ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох нохчийн адвокат вер толлуш накъоcталла дийр ду Мусаев Мурада


Оьрсийчоь -- Адвокат Мусаев Мурад, 08ГIад2009.
Оьрсийчоь -- Адвокат Мусаев Мурад, 08ГIад2009.

Нохчийн адвокат Алаев Ильяс Москохахь веран гIуллакх официала теллина а ца Iаш, цунна шай агIора таллам дIахьош бу цуьнан гергар нах а, царна гIонна араваьлла адвокат Мусаев Мурад а.

Оцу тамашийна гIуллакхах, шайна керла гучудевлачу тоьшаллех Маршо радионна корреспонденте Султанов Ахьмаде дийцина вийначунна вашас Алаев Арсена а, адвоката Мусаев Мурада а.


Москохара нохчийн къона адвокат Алаев Ильяс, гай тIехь урс тоьхна чов а йолуш, муш тIехькхозуш велла карийча, талламхошкара схьагарехь журналисташка кхаьчнера, иза ша ирхъоллавелла аьлла. Иза, цхьана хаамийн агенталло, кхечунга а луш, дестийна дIасадаьржинера.

Цара дийцарехь, кхана-лама зуда яло дагахь а волуш, той дIадахь ресторанехь ахча дIа а делла, ша сзьавалар таро йолчу доьзалера а волу, къона жима стаг декхар хилла аьлла ша шена хIорам бина велла. Цхьаболчара, нохчочо харакири йина, я нохчийн самурай, бохуш артикалшна коьрте и цIераш а йихкинера.


И гIуллакх тесина дитича, официала талламхоша цуьнах нийсонца цхьа а йист йоккхура йоцийла кхеттачу АлаевгIара, шайн таллам болийна. Царна оцу хIуманна тIехь хьалха ваьлла нохчийн вевзаш волу адвокат Мусаев Мурад.

Цуо Маршо Радиога дийцира оцу гIуллакхах лаьцна.
Мусаев: «И гIуллакх, цуо ша шена дина бохучунна маьIан ду, дуьххьара цига нах тIекхаьчча, иштта сурт хIоттина хилла. Цундела цига талламхой кхаьчча, царна иза моьттина хира ду. Уггаре а атта дерг ду, цуьнан машен теллича: цуьнца мила хилла, чу мила хиъна. Ткъа, и машена оццу дийнахь цуьнан гергарчарга дIаелла. Иза тамашийна хIума ду, кху Мсокохара хьоле хьаьжча. Цундела, тхуна иза вийна хилла аьлла хета».


Официала талламхоша, дуьххьара дийнахь дуьйна, Алаев Ильяс ша шен лаамца велла хира ву, бохуш, цьунан вешига Алаев Арсене а дийцина. Ша иза аьттехь а тIедуьтуш хIума дац аьлча а, хIан-хIа, иштта хилла хира ду иза, бохуш, шай оцу ойлане вало гIерташ къахьийгира цара, элира цуо Маршо Радиога.


Алаев Арсен: «Со дуьххьара кхечира цига тIе. Полисхоша, соьга юх-юха а дуьйцура иза ша шен велла бохуш. Ас, ма дийца соьга иза, сан ваша ца хилча а, бусулба стага ииза дийра дац, бохура ас цаьрга. ХIинца официала талламхой, хIара ду аьлла хIума деш бац. Кху шина-кхаа дийнахь, шаьш машен талла, бохура бу бохуш хаам бина тхоьга. ХIинца, ша шен иза велла бохург дуьйцуш а дац цара».


Дуьххьара и таллам буолийча, адвокатан Мусаев Мурадан,дукха сиха къаьстина, Ильяс вийна хиллийла. АлаевгIеран доьзалехь-м, иза ша шена хIорам а бина велла бохург аьттехь а тIедуьтуш дацара. Иза вийна хиларна тоьшаллаш а даладира адвоката Мусаев Мурада. Иштта дIадоьдахь, и зулам динарг, дукха хан а ца йолуш, гучубевра бу, аьлла дийцира цуо.


Мусаев: «Ша дерриг вовшахтоьхна, цунна жамI а дина хIума, гергарчу нахаца иза гIара ца даккха аьлла барт хилла тхан. ХхIинца, ирхъоллавелла стаг, цхьана хIуман тIера оллавала ца веза? Я цхьанхьара чукхоссавала ца веза, муш кочахь а болуш? Иштта хIума дац цигахь. Тхуна, цул совнах гучудаьлла, иза валле, цхьана туьканахь цIий а вуьззина гина.

Иштта, цуо шен накъосташка, ша лечу дийнахь, вотсапехула хаам бина хилла, ша сийсара «отделехь» буьйса яьккхина аьлла. Ткъа, иза бохург ду, цхьа Iедалан меттиг. Шина-кхаа дийнахь, тхо сатессина ду-кх цуьнах хIума къаьстара ду аьлла».


Алаев Ильясан гIуллакх, схьагарехь гергарчу заманахь теллина дала мега. Иза оьшуш ду официала талламхошна а, цуьнан гергарчарна а. Ткъа, цхьатерра хира дуй, цара а, вукхара а оцу зуламах луьстуш дерг-хаа мега тIедогIучу кIирнахь.

XS
SM
MD
LG