ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашка Хьайбах а йицъе боху Оьрсийчоьно... барт ца талхийта


Гаев Саламат - «Хьайбах: таллам дIабоьдуш бу» жайнин авторх цхьаъ, 18Чил2012
Гаев Саламат - «Хьайбах: таллам дIабоьдуш бу» жайнин авторх цхьаъ, 18Чил2012

«Хьайбах: таллам дIабоьдуш бу,» цIе йолу жайнин керла верси зорбане яьккхина хIокху мукъа деношкахь. Керла тоьшалша а, документаш а, сьурташ а ду оцу бохамах лаьцна. Цу тIехь совца дагахь а бац автораш.Нохчийн матте а доккхуш, терахь алсам даккха дагахь бу уьш.

Хьайбахахь хиллачу бохамах, цхьаъ бен доцу жайна, керла тIетохар а долуш, юха зорбане даьккхина.

Йоккха презентаци йинера, хIокху дIадаьллачу мукъа дийнахь «Хьайбах: таллам дIабоьдуш бу» цIе йолчу жайнин. Керла арадалар дийцаре деш, цигахь билгалдаьккхира, Хьайбахахь хилларг, юккъараллехь дицдеш ду аьлла. Дуьненна-м иза, ишшта а хууш дац.

Жайнан, керла зорба даьллачу арахецаран хIинца кхо автор ву: Гаев Саламат, Хадисов Муса, Чагаева Тамара а. Гаев Саламата дийцира Маршо радиога, шаьш оцу жайнан керла тIетоьхнарг хIун ду.

Гаев Саламат: «Оха цу тIе хIун тоьхна аьлча, 1994 шарахь дуьйна, 2005 шо тIекхаччалца хаамийн гIирсашкахь, оцу жайнехь лаьцна яьздинарг а ду. И жайна дешна, Киевехь, Ленинградехь, Саратовехь, Магаданехь а. 17-18 академикаша а, кхечу наха а ешна иза. Цара къобал а дина яздинарг. Шаьш хьалха ца тешара, хIинца хилларг хаьа шайна боху цара. Цу тIехь, Сталина а, Берийс а , Кобуловс а, Серовс а динчу къамелийн тексташ а ю. Ша дерг документаш ду».

Жайнан презентаци чекхйолуш, резолюци а тIеэцнера гулбеллачара, Хьайбахехь хиллачу бохаман, дагалацаран хIоллам хIотто беза аьлла. Иза мехалла ду аьлла хета, иза дешначу Хасимиков Сулбанна. Ала догIу, иза, кхиберш, масех бутт хьалха, оцу Хьабахах хиллачу бохамах лаьцна яьккхинчу кинойн авторах цхьаъ.

Хасимиков Сулбан: «Цу тIехь карладаьккхина ду ша дерг. Керла тоьшаллаш а ду. Суьрташ а ду дика. Оцу резолюцехь тIельацнарг суна мехала хета, и мемориал кхолла аьлла хилар а.»

Хьайбахахь, маьрша нах байарх лаьцна жайна оьрсийн маттахь бен дац. Иза нохчийн матте даккхахьара аьлла дехар дина Урданехь бехачу нохчаша. Иза нохчийн матте а доьккхуш, цуьнан терахь лакха а доккхуш хIума дан дагахь ду шаьш боху Гаев Саламата.

Гаев Саламат: «Оьрсийчн маттахь шайна дика еша ца хаьа, и жайна нохчийн матте даккхахьара аьлла дехар кхаьчна тхоьга Урдунехь бехачу нохчашкара. Цул совнаха, журналисташа а дехар дина, оцу жайнийн терахь а лакхадаккха аьлла. Хьалхарчу классашкахь дуьйна вайна Хатынь юьйцуш ю, амма, Хьайбах хьахош а яц. И жайна 5 эзар арахецна ца Iаш, 10-15-25 эзар а йина, хIора дешархочунна хьалхахь хила деза, аьлла хета суна».

Маршо радио: Саламат, Сталинан Iедало, нахана тIехь бина болу Iаткъам шуьйра буьйцуш бу. Амма, Хьайбахахь хилларг Нохчийчура арадолуш дац. И гIуллакх довзийта меттигерчу Iедалша хIума дан дезара аьлла-м ца хета хьуна?

Саламат Гаев: «Иза дан гIерташ вай агIора а хIоьттина болх беш ду. Къайлахь мIара а юхкуш хIума деш ду. Цара боху, и хIума дицдан деза вай. Оьрсийочоьнна новкъа ду боху иза. И хIума лелийнарш, беллехь а хIума дац, уьш жоьпе уозо безара. Лаарх пайда бац, и гIуллакх дIадохуьйтург ца хилча. Вай дийца а дийцина, ала а аьлла, Iилманан конференци йолуш а аьлла ду иза».

Ткъа, Хасимиков Сулбанна, Хьайбахахь болу бохам, шуьйра гIарабаьлла ца хилар, беккъа нохчийн бехк хета. Хилларг довзийта гIерташ, къа ца хьоьгу, элира цо.

Хасимиков Сулбан: «Суна цхьа а бахьана ца го цунна. Ледарло ю олийла дац, мало ю - бахьана. Iедало Нохчийчура и хIума ара ма далийта аьлла хIума а дац. Кхин доьхьалонаш ю аьлла ца хета суна оцу юккъахь».

Сталинан заманахь, дохийна 12-13 къам ду. массера а аьлча санна, оцу бохамах лаьцна кечдина иттанаш томашца тоьшаллаш а, таьптарш ду. Оьрсийчохь оцу гIуллакхан новкъарло а ца йо.Амма, нохчийн оцу ломан оьвлахь 800 ца кхоччуш стаг вийна, цIарах вагийна хилар, хIинца а дийца маьрша долчух тера дац.
XS
SM
MD
LG