ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адвокат Мусаев Мурад бехках хьалхаваьккхина


Вевзаш волчу Москохарчу нохчийн адвокатна Мусаев Мурадна дуьхьал гIаттийна хилла бехктакхаман гIуллакх дIакъевлина Москох. Лурчаха Буданов Юрий вер толлучу кхелан тешаш ахчанца шегахьа баха воьлла иза, аьлла, гIаттийнера талламан гIуллакх Преображенски кIоштан прокуратурано.

Кхело бахарехь, Мурадов жоьпе озо низамо луш йолу хан чекхъяларна сацийна таллам. Амма изза бехк тIебаьхначу шина кхелкъасторхочо жоп дала дезар ду, аьлла кхелан пресс-секретара Савельева Александрас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG