ТIекхочийла долу линкаш

Москох хуьлучунна саготта ю Iамеркан пачхьалкхан департамент


Оьрсийчоь -- Москох "Миллионийн марш", 06Стигл2012

Оьрсийчоь -- Москох "Миллионийн марш", 06Стигл2012

Москох урамашкахь адамашна тIехь ницкъ беш хиларна саготта ю Iамеркан Пачхьалкхан Департамент. ХIора а стеган шена хетарг ала а, хаийта а бакъо хилар дагадоуьйту Вашингтоно. Цу хеннахь, саццаза дIайоьлхуш ю Москох, оппозицин куьйгалхоша «халкъан сакъерар» аьлла, цIе тиллина йолу дуьхьалонан акциш.


Москох урамашкахь адамашна тIехь ницкъ беш хиларна саготта ю Iамеркан Пачхьалкхан Департамент. Цуьнах лаьцна Вашингтонехь хиллачу зорбанан конференцехь дIахьедар дина Цхьанатоьхначу Штатийн арахьарчу гIуллакхашкахула йолчу урхаллан векло Тонер Марка.

Шаьш саготта ду кху тIаьхьарчу масийтта дийнахь Москох дуьхьалонан акциш дIахьуш болу нах дIалийцарна элира цо. Iамерки Iедалшна хетарехь, полицино маьрша демонстранташна тIехь ницкъ бар дукха синтем бойуш долу хIума ду.Тонер Марка хьахийра цу хьокъехь Iамеркан пачхьалкхан секретаро Клинтон ХIилларис дина долу дIахьедар а.

Цо дийцарехь, Клинтона аьлла, Оьрсийчоьнан Iедалша бакъо яла еза шайн махкахошна маьршша шайна хетарг довзийта, аьлла. Цу хеннахь, Клинтон ХIилларис ша саготта ю бах, цхьаболчу демонстранташна юкъахь болчу наха ницкъаллин структурийн белхахошна дуьхьала ницкъ баккхарна.

И бахьана долуш, шина а агIоне кхайкхам бина Iамеркахоша вовшашца къинхетаме а, сатухуш а хиларе кхойкхуш.

Вашинтгтонехь хиллачу зорбанан конференцехь журналисташа хаьттира пачхьалкхан департаментан зорбанан секретаре, Москох хуьлчо тIеIаткъам бийра бу, аьлла-м, ца хета шуна Путин Владимир кхоазлагIа а президент дIа а хIоьттина урхалла дан волаваларна, аьлла.

Шена иштта ца хета бохуш вара Тонер Марк. Цо дийцарехь, кху тIаьхьарчу кхаа шарахь баккхийн кхиамаш хилла Оьрсийчоьнан а, Iамеркан а юкъаметтигашкахь.

Путин Владимир дукха хан ялале кху дуьнентIера уггара таро йолчу 8 пачхьалкхан Чикагохь хир йолчу саммите ваха дезаш ву.

Цигахь цхьаьнакхетар ву Iамерки президент Оьрсийчоьнан лидерца. Иза дика ду, амма шаьш даиман а адамийн бакъонаш ларярца доьзна долу хаттарш хьалауьйур ду оьшучу хенахь даиман а, элира Iамеркан пачхьалкхан департаментан векло Тонер Марка. Ткъа и тайпа хьал хIоьттина Москох тахана, аьлла а хета цунна.

Кхузахь дагадаийта деза. Даханчу КIирандийнахь Москох оппозицино дIаяьхьира «Миллионийн марш» олуш йолу дуьхьалонаy акци. Иза дIайоьдуш даккхийн тасадаларш хилира цу акцин декъашхошна а, полицин ницкъашна а юкъахь. Полицино дIалецира масийтта бIаь стаг.

Дуьхьалонан акциш дIайолхуш ю Москох тахана а. Оппозицин лидерех цхьаъ волчу Навальный Алексейс цIе тоьхна царна «халкъан сакъерарш», аьлла. И "сакъерарш" дIадоьлхуш ду Москох, царна юкъара нах дIалуьйцуш лелаш ю полици а йолуш.
XS
SM
MD
LG