ТIекхочийла долу линкаш

ХIора шарахь арахоьцучу шен бюллетенехь коьртачу хиламашшна а, царах хIотталучу хьолах лаьцна дуьйцуш ду. 29 агIонах хIоьттинчу цу документан тIехь билгалдоккху, дIадаьллачу цхьана шарахь а, кху шеран юьхьехь а тIемалойн гIаттамаш жигара бевла хилар а, иштта оцу бахьанехь низамхошна юккъахь хуьлуш долу дараш алсамдаьлла хилар а. Кху тIаьхьарчу 5-6 шарахь хьал мелла а тийналлехь дара. Ткъа, хIинца телхина иза боху «Мемориалан» куьйгалхочо Орлов Олега. Шаьш, даима, терроризм цхьана ницкъаца эшалура яц бохуш, делхийнарг ду иза, -элира цо Маршо радиога вистхуьлуш.

Орлов: «Беккъа цхьана ницкъаца терроризм эшалур яц. Терроризман тIехь толам баккха, оьшург ду юккъараллан доккхачу декъо низамхошна накъосталла дар. Оха билгалдоккху, 2009-чу а, 20I0-чу а, 2011-чу а, 2012-чу а Къилбаседа Кавказерачу мехкашкаь, цхьа Нохчийчоь йоцург, кхин курс яра юьхьарлаьцна. Иза хIун бохург ду? Iедалша маслаIатан а, адаптацин а комиссеш кхоьллинера. Герз охьадилла луу тIемалочунна тIеван йиш яра цига. Иштта Iедалша динан бух тIехь бекъабеллачарна юкъахь а дийцарш дора. Оцу хенахь Iедалша а, юкъаралла а вовшашна герга яхнера. Iедалша жигара болх бора бакъонашларъярхошца. Оцу хенахь тхуна гира хьал хийцалуш хиларна. Низамхошна юкъахь долу дараш а лахделлера. Кхин дIа а вайна гуш дара, гIаттамхойн жигаралла лахъялар».

Тийналла хIоьттинчул тIаьхьа, нехан дегнашкахь сатийсам кхоьллабеллачу хенахь, юха а карчадоладеллера хьал. Масала, Нохчийчуьра Iедалан буьрсалло меттигерачу кегийрхошна юкъахь дуьхьалонан дог-ойланаш кхуллу, аьлла дуьйцуш ду «Мемориало» арахецначу бюллетенехь. Цуьнах иштта элира оцу центран куьйгалхочо Орлов Олега.

Орлов: «Цул тIаьхьа оцу некъахь вай дIахедира. Путин юха а Iедале ма веънехь, юханехь доладелира ша дерриг. Юьхьарлаьцнера ницкъ а, низамехь йоцу Iедалера террор а. Оха баьхнера, хIай дукхадахарш, иштта кIоршаме хилча, дуьхьало а чIагIлур ю. ХIинца, вайна халахеташ далахь а, вайна гира-кх 2016 шарахь гIаттамхойн жигаралла. Оха мел баьхнарг хилира. Дала тIе ма доийтила иза иштта кхин дIа а хилар. Малхбалера терроран цхьанатохараллашкара кегийнах цIаэха буьйлалахь, хIинца дерг ловзар ду моьттур ду вайна. ТIаккха дуу цIазам къаьхь хир ду».

Массо а мехкашкаь дац хьал, масала Нохчийчохь санна боху «Мемориалера» бакъонашларъярхоша шаьш кечдинчу рапортехь. ГIалгIайн махкахь юкъараллица а, бакъонашларъярхошца а мелла а дIаэн гIерта Iедалш, аьлла хета царна. Цигахь бен хила лур дацара, дIалецна болу нах хьийзош, царна тIехь къизаллаш йина болу меттигерачу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан чуйогIу экстремизмаца къийсам латтош йолу центрера куьйгалхо а, цигара цхьа моггIа белхахой а чубохкар, бохуш кхин дIа а дуьйцу «Мемориалан» куьйгалхочо Орлов Олега.

Орлов: «ГIалгIайн махкара ЦПЭ олучу декъана куьйгалхо дIалацарх ма дац иза хьал тамашена. Цу юккъера цхьа моггIа белхахой дIалацар ду коьртаниг. Кхиъ дIалуьйцуш а бу уьш. Кхузахь хIунда хилла иза? Ала догIу, ГIалгIайчохь хьал къаьсташ ду кхечанхьачул. Хьалхалерачу некъан тIехь ю республика хIинца а. Iедалша Iаткъам беш бац тIемалойн доьзалшна Нохчийчохь санна. Мелхо а, уьш тIакIабеш бу цара. ЦIенош а дагош дац тIемалойн. Цундела ГIалгIайн мохк къаьсташ бу кхечу республикех. Цундела цигахь ЦПЭ тобанна белхахой чубохка аьтто баьлла».

«Мемориало» арахецначу оцу бюллетенехь шортта дуьйцуш ду Къилбаседа Кавказерачу хIора регионехь адамийн бакъонаш йохош динчу зуламех а, Iедалша царна накъосталла ца дарал сов, шаьш а дакъалоцуш хилар. Цундела, бакъонашларъярхошна хетарехь, къаьстина ницкъаллийн структурашкахь къепе ца хIоттадахь, цу тайпа бюллетенеш кест-кеста зорбане евр ю.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG