ТIекхочийла долу линкаш

Соьлж-ГIалахь вайна ши кIант лоьху бакъонашларъярхоша


Нохчийчоь - бакъонашларъярхо Саратова Хеда. 30Тов2010

Нохчийчоь - бакъонашларъярхо Саратова Хеда. 30Тов2010

ГIалгΙайн махкара ши вахархо лар йоцуш вайна Нохчийчохь, юкъа ши де а дулуш. И шиъ муха, стенгахь вайна билггал хууш дац. Башхалла ю оцу шиннах цхьаъ цхьана хенахь полицехь эпсаран даржехь а волуш балхахь хилла хилар. Соьлж-ГΙала къайлахчу сервисан декъе балха хьажийнначохь вайна иза. Важа, цул хьалхо вайнарг, цуьнан гергара стаг ву.


ГIалгIайн махкарчу Сипсо-гIалара 24 шо долу Дзейтов Зураб Нохчийчохь вайна цхьа кIира сов хан ю. Амма, хIинций бен цуьнан гергарчара и гIара ца даьккхина, шай ницкъаца лехарш далур дацара теша, бохуш. Цара нохчийн бакъонашларъярхошка дийцина цунах лаьцна. Гергарчара бахарехь, иза вайна Соьлжа-гIалахь, шен балхара араваьллачохь.

Дзейтов варах лаьцна дуьххьара арз гергарчара дина Iедалх йоцчу бакъонашларъярхойн цхьанатохаралле. Цигара белхахой Сипсо-гIала бахнера, хилларг къасто. Цаьрца яра йозуш йоцу журналист Саратова Хеда а. Цо Маршо Радиога дийцира, шайна хиинчух лаьцна.

Саратова Хеда: "Тхоьга селхана цуьнан гергарчу наха телефон а тоьхна, хаийтинера иза. Цара схьадийцарехь, и кIант ванле, Бадургов фамили йолуш цуьнан цхьа доттагI а вайна. Дзейтов ялх сахьт даьлча, шен балхара араваьлча, кхин ца гина цхьанненна а.

Ишшта лар йоцуш стаг вайча, талламхоша маситта верси юьхьарлоцу. Царех дукхачу хьолехь коьртаниг хуьлу вайнарг тIемалойн боламах дIакхетта хила мега бохург. Нагахь санна цуьнан лар кхин гучу ца ялахь, иза ишта лорий, дуьту. Оцу хIуманах кхоьруш бу, вайначу Дзейтовн гергара нах, боху Саратова Хедас.

Саратова Хеда: "Ишшта стаг вайча, Iедалан белхахоша а низамхоша а олуш дерг хIун ду? Шун стаг ламчу вахана, олий, цIе кхуллу-кх. Цунах кхоьруш бу Дзейтовн гергара нах, шайна Iедалхой чулелхарна. Сипсо-ГIалахь а, Эха-Борзехь а (оьрсийн маттахь Ассиновская-станица), хи санна, дIакхуьлуш бу нах.ЧIогIа дика сурт дац цигахь дерг.

Вайнарг тIемалойн болама юккъахь гучуваьлла меттигаш ю, мел церан гергарчара уьш цIанбарх а. Масала, Тазиев Iела, милцо, вайнера цхьацца къастоза долчу хьелашкахь. Итт сов шарахь иза велла бохуш Iийнера цуьнана гергар нах, амма башха дукха хан а яц иза стенгахь хилла а, мила хилла а къаьстина. ГIалгIайн тIемалойн коьртехь Iийна волу «Магас» хилла иза. МаьлгIбек-кIоштахь къайлахчу сервисо, цхьа топ а кхосссаза, дIалаьцначул тIаьхьа кхоччуш билгалделира иза.

Ткъа, Дзейтов а, Бадургов а тIепаза вар ша цхьа тамашеначу хьелашкахь хилла. Цул совнаха, цхьана а кепехь низамхойн шекъхилллачух тера дац царех. ТIаккха а тIемалойн боламах и шиъ дIакхетта бохург бакъ ца хила тарло, бохуш туьда меттигерчу тергамхоша.

Нагахь санна и шиъ доттагI хьуьнах дIаваха Iалашо йолуш хиллехь, тIаьхьий–хьалхий, юккъахь ши де а долуьйтуш гIур вацара, цхьаьна вер вара оцу новкъа. Цхьа а шеко яц нохчийн бакъонашларъярхойн а, журналистийн а и вайна ши кIант хIокху гергарчу деношкахь стенга вахана ца къастахь, иза далур а дац хан яьлча бохучух. Иштта лар йоцууш байначу эзарнийн масалшца гуш ду иза.
XS
SM
MD
LG