милашина Елена, Маршо Радион Москох студи, 11Гезг2008

Оьрсийчоь – Милашина Елена, Маршо Радион Москох студи, 11Гезг2008

​Новая газета Iедалшна ца товш долу материалаш зорбане яхарца доьвзуш ду. Цу газетан корреспонденташна тIелетарш дар сих сиха хуьлуш ду. Байинарш а бу царна юкъахь. Цхьа Политиковская Анна хьахийча а тоьар ду цара ловш болу тIеIаткъам муха бу бохург кхето.

Новая газетан белхахочуьнга Измайлов Вячеславе дийхира Маршо Радионо хиллачух лаьцна дийцахьара, аьлла.

Маршо Радио: Хьуна хIун бахьана ду, аьлла, хета цунна тIелатар даран?

Измайлов Вячеслав: ХIинцца полицин куьйгалхо, Балашихера полицин куьйгалхо ваханчух тера ду цига иза йолчу, дарбанцIийне. Аса юйцур яц версиш. Сайна билггала хилларг хIун ду хууш ца хилча, дуьйцур дац аса.

Маршо Радио: Ткъа мила хир ву, аьлла, хета хьуна шун балхана реза воцуш верг, цу тайпа тIелетарш шун журналисташна сих-сиха хьулун дела хоьтту оха иза?

Измайлов Вячеслав: Массо а бу оха бечу балхана реза боцуш, Iедалшна тIера дIадолийна, могIарерачу криминалана тIекхаччалц. Реза боцуш бу тайп-тайпана нах.

Маршо Радио: Хьалха хилла долу Новая газетан журналисташ байар а, царна тIелетарш дар а толлуш, цхьа а жамIаш дуй?

Измайлов Вячеслав: Хала хеташ далахь а, Домников Игор хьокхехь долу гIуллакх дIадаьккхича (цигахь гIуллкх дIадирзина дацахь а, иза кхин дIа а толлуш ду цунна тIеталар де, аьлла, омра делла болу нах лохуш), кхечу гIуллакхашкахула хIара ду, аьлла, жамIаш доцуш ду. Бабурова Анастасия ер толлуш жамIаш ду, амма кхечу гIуллакхашкахула жамIаш дац. Дац!

Маршо Радио: Ткъа Милашина Еленас язйеш ерш хIун материалаш яра? ХIу теманаш яра цо газетехь дIахьуш ерш?

Измайлов Вячеслав: Леночка 18 шо шен долуш дуьйна, ша МГУ-н журналистикан факултетан хьалхара курсехь йолчу хенахь дуьйна болх беш ю Новая газетехь. 1997-чу шарахь дуьйна болх беш ю иза кхузахь. 15 шо хуьла-кх иза. Тахана иза дIалоцуш ю, цхьана хенахь Политковская Аннас дIалоцуш хилла, меттиг. Ерриг а Къилбаседа Кавказ цунна тIехь ю. Берриг а журналистан адамийн бакъонашларйон болх а бу Леночкина тIехь.

Маршо Радио: Шун накъостана рогIера тIелатар дина. И бахьана долуш шайн позициш хуьйцур ю, аьлла-м, ца хета хьуна шайн журналисташа?

Измайлов Вячеслав: ХIа-хIа. ХIа-хIа. Новая газетехь болх беш болчу журналисташа кхечу меттехь, цхьана а зорбанан гIирсехь, болх бийра бацара. Уьш иштта бу. Новая газето шайна делларг бахьана долуш, дог дуьзна бу уьш. Уьш хастам беш бац шайна ахча даларна, уьш хастам беш бу шайна иштта болх бан аьтто барна. Цундела уьш совцур бац. Къаьсттина совцо хала хир бу кхераме болх беш болу зударий: Милашина Леночка а, цуьнца хIинцца дарбанцIийне яхана йолу Боброва Олечка а, Гордиенко Юлия а.
XS
SM
MD
LG