ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь - Iазап



Маршо Радион хьосташа бечу хаамца, кху деношкахь Нохчийчуьрчу
Кадыров Рамзанан Iедало болх а беш долу кхо маьждиг дIакъевлина Шелан кIоштарчу Гермачигахь. Иштта – Соьлж-ГIаларчу Суьйр-Коьртехь а, Гикалон-Юьртахь а.

Еарий дийнахь телевизионехула дIакхайкхийна Кадыров Рамзана, "харц-дин" хьоьхурш ца совцахь, ша церан гергарнаш а махках бохур бу, аьлла.

Маьждигаш къовлар а дозу Кадыровна цигахь салафийян ойланаш яржайо аьлла хетарца.

Кху муьрехь жигара даьхна махкахь къона Iеламчаш лецар, церан доьзалшна полици чулелхар, цIийнах хьийсар. Ваша Мисарахь доьшуш волчу Гермачигарчу цхьана вахархочунна йиттина баьхкинчу полисхоша еарий буса, хаам бо хьостанаша.

Иштта кхерамашлахь кхобу Нохчийчуьрчу Iедало, хаамаш а кхоьхьуьйтуш, дозанал арахьа исламан институташкахь доьшуш болу кегийрхой а. Уьш а, церан гергарнаша а Iалашбархьама Маршо Радион дац уьш цIершца буьйцийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG