ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан куьйгалхо харжа кIеззиг хан йиисинчу хенахь цу республикехь адамийн бакъонаш ларъярца доьзна хьал дуьйцуш дIахаийтар кечдина «Human Rights Watch» олучу дуьненаюкъарчу вовшахтохаралло.

Human Rights Watch» дуьненаюкъарчу вовшахтохаралло кечдинчу рапортан цIе ю «Минанийн майданехула воьдуш санна». Цунна бухе йиллина ю бакъонашларъярхошкара а, юристашкара а, критика йина аьлла меттигера Iедалша ницкъ бинчу нахера а эцна 43 интервью.

Цу рапортах а, цуьнан чулацамах а лаьцна дийцар дийхира оха нохчийн юкъараллан жигархочуьнга, адамийн бакъонаш ларъярхочуьнга Шоипова Маръяме.

Шоипова Маръям: - Цигахь йохуш цIераш а ю. Хилларг ду цигахь дуьйцуш. Нах бу цIерашца бийцина. И дерриг а вайна хууш ду, хиина а ду шен хеннахь. Тахана хилларг уьш дацахь а шайн бух болуш ма-дуй уьш. Дахарехь хIора денна оьшуш дерг дIадаьккхича, юьстах а ваьлла хьо хьаьжча, иштта гуш хIума дац цигахь. Делахь а, тIеIаткъам, кхерам нехан кийрара дIабаьлла бац аьлла хета суна.

Луларчу республикашкахь, хьалха санна дукха бацахь а, цхьацца операцеш еш бойъуш нах бу. Иза дац Нохчийчохь. Амма Iедал нехан дахарна юкъагIертар алсам ду. Нохчийчохь хIинццалц а оьзда баьхна нах Iовдал бац. Амма цу нахана тIехь тIех сов дола дар ду аьлла хета суна.

Нохчийчура адамийн бакъонаш ларъярца доьзна хьал вуно ледара ду бохуш дуьненаюкара адамийн бакъонаш ларйочу вовшахтохараллаш дуьйцу дуккха а хан ю. Амма Соьлж-ГIаларчу Iедалша шайна еш йолу критика дукхачу хьолахь бух боцуш ю бохуш чIагIдо.

Уьш дегабаам беш хуьлу республикехь дикачу агIор хилла хийцамаш гуш ца хуьлу цхьанне а бохуш. Гарехь, цу могIарера ду «Human Rights Watch» вовшахтохаралло арахецна хIара документ а, Шоипова Марем?

Шоипова Маръям: - Цу организацийн коьрта болх а, коьрта Iалашо а адамийн бакъонаш ларъяр а, уьш йохош хилча иза гайтар а ма-дуй. Цундела цара шайн Iалашоне хьаьжжина бо шайн болх. Амма цу агIор цигахь хуьлуш долу диканиг гайта уьш гIоьртича жамI изза хира дара аьлла хета суна.

Нохчийчура хьал ша-тайпа ду. Цхьа сахьт некъ бан бен дезаш йоцучу ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а ша-тайпа ду. Нохчийчохь "тоталан" олу тергам бан гIертар нийса дац. Цу гIуллакхо нехан кийрахь, цара иза гойтуш яцахь а, дуьхьало кхуллу.

«Минанийн майданехула воьдуш санна» цIе йолу рапорт ду 67 агIон тIехь ХIоттийна. Цуьнан чулацам беша а дац атта, хIунда аьлча, дуккха а нехан бохаман кхоллламаш бу цу тIехь буьйцурш. Цу нахана ницкъ бар доьзна ду аьлла хета дуьненаюкъара бакъонаш ларъярхошна Кадыров Рамзанан куьйгалла республикехь чIагIдарца.

Шен рапорт дерзош «Human Rights Watch» организацино кхайкхам бо Оьрсийчоьнан Iедалшка Нохчийчохь Iедалан а, ницкъаллин структурийн а белхахошка Оьрсийчоьнан низамаш а, дуьненаюкъараллана хьалха Оьрсийчура Iедалша тIелаьцна декхарш кхочуш дар а лардайтахьара аьлла.

XS
SM
MD
LG