ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хуур дара-кх байъинарш гIазакхий хилча...


Деношкахь Москох кхо кавказхо вер Ιаьткъина церан децΙарчу бахархошна – нохчашна а, суьйлашна а. Амма шатайпа бу оцу зуламе хьажам интернетерчу оьрсийн – цара нийса дина лору кегий нахана и къиза таΙзар.



Москох ши нохчой, дагестанхой вийна цхьана петар чохь цуьнан долахочо шен накъостаца цхьаьна. Цул тIаьхьа, оцу кхааннан декъех дакъош а дина, тIоьрмигаш чохь арадаха гIоьртина хилла. Цу метте кхаьчначу кхечу нохчаша схьалаьцна и ши стаг.

Юьхьанца хаамийн гIирсаша хьехош а дацара хилларг, амма интернетехь гIарадаьллачул тIаьхьа хаам бан дийзира цунах лаьцна. Ткъа дукха нехан, легашкахь къурдаш а сецаш, оьгIазло кхоллало оцу зуламах лаьцна луш болчу хаамех. Зуламах лаьцна, ма дарра ца дийцар халонга даьлла нахана.

Вийначу шина кIантах цхьаъ Котар-юьртара Гермиханов Хьасан ву, важа - Мержоев Хьамзат ТIехьа-МартантIера ву. ШолгIаниг Луиза цIе йолчу яхархочунна лулахь Iийна ву. Цунах а, шена Iаьткъинчух а лаьцна иштта дуьйцу цо.

Луиза: «Доьзална тIехь нана а йоцуш кхиина а, вокхахверг а вара иза. 23 шо дара цуьнан. ХIинца цIа вахьаш ву иза Москохара. Хьехош а дац иза хаамийн гIирсашкахь. Котар-Юьртара гIийла бохкучу нехан кIант а ву цIа вахьаш. Къимза вийна и кхоъ».

Къестамаш а беш, бакъдерг луьттуш, оьрсийн хаамийн гIирсаша дуьйцуш хилар терго йо нохчаша Москох динчу оцу къизачу зуламан. ТIаьххьарчу хенахь федералан телехьожийлашна карадирзина хаамаш нийсса бIостнехьа бовзийтар. Цхьана шайн билггалчу Iалашонашца деш ду хаамийн гIирсаша иза, боху Луизас.

Луиза: «Дукха хан йоццуш полисхочуьнна суьйличо дуьхьал хIума ластийна аьлла, йоккхачу Оьрсийчохь, шайн мел болу баланаш а бицбелла, иза бен дуьйцуш хIума дацара. Массо а канал тIехь, кавказхой дIаболхахь Оьрсийчоь чIогIа ехаш хир яра бохуш дуьйцу. Кхузахь диг а диттина, дакъош а дина, байинчу нахах хаам ма-барра беш а бац. ХIинца царна тIера къинош лоьху. Шайна ма лиъинехь кавказхошна дуьхьал тIом боккху цара».

Ишшта, къестамаш а беш, кавказхой а, оьрсий а боькъуш хилахь, уггаре а доккха зе хиндерг ша Оьрсийчоь ю, аьлла хета Луизина. Къаьмнашка болу цабезам баржар цигара схьадогIу боху цо.

Луиза: «Оьрсийчоь массеран а цIа ду. Тхан дайша а, дедайша а йина ю хIара. Оьрсийоь ларъеш белла дукха нах. Цхьаьна ,бертахь Iийна ду тхо, къаьмнаш а ца хоьржуш. Верриг а шен-шена доза а даьккхина, дIакъастахь, Оьрсийчоь дукха жима юьсура ю, тIехΙотта адам а доцуш».

Москох кхо стаг вийна ши зуламхо талламан изолятор чохь ву. ГIарадоккхуш дац цара далош долу бахьанаш, амма коьрта верси юьйцу, оцу кхаамма петарх ахча дΙадала хьедина хилла бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG