ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керлачу чIуран нийсархой бу Навальныйн агIончаш


Оьрсийчоь -- Навальныйн агIончаш, керлачу чIуран нийсархой бу Москох митингехь дакъалоцуш, 9Гезг2013.
Оьрсийчоь -- Навальныйн агIончаш, керлачу чIуран нийсархой бу Москох митингехь дакъалоцуш, 9Гезг2013.

Навальный Алексейс Москох мэран харжамашкахь дакъалацаро а, дагахь доцучу кепара алсам цо кхаьжнаш гулдаро а меттах яьккхина Оьрсийчура политика. Ткъа муьлуш бу цунна харжамийн кампани дIаяхьа гIо дина болу кегийра нах? ХIу дара уьш политикехь дакъалаца арабаьхнарг?

Шагал Алексей 27 долу къона возуш воцу журналист ву. Цхьана дийнахь Навальный Алексейс шен блогехь яздинарг дешча аравелира иза политикехь дакъалаца. Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думан харжамашкахь харцонаш лелорна дуьхьал хиллачу митингехь дакъалецира цо 2011-чу шарахь.

Цу хенахь дуьйна оппозицин жигара агIонча ву иза. Кху аьхка Москох мэран харжамашкахь дакъалоцуш волчу Навальный Алексейн, кхи болу а эзарнаш кегийрахой санна, шен лаамехь волу гIоьнча хилира иза.

Гезгмашин-беттан 8-чу дийнахь харжамийн каппаш дIакъевлинчул тIаьхьа Навальный Алексейс хила мегачул а дукха кхаьжнаш глудина хилар гучудаьлча, дог реза хилла вара Шагал.

Шагал Алексей: «Тхо цхьаьнакхета деза. ХIара историн маьIарг ю. Оха цхьаъ дан деза. Ца дахь юха а застой хир ю. Тоьар ю тхуна хилла йолу застой».

Шагал а, кхин болу а Навальныйна тIаьхьахIиттина болу кегийра нах кхиина Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа. Уьш хIинца мелла а алсам политикана тIегIерташ бу. Навальныйс йолийна йолу харжамийн кампани аьтто болуш хийтира царна шайна политикехь хетарг чекхдаккха.

Липман Маша Москох Карнеги центран политикан аналист ю. Цунна хетарехь Навальныйн аьтто баьлла дуккха а шерашкахь тийна лаьттина йолу могIарарчу бахархойн жигараллан онда тулгIе лаца.

Липман Маша: «Дукха къорге а ца кхийдаш аьлча, и нах сурсат ду постиндустриализацин экномикан. Цара беш болу болх кхоллараллан чулацам болуш бу. Цара шайн Iалашонаш кхочуш еш а, шайн лааме кхийдаш а беш бу иза.

Цара кхоччуш дитина даиман а хилла долу «тхоьх хIумма а дозуш дац, «оха хIун хуьйцур ду» хьо Iедалшна дуьхьал тийсавелча а бохуш, пачхьалкхана тIе болх а биллина, юьстах сецар. Уьш шайна тIе болх а биллина бехаш бу».

Путин Кремлехь хье валаро а, Оьрсийчохь жигара интернет кхиаро а, 2008-чу а, 2012-чу а шерашкахь Медведев Дмитрий президент волуш мелла а либералан къамел дийцаро а кхиийра цу тайпа юкъараллан жигархой. Амма уьш бац Iедалан даржахошна юкъахь.

2011-чу шарахь ГIуран-баттахь дуьйна дуьхьалонан акцеш юьйлаелча, Навальный хилира цу ресурсах пайда эца аьтто болу политикан фигура.

Навальныйн харжаман кампани дIахьош Шагала дакъалецира цхьацца агитацин материалаш кечъеш. Навальныйна реза ву иза.

Шагал Алексей: «Харжамийн кампани дIайоьдуш вай хьехо турпалхо, Навальный Алексей кхиира. Цкъа хьалха гуш дара иза шен хатI лохуш хилар. Цундела цхьацца долу хIуманаш дIоггара бIобулуш дацара цуьнан. Амма харжамийн кампани дIайоьрзуш муьлхха а хаттарна жоп далалуш вара иза.

Гуш дара цо ша дахчийна хилар а, цуьнах керлачу тIегIантIера политик хилла хилар а. Ткъа хIинца, суна хетарехь, иза федералан маьIна долу политик ву ала мегар ду».

Официалан болчу хаамашца, мэран даржехь волчу Собянин Сергйн, 51, 3 процент кхаьжнаш а гулдина, аьтто баьлла харжамийн шолгIачу муьрах хьалхавала. ШолагIчу меттехь ву 27,24 процент кхаьжаш гулдина волу оппозцин лидер Навальный Алексей.

Амма Навальный реза вац харжамийн жамIашна. Цуьнца доьзна цо д1ахьочу акцекахь дакъалоцуш бу Шагал Алексей а, и санна болу а кегийрахой, Навальныйн агIончаш.
XS
SM
MD
LG