ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена тIе куьг даьхьна я цхьамма вийна нохчо Москох?


Оьрсийчоь -- Кремл, Москва сити а
Оьрсийчоь -- Кремл, Москва сити а

25 шо долу Москохара адвоката Алаев Ильяса, ше шена хорам а бина велла аьлла хаам баьржича, иза Дагестанера схьавалар долуш ву аьлла дуьйцуш дара. ХIетте а, и къона стаг валаран гонахь тамашийна хIуманаш дукха дара. Масала, иза, цIаьххьана, цхьа а схьагуш бахьанаш а доцуш, ирахъоллавелла, шен гайх урс а тоьхна, бохуш дара.

И хIума хилла масех де даьлча, къаьстина Алаев Ильяс, Хасав-юьртара нохчий хиллийла. Иштта, керланиш а гIарадаьхна Москохара журналисташа, схьагарехь талламхошкара схьадогIу. Дийцарехь, и жима стаг покер олу кехатах ловзуш миллион сом декхар вахана хилла. Иза дIатакхалур доцийла шена хиъча, ша шена тIе куьг даьхьна цо, боху официала хаамо. Иштта, тамашийна дерг ду, хIинцалц гучубаьлла кхин цхьа хаам а. Ша валале, ша шена гайх урс а тоьхна, иза телефон тIеяьккхина хилла цо боху.

Шайн агIора, Алаев Ильясан гергарчара, лакхахь дуьйцуш дерг цхьа а хIума бакъ ца до: декхар а, цо ша вер а. Цуьнан тезетехь хилла нохччийн адвокат Садаханов Заурбек. Цо Маршо радиога дийцира оцу гIуллакхах лаьцна.

Садаханов: «Цуьнан цIерачара аьттехь бакъ ца до иза ша ирахъоллавелла хилар. Мархийн бутт чекхбаьлча зуда яло Iалашо а хилла. Той дIахьон долчу ресторанах ахча дIаделла а хилла цара. Декхаран тIехула иза велла бохург а бакъ ца до гергарчара. Тхо тезета дахча, дика таро йолуш нах а бу уьш. Шаьш иза хилча а, дIатакха хала дацара боху».

Алаев Ильяс, машенийн гаражехь ирахъоьллина велла карийча, шолгIа дийнахь дуьйна официала хаамашкахь дуьйцуш дара, иза цо ша шен хорам бина хилла аьлла. Амма цуьнан дегIаца ницкъ бина, схьагарехь текхина ларш карийна гергарчарна. Тамашийна хета адвокатан Садаханов Заурбекан, сел сиха цара оцу гIуллакхах дерг, гIарадаккхар. Официала талламо бечу балхахь теша а ца тешаш, Москохахь веллачунна гергарчарна шай таллам а болийна, элира цо.

Садаханов: «Иза ша ирахъоллавелла аьлла дIакхайкхо ондда бух хила беза цунна. И хIума цара дарах, со чIогIа цецваьлла. Алаев Иляьсана ваш Москоха вахана ву. Иштта кхиболу нах а бу иза толлуш».

Оьрсийчохь адвокатан болх, пачхьалкхехь долчу хьал бахьанехь дукхачу декъан хала хуьлу. Массо а агIора Iаткъам лов шаьш, цундела, Алаев Ильяс валаран бахьан кхоччуш талла деза аьлла, кхин дIа а дийцира адвоката Садаханов Заурбека.

Садаханов: «Алаев Ильяс валар билггал муха хилла суна ала ца хаа, амма Оьрсийчохь адвокатан болх бан чIогIа хала ду кхузахь. Массо а агIора реза боцуш бу. Цхьанна бакъо ахь ларъеш хилча, кхечунна некъ хадош нислуш а хуьлу. Вуьшта нах а хуьлу реза боцуш. Адвокаташ бойуш а хуьлу. ЧIогIа кхерамазалла йоцуш бу-кх адвокаташ Оьрсийчохь».

Алаев Ильяс Москохарчу адвокатийн чоьнан декъашхо хилла. ТIаьххьара болх беш меттиг «Ника» цIе йолу йоккхачу адвокатийн фирмехь. МогIарера гIуллакхаш луьстуш болх беш хилла иза цигахь, амма, цуьнан белхан накъосташа бахарехь, хала а, чолхе а гIуллакхаш лело говзалла йолуш вара. Иза валаран хьокъехь таллам, шен тидамехь латтор бу Нохчийчуьра куьйгалхочунна адамийн бакъонашкахула кхеташоно.

XS
SM
MD
LG