ТIекхочийла долу линкаш

Таж туьллуш хилла-а? Хьанна?


Чехин Республика - Чехин керла президент Земан Милош ву Чехийн паччахьаша таж nуьллуш лелийна еза хlуманаш гойтучу церемонехь, Прахlа, 09Сти2013

Чехин Республика - Чехин керла президент Земан Милош ву Чехийн паччахьаша таж nуьллуш лелийна еза хlуманаш гойтучу церемонехь, Прахlа, 09Сти2013

Чехин керлачу президенто Земан Милоша ира-кара хIоттийна интернет-юкъаралла. Чехин паччахьашна таж туьллуш лелийна дашо хIуманаш гойтучу, официала церемоне, кIеда аьлча, мелла веанера. Видео тIехь дика гуш ду, охьа ца вожа, цо пен лоцуш. Дийцарехь, цул хьалха иза Чехин Республикера Оьрсийчоьнан векалалле кхайкхина хилла? Толаман де даздеш дакъа лаца.

Земан Милош халла лаьтта шен когаш тIехь. Церемонехь масех киртиг еара, цуьнан дIасалестар кхераме долуш.

Президент «дика воций» тIех дика гуш хиларна, цхьаъ ца аьлча ца бевлира цуьнан зорбан секретараш. «Земанах цхьа вирус хьакхаелла, могуш воцуш вара иза» - аьлла, официала дIахьедар Пражски ХIрадан векалша.

Дукхах болчара хоьтту, «ца вахча ца валара те иза, шех нах кхердочул а?». Ца валара.

5 шарахь цкъа бен гойтуш яц паччахьаша таж туьллуш лелийна еза хIуманаш. Дукха хьолахь, уьш дIаловчкъийна юьтуш ю, веза Витин килсанерчу Тажан хIусамехь, ворхI догIа а тоьхна. И чоь схьаелла, и ворхI догIа карахь долу Iедалера ворхI стаг цхьанатоха веза: Чехин президент, премьер-министр, Чехин парламентан шина хIусаман ши спикер, ПрахIин мэр, ПрахIера архиепископ, везачу Витин килсан коьрта мозгIар а.

Таж туьллучу еза хIуманийн гайтам схьабеллале, Стигалкъекъа беттан 9-чу дийнахь Тажан хIусамера еза хIуманаш Пражски ХIрадера Владиславов зала чу яхьа гулбеллера уьш.

Забаре хIума олучу Чехин финансийн министро Калоусек Мирослава элира, «тажана, гIожана, Iожана а тIе ша йина йина шаьлта кхоссаза велира пан президент». Чехин маттахь «шаьлта кхосса» бохург, дог керчина, Iеттавар, бохург ду.



68 шо долу Земан Милош хIокху бIаьста Пражски ХIрадана официала чуволучу хенахь, вевзаш волчу чехийн саксофонисто Словачек Феликса элира, «оцу панаца вайна беламе шортта хIума хир ду.» Иза бакъ хиллера! - бохуш яздо интернетехь Чехин бахархоша.

Цул сов, массара а тIетуху, оцу оьрсийн векалалле ваха хьашт дара цуьнан.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG