ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Минаш дIаяхаза йуьсу Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а


Нохчийчоь -- Саппёраш бу Нохчийчоь минех цiанйеш, 2011
Нохчийчоь -- Саппёраш бу Нохчийчоь минех цiанйеш, 2011

Нохчийчохь а, ГIалгIайн махкахь а 12 эзар гектар латта ду минех а, кхечу оьккхургех цIандан дезаш, аьлла хаамийн гIирсашка дIахьедар дина Оьрсийчоьнан тIеман министраллан инженеран эскаран баьччас Ставицкий Юрийс. Нохчийчохь 10 эзар, ГIалгIайн махкахь 2 эзар гектар ю аьлла хаам бина цо.
Инарлас Ставицкийс чIагIдарехь шен куьйга кIелахь йолчу саперийн тобанаша минаш дIаяхаран болх 2012 шарахь бен болийна бац. Царал хьалха а боьдуш бара иза, амма чолхечу хьолан министраллера говзанчаша хилла иза беш.
Ала догIу, минех а, эккханза герзех а латтанаш цIандар Нохчийчохь коьртачу декъана шерачу аренашкахь дара дIахьош. Меллаша, сихо а йоцуш цIанйора эскархоша ялта ден дезаш йолу уьш. Юьйцучу 10 эзар гектарех доккха дакъа ломанца йолу меттигаш ю. Цигахь дуккха а ду лаьттахь и кхераме герз. ТIемалоша а, эскархоша а, вовшашна кIело еш хIиттина минаш а дукха ю, цхьа а карта а доцуш. ТIеман хIаваъкеманаш тIера чукхиссина, гIашлошна дуьхьал, дегIа меже йоккху минаш а тIехсов барамехь ю. ХIинца а, лелха царна тIехь, маьрша зама ю аьлла тешна, хьаннашка оьху иччархой а, хьонка баккхархой а, садаIа оьхурш а. Стохка Хьалха-Мартан кIоштахь а хиллера бохам. Хьонка баккха вахана волу жима стаг иккхинера хIоттийначу мини тIехь. Иза лечура кIелхьарваьккхинчу жимчу стага Алихана иштта дийцира цуьнах лаьцна.
Алихан: «Стохка Шалажехь Рустам цIе йолу цхьа кIант иккхинера минана тIехь. Кхаъ сахьтехь текхийра оха иза хина чухулла. ХIинца тавелла лелаш ву иза».
Нохчийчуьра юкъаралхочо Саидов Лечас дагадоуьйту Нохчийчоь, цхьана хенахь кху дуьнена тIехь уггаре а дукха минаш йолу меттиг хиларна а, цу тIехь болх шуьйра беш бац аьлла.
Саидов: «Овхан пачхьалкх а, Камбоджа а цхьанатоьхча, цигахьчул дукха ю-кх вайн цIахь йолу минаш. Кхераме йолу меттигаш наха, вовшех бовлий билгалйоху. Нах ца боьлху меттигаш гуш хуьлу. Кхин хIума дац деш».
ОвхIан пачхьалкх а лоруш ю, кху дуьненахь уггаре а дукха минаш йолу меттигех цхьаъ. Оцу пачхьалкхан дерриге а дуьнено гIодеш ду царех цIанъярна тIехь, ткъа Нохчийчу ца яхкийтира дуьненаюккъера цхьанатохараллаш, оцу балхан тIехь ондда зеделла йолу. Нохчийн юкаъаралхоша Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думе а дехар динера, уьш чуяийта Iедалшкара пурба доккхуш гIодоьхуш. Амма цунах гIуллакх ца хилира аьлла, кхин дIа а дуьйцу Саидов Лечас.
Саидов: «Дуккха а цхьанатохараллаш ю зеделла, хIара дуьне мел ду белхаш бина. Шайн методика а, аьттонаш а, гIирс а болуш, болх бийр болуш а , иза бан лууш а. Тхуна цу тIехь гIо ца дира».
Нохчийчохь минех ларлолийша аьлла дуккха а транспоранташ ю дIайиттина дукха меттигашкахь. Уьш а, лакхахь юьйцучу дуьненаюккъараллин цхьанатохараллийн чоьтех хIиттийна а ю. Ткъа, шаьш хIиттийна йолу и минаш а, эккхаза а герз, катоьхна дIа хIунда ца доху, ца кхета юккъараллехь. Маршо радиога цуьнах элира Грозный кIоштан яхархочо Сайдулаева Маликас:
Сайдулаева: «ТIом дIабаьлла Нохчийчохь дукха хан елахь а, минаш йисина ю кхузахь. Мина къиза хIума ма ю. Иза дагахь доццучу хенахь, стаг паргIат ваьллачохь оьккхуш ма ю. Уьш дIа хIунда ца йоху-м ца хаьа суна. Адаман хуьлуш долу зе ду тахана уггаре а кхераме. «Нохчийчоь тIеман лар йоцуш» аьлла кхайкхош ду вайн. Цул кхин хIун лар хила еза? ДIаяха еза уьш, катоьхна».

Нохчийчохь хьалхара тIом болабелчу 1994 шарахь дуьйна 2002 шо кхаччалц махкахь минаша вийна а, лазийна заьIап виснера 10 эзар сов стаг. Царах 4 эззар зударий а, бераш а ду.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG